Цхьана Соьлж-гIаларчу Кунта-Хьаьжин цIарахчу Оьрсийчоьнан исламан университете кху шарахь дуьххьара деша охьахуур ву 145 студент, шайна юкъахь мехкарий а болуш. Бусулба дешар деша лууш болу кегийрахой алсам бовлуш бу Нохчийчохь аьлла, хеташ ву цу университетан ректор Мутушев Абдурахьим.
Бусулба дешар деша лууш болу нах даиман а хилла нохчашна юкъах. Амма тIаьхьарчу хенахь уьш алсам бовлуш бу аьлла, долийра шен къамел, Маршо Радион хаттаршна жоьпаш луш, Соьлжа-гIаларчу исламан университетан куьйгалхочо Мутушев Абдурахьима.
Мутушев Абдурахьиман: «Бисми-ллахIи-р-рахмани-р-рахьим! Бусулба дешар дезаш а, иза деша лууш а, Iамо лууш а болу нах де дийне мел дели алсам буьйлуш а бу, дебаш а бу - кегийнаш а бу, баккхийнаш а бу. Делахь а, массо а деша аьттонаш болуш ца хуьлу.
Ша волчу меттехь дешна а, маьждигехь Iамийна а, хьужарехь Iамийна а, цIахь Iамийна а, и дин Iамо а гIерташ, иза деза а дезаш, довза а лууш къахьоьгуш, кегийра нах хилла ца Iаш, дуккха а зудабераш ду».
Советан заманахь Оьрсийчоьнна бусулба диндай кечбора Бухарахь йолчу «Мир-Араб» олучу медресехь а, ткъа иштта Ташкентерчу имаман Аль-БухIарин цIарахчу институтехь а. Ткъа Советан Iедал доха герга дахча 1988-чу шарахь Москох бусулбан коьртачу маьждигехь схьайиллира «ИсмаIилия» олуш йолу медресе.
1989-чу шарахь Уфахь болх бан йолаелира имаман Фахретдинан цIарах йолу медресе. Кхин а цхьаъ шо даьлча Казанехь а кхоьллира медресе. Оццу хенахь медресе кхоьллира Нохчийчохь а. Иза Куршлойн-Эвлахь схьайиллинарг вара тIаьхьо Ичкерин муфти хилла волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
ЦултIаьхьа 20 сов шо даьлла. Тахана Нохчийчохь ткъех медресе а ю, шиъ лаккхара исламан дешаран меттиг а ю бохуш, дуьйцу Нохчийчура исламан университетан ректоро Мутушев Абдурахьима.
Мутушев Абдурахьиман: «Хьуьжарш дуккха а ю. Амма, шен лицензи а йолуш, хила ма-еззара болх беш кхоъ хьафизийн школа а ю, дагахь Къуран Iамош болчеран, ткъехх медресе а ю, цхьаъ исламан инсттитут а ю, Куршлойн-Эвлахь, хIара, Кунта-Хьажин цIарах йолчу исламан университет а ю».
Ткъа муха дIахIоттийна бу исламан лаккхарчу дешаран меттиган болх? Цу хаттарна иштта жоп делира Мутушев Абдурахьима.
Мутушев Абдурахьиман: «Бусулба динца доьзна долу массо а Iилма долуш ду. Кхин а вай Iамош кху чохь нохчийн мотт а, литература а, оьрсийн мотт а, литература а ю. Исторех лаьцна аьлча, Iамош ю Нохчийн Республикан истори - нохчийн къоман истори. Оьрсийчоьнан истори а хьоьхуш ю. Кху дуьнентIерчу динийн истори а хьоьхуш ю. ТIаккха ингалс мотт а вай кхузахь хьоьхуш бу. Информатика а вай кху чохь луш ю».
Ткъех шо хьалха Нохчийчура иттаннаш кегийра нах бахара Iаьрбийн пачхьалкхашка а, Пакистане а, Туркойчу а бусулба дешар деша. Царах цхьаберш кхелхира цултIаьхьа баьллачу шина тIамехь. Вуьйсуш юьстах бевлира, шайн дахарехь кхин некъ а хаьржина.
Царах цхьаболчара Нохчийчу деана долу хаарш догIуш дацара, Оьрсийчохь ламаст а хилла дIахIоьттинчу, бусалба динан кепашца. И бахьана долуш, радикалан ойланаш йолу бусулба нах кхиина Оьрсийчохь бохуш, чIагIдо Оьрсийчоьнан официалан пропагандо.
Амма дIоггара мархаш йоцу хьал а дац Нохчийчохь бусалба динца доьзна дерг.
Кху деношкахь цхьаболчара дага луьйцу баккхийчара сих-сиха дуьйцуш хилларг. Цхьа зама йогIур ю Нохчийчохь дуккха а маьждигаш а долуш, молланаш а болуш, ХьажцIа бахана нах а болуш, амма маьждигаш даьсса а лаьтташ бохуш, гIайгIане дуьйцуш хилла цара.
Цунна тоьшалла долуш санна, кху деношкахь шена гинчу суртах льцна, эргIад а оьхуш, дуьйцуш вара меттигерчу телевизионан керланашкахь гойтуш волу Кадыров Рамзан. Шайн юьртахь - Хоси-юьртахь - шена гина сурт дийцира цо. Уггара Кадыровна хала хеттарг дара цу маьждиге ца боьлхуш болу нах, уггара хьалха шен да бахьана долуш, буьзна нах хилар.
Кадыров Рамзан: «Хьоьжуш Iаш ву со... Хоси-Юьрта дIа бIаьрг тоьхча «тишина» ю, берш а бийшина Iаш бу. Аса иза хIунда боху. Иза тхайн юрт йолун дела боху... Уьш дийнахь а, буса а Далла Iибадат а, Iамал а ян дезаш бу. Тхан юрт уггара къен хилла юрт ю-кх!
Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш, цунна улле бевлла къентий, лаа леш, цара къахьегар бахьана долуш массо а меттехь асфальт болуш, массо а меттехь чохь догIуш хи долуш, массо а тIехаа шишша, кхоккха машен йолуш, тIекIелдина, вовшашца къийса а къуьйсуш, цхьана зудчунна вукхуьнчул хазаниг гича, хIа-хIа суна иза ца деза, суна и деза бохуш, шайн майранаш охьа а теIош, тIекъела сетта а деш цIенош а деш Iаш ма-бу Хоси-Юьртахой.
Маьждиге ваха а ца лаьа, аравала а ца лаьа, чувала а ца лаьа. Хьарам дуй-те и санна болчу нахана аьлла, тахана Iуьйранна наб ца кхеташ, ялх даьлча а, ворхIалгIа сахьт долуш а Iийна-кх со. Иштта шун ярташкахь а буй хаа суна уьш, кхин а сов балахь а бен, кIезиг боцуш».