ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мича лакхенашка кхача гIерта Кадыров?..


Оьрсийчоь -- Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а Кремлехь, 4ГIур2014
Оьрсийчоь -- Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а Кремлехь, 4ГIур2014

Даханчу шарахь ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь 38 шо кхаьчна волу Кадыров Рамзан цкъачунна шолгIа стаг ца хила а мега Оьрсийчоьнан политикашна юкъахь. Амма хуьлуш дац иза цо шена реклама а ца еш. Кадыров хIинцале а ву уггаре а тIе бIаьрг хIуттуш а, Путин Владимир дIаваьккхича, зорбанан гIирсаша уггаре а дукха хьехош а волу стаг, бохуш яздо шен блогехь Маршо Радион аналисто Фуллер Элизабета.

Сацалур воцуш хьалаволуш ву Кадыров Рамзан. Кадыров Рамзан кхераме ву хIинцале а Путин Владимира дIаваьлча мила хIуттур ву цуьнан метта Оьрсийчоьнан президент бохучуьнан ойла ечу кхечу регионийн куьйгалхошна.

[kotsubinsky.livejournal.com/447527.html].

Кадыров тахана массо а Оьрсийчура политикал а айъавелла хилар вуно битаме го юккъера школа бен яьккхина воцу и жима стаг Нохчийн Республикан премьер-министран когаметта 2004-чу шарахь бен хIоттийна цахилар тидаме эцча. Иза хилира цуьнан да Кадыров Ахьмад-Хьажа, тIелатар а дина, вийначул тIаьхьа.

[HTTP: //www.rferl. орг / содержание / статьи / I34I77I.html]. – бохуш яздо шен блогехь аналисто Фуллер Элизабета.

Цул хьалха иза тIемалойн тобан хьалханча вара. Цул тIаьхьа цо куьйгалла деш яра хилла болчу тIемалойх лаьтта тоба. И тоба яра Кадыров Ахьмад-Хьажа ларвеш.

Кхузахь дагадогIу «берриг а политикан ницкъ тапчан биргIанчура кхуьуш бу» боху Мао Дзе Дуна аьлла дешнаш. Кадыровна еанчу оцу хала заманчохь цу хенахь Европан Кхеташонан Нохчийчоьнехула рапортер волчу Гросс Андреас элира Кадыров шен ден меттиг дIалоцур йолуш ву аьлла.

Ткъа муха дира цо иза?

Массара а дуьйцуш ду Кадыров Ахьмад-Хьажа вийча Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира пурба делира Кадыров Рамзанна нохчийн дуьхьалонан болам охьатаIо шена дан деза аьлла хетарг дан аьлла.

2004-чу шарахь Кадыров Рамзан хаьржира премьер-министран хьалхара когаметта. Цу хенахь президент хIоттийнера чохьарчу гIуллакхийн министр Алханов Iалу. Кадыровс кхочуш ян йолийра шина тIамо йохийна республика юахаметтахIотто кечйина программаш.

Цу гIуллакхана дойуш дара Оьрсийчоьнан бюджетера ахча а, Москох болчу хьал долчу нохчийн бизнесхоша «шайн лаамехь» луш долу рицкъ а.

2007-чу шеран Чиллан-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Нохчийчоьнан президент хIоттийра 30 шо кхаьчна волу Кадыров Рамзан.

Цул тIаьхьа даьхкинчу шерашкахь Кадыровс ловзийра дуккха а ролаш. Кегийрахошна иза воккхах волу ваша вара, церан спортан клубашна гIо деш волу. Хи а, газ а, кхин дерг а латтош волу менеджер вара иза халабохкучу бахархошна.

[http://www.chechnya.gov.ru/page.php?r=I26&id=I2922];

Кадыров вара уггаре а тешаме волу президентан Путинан агIонча. Цо лардора «нохчийн бусулба дин».

[http://www.chechnya.gov.ru/page.php?r=I26&id=I563I].

Кадыров вара сакъера хууш волу стаг. Цо хьошалгIа балабора малхбузенера седарчий, Iад хьокху пондархо Мей Ванесса а, актриса Суонк ХIиллари а, актер Ван Дамм а санна болу.

[http://www.dailymail.co.uk/news/article-2048327/Hilary-Swank-Jean-Claude-Van-Damme-blasted-attending-Chechnyan-leaders-birthday-party.html].

Уьш Соьлж-ГIалахь хилира Кадыров Рамзанан 35 шо кхаьчна де даздеш.

