ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура беза хьаькамаш


Оьрсийчоьнан финансийн министро Силуанов Антона критика йина Къилбаседа Кавказера республикашкарчу хьакамашна машенаш дукха езарна а, пачхьалкхана йогIуш йолу ял схьалахьорехь жигаралла ца гайтарна а.

Цо дийцарехь, царна юкъахь хьалхара меттиг дIалоцуш бу Нохчийчура Iедалан белхахой. ТIехула тIе, министро дийцарехь, Къилбаседа Кавказехь санна дукха хьаькамаш болуш меттиг яц Оьрсийчоьнан Федерацехь.

Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс Пятигорскехь Оршотан дийнахь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан федералан го кхиаран Iедалан комиссин рогIера кхеташо. Цигахь дакъалоцуш бара цхьамогIа Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан декъашхой а, меттигера Iедалан белхахой а, шайн коьртехь Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказан федералан гонехь векал волу Хлопонин Александр а волуш.


Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий.
Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий.
Коьрта рапортер вара пачхьалкхан финансийн министр Силуанов Антон. Цо цIеххьара критика йира Къилбаседа Кавказера республикашна пачхьалкхан белхахой латтош яккхий харжаш ярна а, оьшучул а алсам Iедалан чоьтах машенаш латторна а. Ткъа иштта цо хьехар дира цу республикийн куьйгалхошна ял схьагулъяран болх жигара баккха безаш хиларх аьлла.

Министро Силуановс царна юкъахь а къастийра Нохчийчоь, иза уггара кхоам боцуш пачхьалкхан ахча дойуш йолу республика ю аьлла. Цуьнан тидам тIебаханарг дара цигарчу хьаькамаша пачхьалкхан чоьтах лелош дукха машенаш хилар.

Нагахь цу регионехь юккъерчу барамехь цхьана хьаькамна елла 0, 06 машен ялахь, Нохчийчохь и терахь ду 0, 27 аьлла, статистика ялийра цо Къилбаседа Кавказан федералан го кхиаран Iедалан комиссин кхеташонехь.


Нохчийн полицин Mercedes
Нохчийн полицин Mercedes
Силуановс дийцарехь, ерриг а Къилбаседа Кавказерчу Iедалан белхахошна елла машенаш схьаэцча, царах ах Нохчийчурча хьаькамаша хьоьхкуш ю.

Амма Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а Силуановс йина критика дIоггара лазаме хир ю аьлла ца хета.

Даханчу шеран Мангал-баттахь зорбан гIирсаша хаам бира, Оьрсийчоьнан финансийн министралло дехар дина 2013-чу шарахь дуьйна Нохчийчоьнна федералан центро нисса дIа ахча далар сацо деза, кхечу субъекташна санна дала деза цу республикана а ахча аьлла.

Амма Силуанов Антона Соьлж-ГIалахь хиллачул тIаьхьа хийцира шен ойла, цу гIуллакхехь сихдала ца деза аьлла. Республике шена тIелаьцна декхарш кхочуш далур дац, нагахь иза вай дахь бохуш вара иза.

Оьрсийчоьнан финансийн министр Силуанов Антон.
Оьрсийчоьнан финансийн министр Силуанов Антон.
ХIинца Къилбаседа Кавказан федералан го кхиаран Iедалан комиссин рогIерчу кхеташонехь Силуановс ларлуш йиначу критико а Нохчийчура хьал хуьйцур ду ала хала ду. юкъаметтигаш хилар хууш ду.

Нохчийчоьнца доьзнарг политикан хъаттар ду, экономикаца къезиг юкъаметтигаш йолу аьлла хеташ бу экономикан говзанчаш. Царах ву, масала, Оьрсийчура вевзаш волу экономикан эксперт Горбунов Илья. Кадыров Рамзана а, цуьнан Iедало а машенаш хехкар аьлла цига ахча хьежоран кеп а, цуьнан барам а хийцалур бу аьлла ца хета цунна.



