ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хир ду даздар тхан урамехь а...


ТIедогIучу Шоьтан дийнахь хир долчу даздаршна кечамаш бу дIабоьлхуш Нохчийчохь. Цу гIуллакхана юкъаозийна бу дуккха а нах. Даздаршна кечдаларан кеп дIоггара кхин хийцаелла яц.

Хьал ца хуучунна бакълена а адам шен лаамехь дIагулло а мотталуш,муьлххачу а гуламе, мелла а мехалчу даздаршка,теттина, чот йоцуш дукха, бахархой дIагулбо Нохчийчохь. Дагулбо церан лааме хьаьжжа а доцуш. Ма-дарра аьлчи цу шаьш юкъадаьккхинчу бертазчу ламастех шуьйра пайдаоьцу Iедалехь болчара. Цунна тоьшаллаш леха оьшуш дан а дац.

Кху деношкахь эзарнашкахь адам-хьовсархой дIаоза безаш бу Соьлжа-гIала. Цунна бахьна ду гIалин де а,кегийрхой а,хьехархой де а,мехкан куьйгалхо вина де 5-чу дийнахь даздеш хилар. Бахархоша дийцарца царех «мехалниг» муьлха ду бохуш корта кегго оьшуш хIума а дац.

Иттаннашкахь керла гIишлош схьа а йоьллуш,стигал кхалош шатлакхаш а кхуьссуш,цу бIаьрлачу хиламийн тешаш хилийта эзарнаш нах дIа а гулбина, уггар хьалха даздеш дерг Кадыров вина де ду боху могIарерчу нохчаша.

Даима а санна цу даздарийн жигара декъашхой хила декхарийла бина Iедалан белхалой а, лоьраш а, хьехархой а, балхах мукъа болу низамхой .Хийлаза а декхарийла бина ма хиллара, цу дикачу, юьхькIамечу балхах хьалха буьтуш бац Соьлжа-гIалахь доьшуш болу кегийрхой-студенташ.

«Сан девешин кIантана зуда ялош ю тIедогIучу 5-чу дийнахь, ткъа соьга а, сан нийсархошка а, байракхаш кара а лаций урамехула дуьйлало боху, дог делахь а дацахь а самукъане маьхьарий а детташ. Лечкъийна хIума а дац. Шайн деша безам белахь, шаьш вонна дуьйцийла ца лаахь, схьа а дуьйлий ши-кхо сахьт дайа боху.

Шина-кхаа сохьтехь гIуллакх хир доций тхуна ма хаьа. Кадыров мел хьеваларх иза схьакхаччалц кхобур ма ду тхо цигахь марионеткаш санна. Тхо маццалц хьийзор ду-м ца хаьа…» Ишта дуьйцу шайна деттачу дозанех, туьйсучу кхерамех мехкадаьттан институтан 3-чу курсан цхьана студенто.

Шайн лааме хьаьжжа а доцуш шайна хьалха хIитточу декхарех,аьлчи а Соьлжа гIала адам дIаозар шайна тIедилларх дуьйцуш бу юккъерчу тIегIа хьаькамаш. Церан, уьш мичара бу а дуьйцуш, цIерш сан йохийла дац.

Махкарчу кегийрхоша а, Iедалан балхахь болчара а къаро а еш, цхьа маьIне низам санна чIагIделла хIума ду кхузахь, лакхара охьа «Же! Же ма Iелаш!» оллушехь, Iедало луш горга шай а доцуш, мел гена хиларх адам Соьлжа-гIала дIаозар. Кест-кеста цу кепара дагахь а доцу харж ечу хьаькамашна и ахча мичара дала деза, муха мета хIотто деза боху хаттар диллина дуьсуш ду.

Официалан кхайкхийна ма хиллара Соьлжа-гIалин куьйгалхоша еккъе цхьана гIалин де даздарна къастийнарг ду 38 миллион сом ахча. Мел харж ян езар ю важа денош билгалдаха? Цу хаттарна жоп цкъа а цкъа хир ду ала а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG