Информацин тIамна журналисташ кечбеш-м вац-те Кадыров Рамзан?
Бегаш бац Нохчийчоьнан куьйгалхочо хаамийн гIирсаш бийца бахар. ХIинца дуьйна дIа Iедало ца хеддаш болх бан беза шен журналисташца – "Ичкерин агIоно буьтту пуьташ" эшорхьама. Цунах жоп дала векалвина Дудаев Ахьмад, Нохчийн Пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпанин директор. Ткъа цунна тIехьожуш хир ву парламентан спикер Даудов Мохьмад.
Оцу новкъахь тIе цхьа а декхар а ца дожош витина къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбан, информацин министр Умаров Жамболат.
Даудов vs. журналисташ
Кхеташ ду, стенах сагатдойту Ичкерийн векалша а, кхечу цхьацца "Iедалан мостагIаша" а Кадыров Рамзане. Дукха хан йоццуш Нохчийчуьрчу Iедалан векалшца – Умаровца а, Даудовца а - къамеле велира, Кадыровна дуьхьал а лаьтташ, Ичкерин кхетам къобалбарца вевза блогер Абдурахманов Тумсо.
Хиллачу диалогаша меттахъхьайина нехан ойланаш. Тумсогахьа Нохчийчохь-м ишта а бара дукха нах, амма цо тIаьххьарчу хенахь динчу дIахьедарша цунах бакъволу турпал вина цуьнга интернетехула хьовсучийн бIаьргаш чохь.
Информацин тIом гIаттор Даудов Мохьмадна тешор ша-шаха ца нисделла – "къоман мостагIашка" дош ала Iаьмна иза. Инстаграмехула гIараяьллачу постан автор ву иза – "Муха баста беза Кавказан Шад" аьлла яра иза. Даудовс хьехориг яра оьрсийн маттахь арайолу интернет-портал "Кавказский Узел". Цо тIех ира динчу къамело юристаш гIовттира зерашка – Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 144-гIа артикл-м ца талхий-те Даудовс, хоьттура цара вовшашка, аьлча а, йой-те цо журналистийн балханна новкъарло.
Даудовс шен постехь хаамийн гIирсан коьртачу редакторна цIе тиллира "Швед" олу жIаьла". Бохура, "цхьа-ши кIомсар-церг" а йоккхуш, "оьшучу бараме балош, мотт хадо беза цуьнан" [пост дIаяьккхира тIаьхьо - ред. билгалдаккхар].
Даудовс хIоттийначу кхечу посто а йитира еза лар – цо бохура, Кадыров Рамзан гIайгIаневоху "цхьацца "комитеташкахь", "центршкахь" болчу "бакъоларъярхоша", " аьшпаш буьттучу прессин журналисташа" (и массо а термин,кхаьрдаш, цIоьмалгашна юкъайоьхкинера Даудовс). Пост арайоллушехь лецира хIинца набахтехь воллу "Мемориал" центран Соьлжа-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб.
Делахь а кхеташ дац, муьлхачу гIирсаца тIом бийр бу Даудов коьрте хIоьттинчу журналисташа. Нохчийчуьра массо а хаамийн гIирс ишта а хьийза "республикин имидж тоеш": вуно дукха болчу Нохчийн Пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпанин белхахоша де-буьйса доцуш къахьоьгу регионан а, Кадыровн а васт даздеш. Иза ган хала дац телевизионан программа листича.
Социалан машанашкахь коьрта имидж-тоярхо ша Рамзан вуйла хууш ду – цуьнан агIонашка язвелла массийтта бIе эзар стаг.
Дерг хьулдан атта дац
ГIуллакх хир дац, декъа дIа, лаьара аьлла, шена хетарг дуьйцучу стеган батт къовлалур яц дIа. ГIиртина Iедал иза дан 2017-чу шеран ГIуран-баттахь, цуьнан коьрта бакъоларъярхо Нухажиев Нурди хьалха а волуш – бехира омбудсмено "Кавказан Узел" а, "Кавказ.Реалии" а дIакъовла.
Теорига хьажча, тохало махкарчу Iедале цхьайолчу сайташна догIа – Нохчийчохь ерриг а интернетан доладеш ю "Вайнах-Телеком" компани. Кхоллало цаьрга цхьа шатайпа "цIахь лела проект", хан хьалха кхоьллина Mylistory санна, масала.
"Низамо ца магадо еккъа цхьана республикехь арахьара чукхочу хаамийн гIирс дIакъовла. "Мегаш дац, федералан низам а дохош, регионах урхалла ден гIирс кхолла. Федералан низамашца догIуш доцу низам арахеца бакъо яц регионерчу Iедалан. Юьйцурш адамийн бакъонаш, маршонаш елахь-м муххале а", боху Хаамийн ГIирсийн бакъонаш ларъечу Центрерчу юристо Кузеванова Светланас.
Цо бахарехь, кхелан бакъо ю хаамийн гIирсаш дIакъовла, нагахь санна царна тIехьожучу Роскомнадзоро цаьрга шерачохь шозза шаьш дешан маршонах цабогIу пайда эцна аьлла дIахьединехь.
Делахь а, ду лелаш шатайпа, хаамийн гIирсо даржийнарг Iедалхошна ма-торру тида некъ луш долу низамаш а.
Иштачех долчу низаман цIе а яьккхира Кузевановас. "Масала, Iедале ларамбацарх долу низам. Роскомнадозоро догIатухур ду сайтна, цуьнгара бахьана даьлча, кхидIа листа дезар ду гIуллакх. Амма оцу кепо низаме боккху хьаькамашна товш йоцу информаци къовлу некъ", аьлла хета журналистийн бакъонаш тергаъечу юристна.