Нохчийоь -- Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий Къилбаседа Кавказан федералан го кхиаран Iедалан комиссин кхеташо дIахьош ву Соьлж-ГIалахь,19Манг2012
Нохчийоь -- Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий Къилбаседа Кавказан федералан го кхиаран Iедалан комиссин кхеташо дIахьош ву Соьлж-ГIалахь,19Манг2012
Горбунов Илья: «Кавказан регионна гIортор яр дитар, ша аьлча Нохчийчоьнна гIо дар сацор, цIий Iедалуш йолчу чевнна тIера иза дIайихкина киса цIеххьана тоьхна дIадаккхар санна хIума ду. Иза вай дахь, аса лоьрийн терминашца эр ду кхин дIа а, цIий Iенар ду цигахь. Ткъа федералан гIо лахдарх лаьцна дийца мегар ду, цигахь индустри болх бан йолаелча».

Силуановс, гIийла ялахь а, критика йинехь а, Кадыров Рамзана шаьш во болх беш ду аьлла ца хета. Кху беттан 7-чу дийнахь Ново-Огоревехь президентца Путин Владимирца шен цхьаьнакхетар долуш Кадыровс рапот дира шаьш баьхна кхиамаш буьйцуш.



Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир цхьаьнакхетта Кадыров Рамзанца Ново-Огаревехь, Марс 7, 2013
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир цхьаьнакхетта Кадыров Рамзанца Ново-Огаревехь, Марс 7, 2013


Оьрсийчоьнан президент, гарехь, реза вара Кадыровс бечу балхана.
ТIехула тIе дерриг а Нохчийчурча Iедалша шайна дIасалела машенаш латтош дойуш долу ахча а, цара Iедалан бюджете дIа ца луш юьтуш йолу ял а беламе ахча ду, цигахь кхечу хьашташна дойучуьнца дуьстича аьлла хеташ бу аналисташ.






Амма иза дац цара республикера бахархошкара ял схьагулйеш яц бохург. Маршо Радион корреспонденто Султанов Ахьмада цунах лаьцна иштта дуьйцу Соьлж-ГIалара.



Оьрсийчоьнан финансийн министро далочу терахьашца, хьаькамаш а дукха баьржина Къилбаседа Кавказехь. Нагахь Оьрсийчурча кхечу регионашкахь хIора эзар вахархочунна I,8 хьаькам кхачахь, Къилбаседа Кавказехь хIора эзар стаганна 2,I хьакам кхочу. Ткъа ГIалгIайчохь и терахь шозза алсам ду ала мегар ду. Цигахь хIора эзар стаганна тIехIоьттина ву 4 Iедалан белхахо.

И нах латто дойуш долчу ахчанан барам а бу алсам Къилбаседа Кавказехь. Нагахь и терахь Оьрсийчоьнан регионашкахь I 500 сом делахь, ГIебартойн Балкхаройчохь иза ши эзар ду, ткъа Нохчийчохь иза ду кхо эзар сом.

2012-чу шарахь 2025-чу шаре кхаччалц Къилбаседа Кавказ кхиоран программа тIеийцира Оьрсийчоьнан Iедало. Цуьнца а догIуш, и программа кхочуш ян цу регионе хьажор долуш ду 2,5 триллион сом, царах 90 процент бюджетера доцу ахча хир ду.



Ткъа кху шара дуьйна 2020-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьн бюджетера Къилбаседа Кавказе хьажор ду 235 миллиард сом. Амма пачхьалкхехь шуьйра коррупци хилар бахьана долуш хала ду ала и ахча ша кхача дезаче дIакхочур ду аьлла.



Цундела Пятигорскехь кхеташо дIахьуш волчу Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс элира и ахча дайаран гIуллакх Iуналлехь латто леррина белхан тоба кхолла еза аьлла.
XS
SM
MD
LG