Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо хаам бира, Масхадов Аслан волу меттиг йийцинчу нахана догIуш долу 10 миллион доллар дIаделла шаьш аьлла. ФСБ-н векало динча дIахьедар тIехь аьлла дара, цу нахана эшахь кхечу махка дIабаха гIо дан кийча ду шаьш аьлла.
И кхин мохк «бусулба пачхьалкх» хилар билгалдаккхаро, ФСБ-на хетарехь, гайта дезаш дара Масхадовна тешна бехк бинарш нохчий хилар. Масхадовна тешнабехк бинарш цунна улле бевлла лелла болу нах хила мега аьлла, хеташ ву Исханов Хьусайн а.
Масхадов Асланан дакъа хIинца а цуьнан гергарчу нахе дIаделла дац. И дIавоьллина меттиг йийца реза ца хуьлу Оьрсийчоьнан Iедалш, иза террорахо хилла бохуш.