ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наташа, хьо тхуна йицлур яц


Эстемирова Наташа, 2007.
Эстемирова Наташа, 2007.

Товбеца-беттан 15-чу дийнахь диъ шо кхаьчуш ду евзаш йолу бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья йийна. Зуламхоша Соьлж-гIалин юккъехь тIелатар а дина, йийна охьатеснера иза ГIалгIайчохь. И нах хIинца а каронза бу.

Эстемирова ер толлуш дац Iедалш бохуш, латIкъамаш бо цуьнан накъосташа. Амма иза йиц ца елла цуьнан накъотсашна.

Царах ву иза йелий цхьа де хьалха Iуьранна Наташица дIасакъаьстина волу бакъонашларъярхо Гисаев Ахьмад. Эстемирова Наталья дог майра а, вуно оьзда а, къонах стаг а яра, иза йицлур яц шайна бохуш дуьйцу цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG