ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мотт денбан кхоьллинчу тобанехь


Нохчийчоь -- Ненан меттан дийнахь, Соьлж-ГIала, 25Оха2014.
Нохчийчоь -- Ненан меттан дийнахь, Соьлж-ГIала, 25Оха2014.

Нохчийн мотт денбан комисси ю кхоьллина Нохчийчохь. Кестта цо бовзуьйтур бу ша бина болх.

Къам мел доккха хиларх, цуьнан мохк мел доза доцуш паргIат хиларх, кхачаме дац, нагахь и къам эс доцуш, дайн ларх хаьдда делахь, массарна а юкъарчу зеделлачунна буха тIехь кхиина дацахь,

Вуно лазаме ду нохчийн мотт Нохчийчохь нохчашна тахана коьрта цахилар. Цунах тоьшаллаш ког баькх-баьккхинчохь го.

Махкахь наггахь а ца йисина бахархошна шайн яртийн цIерш ма-ярра, ворхIе а дас ма-тиллара йоккху меттигаш.

Соьлж-гIалахь хьовха, ярташкахь а буьйцу я оьрсийн а, я нохчийн а боцу эбина мотт, нохчочуьнгара нохчочунна наггахь а хезаш дац терахьаш шайн маттахь олуш, масала.

Я цкъа а ца хеза вайн адамаша вовшашка нохчийн дайша лелийна беттанийн цIераш хьахош а.

Ткъа лела ма-лелла вайн нахалахь шайн рузма!

Мотт, шена тIейоьжначу дакъазаллах мукъабаккха гIерта Iилманча, филолог дуьхьалакхетча, даима а хуьлу нохчийн мотт леш лаьтта бохучу леткъамехь.

Оцу хеназчу Iожаллах ненан мотт хьалхабаккха гIертачех ву журналист, Нохчийчохь нохчийн маттахь арадолучу ша цхьаъ бен доцчу «Даймохк» газетан редакторан хьалхара гIовс Дадаев Сайд-Хьасан.

Дуккха а шераш ду Сайд-Хьасан нохчийн мотт денбарехь, кхиорехь, къахьоьгуш схьавогIу, цундела цеце дац тахана вевзаш волу журналист нохчийн мотт цхьана йозане бало йолчу Iалашонца кхоьллинчу экспертийн кхеташонан куьйгалхо къастор.

Маршо Радиоца хиллачу къамелехь Дадаев Сайд-Хьасана элира, хьалха дайша лелийна шира яртийн цIераш юхаерзон еза, хIунда аьлча, и ярташ дайша ехкина хиларе терра, нохчийн маттахь яха еза церан цIераш а.

Яртийн цIераш юхаерзорал совнаха, кхоьллинчу комиссин гIайгIанехь ду нохчашна юкъахь хьалха лелла беттанийн, терахьийн, денойн нохчийн маттахь йолу цIераш тахана юкъараллехь лелаш цахилар а.

Нохчийн яздархочо Бексултанов Мусас чулацамечу дешнашца яздо маттах лаьцна. «Матто кхуллу Даймохк» - цунах муха кхета веза: Даймохк – иза хьо тIехь вехаш волу латта хила ца Iа, Даймохк – иза уггар хьалха мотт бу, цу маттахь йолу яртийн, хийн, акхаройн, диттийн цIераш. Латта цхьанхьа дIадахьа йиш яц, мотт – хьо дIаваханчохь хьоьца бу, оцу маттахь ахь ойланаш йо, дагалецамашка волу, тIаккха хьо гуттар хьайн Даймахкахь вуьсу. Вай къам хилла дIадаха лаахь, хIораммо а дайн весеташ кхочушдан деза, царах уггар сийлахьниг шен ненан метан сийдар, иза Iалашбар».

Оцу дешнийн къаргалла йовзар а, кхетор а, кегийчу чкъоран тIамарх доло а гIертачийн аьллар ца хилахь, хенан йохалла наггахь а нислур вац Нохчийчохь нохчийн мотт буьйцу нохчо. Ткъа иштачух нохчо бохучуьра а хада тарло цул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG