ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьмад-Пайхамар вина де шуьйра даздина Нохчийчохь


Нохчийчоь - Мохьмад-Пайхамар вина де шуьйра даздина Нохчийчохь. Бусулба наха еза лоруш йолу Пайхамаран а, цуьнан доьзалша лелийна йолу а хIуманаш яра Соьлж-ГIаларчу коьрта маьждигехь, 23Деч2013
Нохчийчоь - Мохьмад-Пайхамар вина де шуьйра даздина Нохчийчохь. Бусулба наха еза лоруш йолу Пайхамаран а, цуьнан доьзалша лелийна йолу а хIуманаш яра Соьлж-ГIаларчу коьрта маьждигехь, 23Деч2013

Мохьмад-Пайхамар вина де даздеш яра Нохчийчоь. Цу даздарна хьажийна цхьамогIа Пайхамарца а, цуьнан асхьабашца а, гергарчу нахаца а йоьзна бусулба наха сийлахь лоруш йолу хIуманаш еанера республике.

Ерриг а еанчу 13 реликвина юкъахь яра Iела-асхьабан пес а, Хьасанан а, ХIусайнан а месаш а, иштта дIа кхин а. ДелкъалтIаьхьа царах цхьаерш дIаяьхьира республикера уьш эцна веанчу уьш латторхочо шейха Ал-Хазраджи Бин Мухьаммад Ахьмада.

Мохьмад-Пайхамар винчу дийнахь Нохчийчохь коьрта даздарш дIадаьхьира Соьлж-ГIалахь долчу коьртачу маьждигехь. Иза, хууш ма хиллара, цIе лелош ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Сатасале цу маьждиганна гонах гулбеллера эзарнаш республикера бахархой.

Iуьйра-ламаз дале Соьлжа-ГIалахь стигал цIераш кхиссира, Пайхамар вина де даздарна хьжаийна йолу. Республикехь и даздарш хир ду аьлла хезна баьхкина дукккха а хьеший бара луларчу республикашкара а, пачхьалкхашкара а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбан сервисо баржийначу хаамехь дуьйцуш ду, динца йоьзначу акцишкахь дакъалаьцна хилар Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара а, Австралера а, ОвхIанистанера а, БахIрейнера а, Бангладешера а, Индера а, Сауди Iаьрбийн Пачхьалкхера а, кхи болчу мехкашкара а баьхкинчу хьашаша.

Соьлж-ГIалахь хиллачу даздаршка гулбеллачу нахана юкъахь вара шен хенахь Нохчийчоьнан муфтин наиб лаьттина волу Iелим стаг Аюбов Ясраил-Хьаьжа. Цо дийцира Маршо Радиога республикехь хуьлуш долчух лаьцна.

Аюбов Ясраил-Хьаьжа: «БисмиллахIи Рахьмани РахIим! ТIаьхьарчу шерашкахь, Iадат ма лаццара, хIокху раби уль-авваль-беттан 12-чу дийнахь Iуьйранна, Iуьйра-ламаз дале Пайхамар (с.а.в.) дуьненчу ваьллачу оцу заманчохь, дерриг а адам Нохчийчохь гIаьттина а долуш, салюташ а кхуьссуш, Пайхамарна салават а дуьллуш, мовлидаш а доьшуш, самукъадаккхар хилира.

Нохчийчохь долу дерриг а адам гIала охьататтаделлера. Пайхамарца йоьзна дуккха хIуманаш ю тахана еана. Iаьрбийн пачхьалкхашкара араяьхна а йоцу и хIуманаш шолгIа а кху Нохчийчу яр а нисделла, цунах кхаъ хилла».

Ткъа хIу Iаткъам бо аьлла хета хьуна, цу тайпачу акциш республикерчу бусулба нахана аьлла, шега хаьттича Аюбов Ясраил-Хьаьжас элира.

Аюбов Ясраил-Хьаьжа: «Бакъду, оцу хIуманашка а хьаьжна, уьш къобул а йина, уьш Пайхамара а, цуьнан доьзалша а лелийна ю аьлла, цаьрга хьажа ваханарг, хьажа вахале санна воцуш, хийцавелла хила а веза, шен дегIехь долу во хIуманаш дIадаьхна, нисвелла хила а веза. И ният долуш боьлхуш бу цига дуккха а нах. И хIуманаш гича, иман а гIоттий, дуккха а во хIуманаш дуьту цара».

Соьлж-ГIаларчу коьрта маьждигехь дIахIиттийна яра уьш латтош волчу шейха Ал-Хазраджи Бин Мухьаммад Ахьмада еана йолу бусулба наха еза лоруш йолу хIуманаш. И стаг вист хилира гулбеллачу нахана хьалха, Мохьмад-Пайхамаран дахарх лаьцна дуьйцуш.

Бусулба наха еза лоруш йолчу хIуманашка хожуш чекхбевлира дуккха нах. Цу хенахь цу маьждигехь мовлад дийшира цу чохь гулбеллачара. Царна юкъахь куьг тохарца а, Делан цIе яккхарца а дакъалоцуш бара республике баьхкина хьеший а.

Меттигерчу зорбанан гIирсаша дийцарехь, цхьмогIа Мохьмад-Пайхамар винчу денна хьажийна мероприятиш хилла ерриг а республикехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG