Таханлерачу дийнахь Соьлжа-гIалахь хилла конференци цхьаъ бен яц нохчий бохийна 70 шо кхачарна лерина. Iедалша иза еш йоцун дела, цигахь, меттигера телехьожийлаш а, радио а, газеташ а дацара.
Амма оцо и форум мелла а язйора, шен мехаца, хIунда аьлча гуш дара Iедалша хестор а доцуш, дохор а, цуьнан тIаьхьалонаш а йийца гулбелла буйла нах. 50-х декъахо вара конференцехь дакъа лоцуш.
Гулбелла дукхачеран шеко яцара, тахана цхьана дийнахь хиллачу цхьанакхетарехь, хIинца а оцу дIадохоран тIаьхьалонан йисарехь бехачу нехан хьал а, уггаре а коьрта-ойланашца а цIанлура йоцийла.
КоьртаIалашо яра, нохчаша, шайна тIехь динарг дицдина доцийла а, мацца а, хилларг хIун дара, хIун бахьанаш дара, къасто лууш буйла дIахаийтар. Шай-шай рагIехь, къамел дора, историкаша а, политологаша а, могIарерачу жигархоша а. Бохург цхьаъ дара: хIунIалашонаш хилла, махкара къам дохора.
Историк волчу Гакаев Хьамзата, вистхуьлуш билгалдаьккхира, нохчий ямарт хилла бохург, иза бакъ ца хилар. Терахьаш а далийра цуо, кехата тIера а ца доьшуш. Дош делира тIеман ветеран волчу Абдулшагизов Юнусе. Шена муха хиира элира цуо, цIера нах дIабохийнийла.
Абдулшагизов Юнус: «Ленинградехь а , Москохахь а, уьш мокъа йоккхуш а , уьш ларъеш а, чов а хилла госпиталехьIиллина, цигара тIеман доьшийле вахийтира со. ХIета цигахь волуш 1-2-3 бутт белира, соьга цIера кехат ца догIуш. 1944 шо дара иза. Партийн белхаца, баьччийн гIовс вара.
Цунна тIе а вахана элира ас, хIара хIун ду теша, соьга кехат кхочуш а дац, уллехь Мазлакъехь немцой а бу цигахь, аьлла. Нохчийчоь дIальацна ю теша, аьлла. Деша а дог догIуш вац со, цу бахьанца аьлла тIевахнера со цунна. Кхиъ 2-3 бутт белира.
ХIума а кхаьллина, тхо могIаре дIахиттинчу хенахь, почтальоно кехат деолира соьга. Цу тIехь, адрес дара гIиргIазчоь, Ош кIошт аьлла. Дешца, яздина дара, цIера даьхна аьлла. Тхан вашас яздинера соьга иза».
Оцу къамелан лаккхара мах хадийра конференции дIахьочу Кутаев Руслана.
Кутаев Руслан: «Чулацаме кхамел ди ахь. Хьан дахаран ок кийсако гайтинраг ду, хIокху Iедалан хьо тешаме а волуш, хьо араваьллашехь, цуо хIуна тешнабехк бинийла. Хьуна таьхьлаьтташ нохчийн къам а ду, балкхархой бу, кхарачой бу, гIирмера гIезлой бу. ХIокху булсулба нахана лаьттина тешнабекх буи за, хIинца а чекхбаланза а бу».
Конференцехь кхиъ дехха а къамелаш дира, хилларг а, тахана дерг а дуьйцуш. Гуламан жамIан резолюцийн гонахь а мелла а къийсамаш боьвлира. Юрист волчу Алиев Дадаша, шена хетарехь, цу юккъе бахийта беза элира, Оьрсийчоьнан президенте болу кхайкхам а.
Даиманна хуьлуш дерг дуьстича, Оьрсийчоьнан куьйгаллера дош даккха деза бохура цуо, нохчийн къоман тIехь, кхин цкъа а ницкъ латтора бац аьлла. Амма, цунна уллехь хиинаIачу Бугаев Iабдулас, тидам бира, цу тайпа хIума вай яздича, вайх уьш боьлура бу аьлла.
Ткъа, боккъула а дийцича, вай бакъонаш ларъеш Конституци ю, аьлла дицделчарна дагдаийтира цуо. Шега кхаьчначу дашехь, Дудаев Мусас, дIахьедар дира, шен бакъонаш маца ларйина и Конституцино аьлла. Алиев Дадаша, юха а дош а дехна, ша Путинига болу кхайкхам хIоттича дика ду бохуш вара.
Амма, хIинца, ша доьхуш дац, ша кхойкхуш ду. Шен цунна хьалхахь цIевала хIума дац, иза цIевала веза, аьлла тидам бира цуо. ТIаххьара а и артикал кхиъ талла а теллина, лерринчу кхайкхамца дIасъяржо сацам бира форумехь. Ткъа, резолюцехь 12 артикал ю.
Царна юккъахь, коьртаниш санна билгалъяха мегар ю: нохчийн дIабохош зуламаш динчарна хьокъехь талламаш бар а, къоман реабилитаци яран низам тIеэцар а, Соьлжа-гIалахь, дIабохийначарна сийна лерина хIоллам хIоттор а, иштта, оьрсийн а, нохчийн даимма хуьлучу доьвнийн коьрта бахьанаш лахар а.