ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенгара дер ду моллина алапа?


Стенгара дер ду моллина алапа?
Стенгара дер ду моллина алапа?

Хьалха а дийцина ма-хиллара, урхаллехь болчара а, муфтиято а бина сацам кхочуш беш, Соьлжа-гIалахь а, Москохахь 50 эзар гергга киншка зорба а тоьхна, нохчийн ишколашкахь юкъаялош ю «Исламан баххаш», «Исламан истори» Iамош йолу керла предметаш.

Цу Iалашонна, муфтиято куьйгалла а деш, сихонца кечбина билгалбаьхна хьехархой а. Дешаран шо доладеллачул тIаьхьа, ишколан белхан раж-дIахIоттам а хуьйцуш, царна сахьташ къасторал а сов директоршна халонга даьлла кхин хIума ду: муфтиято бохкуьйтуш болчу хьехархошна-молланашна алапаш хIиттор. Стенна даьлла и халонга?

И керла Iилма Iамо, бераш иманехь, нийсо-бакъонехь совдаха, дешаран а, Iилманан министараллин пурбанца бохкуьйтуш болу хьехархойн ишколан директорийн гIоьнчанаш хир болуш а бу, къемата уьш берашца болх бина бацахь а, педагогика царна хIун ю ца хаахь а.

Билгалдаккхархьама аьлча Нохчийчохь керла дац Оьрсийчоьнан низам талхадарра-м стенна дуьйцу цхьана гIиллакхца а,адамаллица а, цхьана а мел акхачу юкъаралло шайна магийта тарлуш доцу хIумнаш, иштта хила догIуш санна, дахаре дерзор.

Масех шо ду Нохчийчохь, масала, юьрта молланаш, имамаш ишколашкахь а, цхьацца Оьздангаллин цIийнашкахь, клубашкахь дIаязбина а болуш алапаш оьшуш болу. Масала 11-12 эзар сом алапа хьаладузуьйтуш молла цхьана ишколехь дIаязвина хехо санна, вукханхьа балетмейстер санна,кхечанхьа нуй-горгам деш верг санна.

Дашна ала,цаьрга цу кепара «хьанала» алапаш схьаэцийта, изза белхахой: хехо верг а, пеш ягош верг а, кхин верг а бакълена а балхара дIабаьхна. Кхузара, ишколехь, шен метта а, дIаяьккхинчуьнан метта а «дала беркат ма дойла цунна цунах», «ткъа къих хьалха ма волийла и хьарам алапа оьцуш верг» бохуш горгам шершош хенара зуда гар хийра дац Нохчийчохь.

Схьагучу суьртехь, шайн аьллар чекхдаьлчахьана муфтиятана а, Iедалехь болчарна а маьIне хетачух тера дац ишколан директорша и алапаш мичара муха хIиттош ду бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG