ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажирна тIехIиттина меттигера бахархой


Австри -- Нохчий Австрера арабахарна дуьхьал митинг, Вена, 27Гезг2012
Австри -- Нохчий Австрера арабахарна дуьхьал митинг, Вена, 27Гезг2012

Австрин чемпион волу нохчийн жима стаг махкара ара ца ваккхийта кхин дIа а къуьйсуш бу меттигера адамийн бакъонашларъяран жигархой.

Масех кIира ду Австрерчу Зальцбург гIалин уллохь вехаш волу нохчийн мухIажар Сугаипов Юнади махкара араваккха сацам меттигерачу Iедалхоша бина. Амма тайквондо спортехь Австрин чемпион волу Юнади витийтархьама къийсам дIахьош бу и кIант вевзаш болу австрихой а, цуо тайквондо лата Iамош долу меттигера бераш а.

Бад Хофштайн цхьа жима гIала ю, Моцарт вина меттиг хилар бахьана долуш доллучу дуьненна а евзаш йолчу Зальцбургана гена йоцуш Iуьллуш. Австре политикан тховкIело йоьхуш веана волу къона нохчийн спортхо Сугаипов Юнади вуно дика вевзаш ву цу исбаьхьчу Iаламо кхелинчу меттехь.

Иза ша хазанехачанна кхиаме спортхо хилла ца Iаш, цу гIалахь берашна тайквондо Iамош, тренералла деш а ву. Цул совнаха, и шозлагIчу шарахь тIекIел Австрин чемпион ваьлла.

ХIинца Сугаипов Юнадин кхин Австрехь Iен бакъо яц, цунна Оьрсийчу депортаци йийр ю боху коста даьржиначул тIаьхьа, шаьш шайн мехкан низамех а, Iедалхойн леламех а кхин дIа кхета туькуш дац, бохуш, дуьйцу Юнадис шен спортан кхиамашца сий лакха даьккхинчу Бад Хофштайнерачу тайквондо клубан декъашхоша.

Цкъа хьалха дахана шо долалуш дацаре жоп деллера Юнадис тховкIело йехарна, цул тIаьхьа цуо шен адвокатаца цхьаьна йиначу аппелицина а масех кIира хьалха дацаре жоп делла. И бохург – цуьнан кхолламан хьокъехь болу сацам Австрин мигрантийн хьокъехь йолчу хьукматан белхахой тIеэцна бевлла, бохург ду.

ХIетте а Сугаипов Юнадехьа болу къовсам сацон дагахь бац и вевзаш а, лоруш а болу цуьнан австрихойх болу спортан накъостий а, хьаькмаш а. Цуьнан тренер а, Бад Хофштайнерачу тайквондо клубан куьйгалхо а волчу Хоьртнагл Андреаса дийцарехь, Юнади адам санна схьалаьцча а, спортхо санна тергалвича а вуно доккха совгIат ду ша вехачу меттигна а, ша кхиамашца сийдечу спортан клубана а.

„Цуо тхан берашна а, тхуна массарна беш болу тIеIаткъам дукхе дукха боккха бу. Тренинг ечу хенахь иза тергал вича, гуш хуьлу, цуо шеца Iамалуш а, къахьоьгуш а болчарна мел чIогIа мотиваци йо, цуьнан спортах мел самукъадолу, иза мел похIма долуш кIант ву бохург! Иштта хила Iамадо цуо тхан клубе оьхуш долу бераш а“, - элира Юнадин тренеро.

Цундела бевзаш болчу австрихойн журналистех а, адамийн бакъонашларъярхой а, ткъа иштта Юнади вевзаш болчу Бад Хофштайнан цIеяхханчу бахархойх а лаьтташ йолу цхьа лерина комитет а кхоьллина, хIуъа дина а, иза Австрехь витийта дагахь ву Хоьртнагл Андреас. Цу Iалашонах цкъачунна хIун хир ду бохург, ала хала ду.

Сугаипов Юнадин адвокат волчу Мори Герхарда Маршо радионе дийцарехь, политикан тховкIело цу кIантана яккха кхин некъ бисина бац, еккъа цхьа гуманитаран бакъо йоцург. Амма иза Оьрсийчу дIа ца валийта, муьлха а сатийсаман чимхалг, талла ца толлуш, йита дагахь вац адвокат.

Мори Герхард: „Юнадина и тайпа кхузахь виса бакъо яккха тхайн аьтто хир бу аьлла, сатуьйсу оха. ХIунда аьлча, цуо баьхначу спортан аьттонаша а, цуьнан тренер балхо а, цуьнан дикачу амало а цуьнгахь гIо даккха вовшахтоьхна дукхаъ меттигера нах. Цуьнгахь гIодаккха араяьлла ю меттигера юкъаралла, дийна цхьа тоба ю цуьнан гIуллакх арадаьккина лелаш. Ткъа и тайпа юкъараллин белшаш гIортор хьан-хьанна а хуьлуш дац“.

Австрехь тховкIело йоьхучу нохчийн мухIажарийн хьал тIаьхьарчу хенахь вуно чIогIа тишделла, бохуш дуьйцу адвоката Мори Герхарда.

Мори Герхард: „Австрехь мухIажаршна гуонахь долу хьал а, Iедалхойн леламаш а – уьш вуно чIогIа дерачу амале даьлла. Боккъал а чIогIа холчу хьоле даьлла къаьстина нохчашна Австрехь политикан тховкIело ялар, кхерамазалла царна ялар а. Юза йоллучу а Австрехь а хIоьттина юкъара хьал ду.

Нохчийчура хьал тоделла, цигахь ваха кхераме дац, бохучунна тIетевжина хуьлу кхелийн сацамаш. ТховкIело лоьхучара тоьшаллаш дахкон дезаш хуьлу, шайна цу махкахь боккъал а кхераме дара, аьлла. Ткъа и тайпа тоьшаллаш дахкон хала хуьлу.

Цундела царна негативан сацамаш бо. Вуно чIогIа хийцаделла хьал, масех шо хьалха хиллачуьнга хьаьжча. Нагахь санна хьалха кху махкахь кхерамазалла лоьхуш болчарна массарна а аьлча санна и кхерамазалла пачхьалкхено Iалашъеш хиллехь, хIинца цу нахе тешамза хьоьжу. Шайн шеко йолуш хьал хилча, хьалха кхелахоша тховкIело лоьхучаьргахьа узуш сацам тIеоьцура.

Ткъа хIинца нийса кхечу агIор бо. Шеконаш кхелахойн яккхий ю, хIунда аьлча, уьш ца теша, боккъал а политикан бахьанашца баьхкина буй теша и нах Австре, бохучух. Вай дуьйцурш гуманитаран бахьанаш дац, политикан бахьанаш ду. Ткъа нохчийн дукхахберш бан а ма бу политикан бахьанашца бевдда“.

Сугаипов Юнадин адвоката Мори Герхарда дийцарехь, Австрин мигрантийн хьокъехь йолчу хьукматаша тIаьхьарчу хенахь цхьа-цхьацца долчу адаман кхоллам тергал а ца беш, Нохчийчура хилчахьана кхин башха кIирбелла и стаг Австре кхачаран бахьанаш талла а ца толлуш, цунна дехарна негативан жоп ло.

„Сан манданто гайтина, ша мел интеграцина кийча ву а, ша кху махкана мел пайдехь хила йиш ю а. Сугаипов Юнади, шеко а йоцуш, доккха совгIат ду Австрина, и санна болу нах иштта атта дIасакхуьйсуш ца хуьлу“, - элира цуо.

Ша Юнадис пресс-конференцехь дийцира журналисташка, шен доьзал а, шен массо а доттагIий а Австрехь бехаш бу, шен Нохчийчохь цхьа а йиша-ваша а дац, цундела а Австрехь виса лаьара шена, аьлла. Ша а, шен доьзал а махках бовларан бахьанаш нахала даха ца лууш, дитира цуо.
XS
SM
MD
LG