Соьлж-ГIала а, кхин йолу а Нохчийчура гIаланаш а, ярташ а кхиамца юхаметтахIийра Кадыров Рамзана. Цуьнан иза дан аьтто белира иза шен доттагIашна тIетовжар бахьана долуш. Ткъа цунна дуьхьало еш болчу нехан махках бовла дийзира, я царна Iожалла карийра, масала, вежаршна ЯмадаевгIарна санна, бохуш яздо шен блогехь Фуллер Элизабета.

Ямадаев Сулима а, цуьнан ваша Ямадаев Руслан а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин агIончаш бара. ТIаьхьо и шиъ хила Оьрсийчоьнан турпалхо. Амма эххаре а уьш байира, цхьаъ – Оьрсийчоьнан Думан депутат Ямадаев Руслан - Москох 2008-чу шарахь, важа- Ямадаев Сулим, «Малхбале» батальонан куьйгалхо хилла - Дубаихь 2009-чу шарахь.

[https://www.youtube.com/watch?v=qMxXw29BhU8]

Цул сов, Кадыровна ша карийра исламан дин Iалашдархо санна.

[http://www.rferl.org/content/article/I079237.html]

Цхьа а шеко а йоцуш Кадыровс хийцира Нохчийчоьнан сибат. Республикехь юхаметтахIоттийна инфраструктура, маьждигаш, школаш, дарбанан хIусамаш. Болх боцучу нехан терахь а лахделла. Официалан кепара нагахь 2008-чу шарахь церан терахь 76.9 процент хиллехь [HTTP: //www.kavkaz -uzel.ru/articles/I363I5/], стохка 2014-чу шарахь иза дара 15.4 процент. [http://www.chechnya.gov.ru/page.php?r=I26&id=I6020].

Дуьхьалонан болам охьатаIо сихха аьтто ца белира Кадыровн. Бакъедрг аьлча, 2005-чу а, 2006-чу а шерашкахь тIеман жигаралла лахйеллера Нохчийчохь. Иза доьзна дара Ичкерин президент Масхадов Аслан а, тIемалойн буьйранча Басаев Шемил а кхалхарца.

Делахь а, 2008-чу шарахь Охан-баттахь 400 сов тIемалочо дIалецира цхьамогIа аренца йолу эвланаш, 18 милцо а вуьш 15 йийсаре а лоцуш.

[http://www.kavkazcenter.com /russ/content/2008/04/20/57803.shtml].

Кхин а ши шо даьлча гIаттамхоша ши тIелатар дира. Цхьаъ - Хоси-Юртана, важа Парламентан гIишлонна чохь.

Оцу хенахь Кадыров Рамзанан цIе лелаш яра ерриг а Къилбаседа Кавказехь.

[http://www.rferl.org/content/caucasus_report_ramzan_on_a_roll/234289I.html].

Кадыровс кхоьллира Къилбаседа Кавказан Парламентийн Ассамблея. Цигахь коьрта ву Кадыровн накъост Нохчийчура парламентан спикер Абдурахманов Дукхваха. 2010-чу шарахь Охан-баттахь президент Медведев Дмитрий Дагестане веача ХIинжа-гIалан коьрта майда ларйеш бара Кадыровн гIаролхой а, нохчийн полицин белхахой а.

Цул сов Кадыров Рамзан официалан кепара воцу лидер а хилла дIахIоьттина цхьацца долчу лараршца 20 миллион болчу Оьрсийчохь бехачу бусулба нехан. Кадыровс маьждигаш а до, хафизийн школаш а йохка, бусулба дарбанаш лело центр а кхоьллина цо.

[http://www.kavkaz-uzel.ru/articles/248222/], [http://www.rferl.org/content/Holier_Than_Thou_Ramzan_Kadyrov_And_Traditional_Chechen_Islam_/2073626.html].

Цхьа а цец ца ваьллера 2011-чу шарахь Медведевс Кадыров Рамзан шолагIа а президент хIоттийча. Цу хенахь дуьйна, цуьнах цабешаш лелла федералан тIегIантера политикаш, шаьш иза лоруш хилар гайта гIерташ бу.

2009-чу шарахь Кадыровс шен деклараци тIехь яздинера шен Соьлж-ГIалахь цхьа жима петар бен кхин хIумма а дац аьлла. Иза бакъ дуй аьлла шега хаьттича, Оьрсийчоьнан Дагардаран Чоьнан куьйгалхочо Степашин Сергейс элира «ерриг а республика Рамзанан ю-кх» аьлла.

2013-чу шарахь Степашин юха а вахара Нохчийчу. Цо юха ца хастийра Нохчийн республика, иза масала ду кхечу регионашна аьлла.

[HTTP: // WWW .kavkaz-uzel.ru / статьи / I54365], [http://www.kavkaz-uzel.ru/articles/I54679/].

[http://www.chechnya.gov.ru/page.php?r=I26&id=I3295],

Цунна делахь а, тергамхоша дийцара Кадыров дукха гена валахь Кремло иза дIавоккхур ву бохуш. Зорбанан гIирсаша язодра 2014-чу шеран Охан-баттахь Сочера Олимпийн ловзарш чекхдевлча Кадыров даржах вохор ву бохуш.

[http://www.rferl.org/content/caucasus-report-kadyrov-end-near/25333I68.html]

Амма мухха хиллехь а, Украинин малхбалехь иккхинчу тIамо аьтто бира Кадыров Рамзанан ша оьшуш хилар гайта. Интернетехь видеош ю нохчаша шаьш Кадыровн омрица тIом беш ду бохуш дуьйцуш.

[http://www.ft.com/cms/s/0/dcf5eI6e-e5bc-IIe3-aeef-00I44feabdc0.html#axzz3BmOS0NqF]

Дукха хан йоцуш Донецкан халкъан республика олучу тобан куьйгалхо хиллачу Губарев Павела хаам бира журналисташка, Кадыровс шайна герзаца а, кхин долчуьнца а жигара гIо деш хиларх лаьцна.

[http://kavpolit.com/articles/gubarev_my_dolzhny_uchitsja_u_rebjat_iz_chechni-I2833/]

Москох Карнеги центран аналитикана Тренин Дмитрийна хетарехь, Кадыров Рамзана Путинан низамехь воцу тIемало ву цуьнан а, Оьрсийчсоьнан а мостагIий кхеро шена тIелаьцна волу.

Иза иштта хилар дукха хан йоцуш Кадыровс гайтира 20 эзар гергга герз карахь нах стадионехь а гулбина. Цу наха чIагIо йира Путина делла мьулхха а омра кхочуш дийр ду шаьш аьлла.

Тренинна хетарехь, Кадыровна магийна ду цу новкъа шен луург дийца. Иза гойтуш ду цхьаьнца а дага а ца волуш Ходорковский Михаилана а, Эхо Москвы радион куьйгалхочунна Венедиктов Алексейна а цара Парижехь журналан белхахой байинчул тIаьхьа дина къамелаш бахьана долуш Кадыровс тесна кхерамаш.

ХIора кIиранах арадолучу «Версия» газетан авторо Горевой Руслана даладо аналитико Окара Андрейн дешнаш. Кадыров а, Путин а баккъалла а волу ши политик ву тахана Оьрсийчохь. Биснарш «я бюрократаш бу, я пропагандисташ а, клоунаш а бу».

Кадыров баккъалла а Оьрсийчохь шолагIчу меттехь волу политик хилар даре дича, дуккха а хаттарш кхоллало. Цараъ цхьаъ ду «Кадыровх баккъалла а цIога хилла-те Кремлера жIаьла дIасалестош долу?» аьлла.

[http://www.rferl.org/content/Moscows_Tactics_In_Chechnya_Draw_On_Stalinist_Legacy/I607746.html]?

Я Путинан карахь ву-те иза хIинца а? Баханчу баттахь зорбанан конференцехь Путин Владимира Кадоровс тIемалойн гергарчера хIусамаш ягош лелориг хьокъехь аьлларг тидаме эцча, Путин гайта лууш вара ша цунна Iуналла деш хилар.

[http://www.rferl.org/content/putin-kadyrov-chechnya-reprisals/2675I406. HTML]

Кхин цхьа хIума а ду. Доьхур-м дац те Кадыровс шена Оьрсийчохь хIинца долчул а лакхара дарж? ХIун дарж хир ду иза, нагахь цо дехахь? Я тоьаш ю цунна ша тахана лелош йолу шалха рол – официалан кепара воцу ницкъаллийн структурийн цIарах вист хуьлу векал а, офицалан кепара Оьрсийчура бусулба нехан волу лидер а? - хоьттуш ерзайо шен блог Маршо Радион аналисто Фуллер Элизабета.

[http://actualcomment.ru/kadyrov-pretenduet-na-rol-politicheskogo-lidera-musulman-rossii. HTML]

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG