ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн массо а баланийн юкъарчу дийнахь


Кху тIаьхьарчу шерашкахь санна, нохчийн къоман тIехIиттина массо а баланаш дагалоцу де дIадаьхьира кхаарийндийнахь.

ХIора кIоштахь а, юьртахь а Кадыровн гIо-накъосталлин фондан цIарах даьхни дайира сагIина. Жижиг дIасадийкъира мискачу а, гIаддайначу а доьзалшна.

ХIора шарахь санна, кху денна тIебоьгIна коьрта хилам болийра Хоси-юртара. Тезетан а, дагалецаман а де доладелира меттгерчу кешнашкахь, Кадыров Ахьмадан коше хIиттарца.

Хоси-Юьрта гулбеллера Iедалан дай а, кхиболу даржхой а. Муфтис Межидодв Салахьа хаамбира, Кадыров Ахьмадна лерина 1350-за Къуръан а дешна, 181 миллион 312 эзарз салават а диллина, аьлла.

Хаамийн гIирсашкахь кIира хьалха дуьйна дуьйцуш дара тIедогIу хIара де. Цара тоьшалла дарехь, юкъараллахоша а, културан белхахоша а, даржхоша а, могIарерчу бахархоша а лаккхара мах хадабо Кадыров Ахьмада къоман керлачу исторехь йитинчу лоран.

Кху дийнахь иштта дагалоцу 1944-чу шарахь къам дохийча а, шинна тIамехь а белларш. Церан синошна паргIато хиларе сатуьйсуш, доIанаш дора маьждигашкахь а, дукхачу нехан цIахь а.

2011 шарахь хийцинера Нохчийчохь дегалецамийн и де. Дукха нах реза а бацара цунна. ХIинца, кIезиг хеза цунна резабоцучийн дIахьедарш. Даим тезетехь ваьхна вер вац, аьлла хета дийцира Сунжа-кIоштера вахархочо Зайпулаев ШаIранис.

Зайпулаев: «Хилларг, дIа мел даьлларг юхадогIур дац. Хьайн 3-4 де тезетахь хан дIа а яхьина, цул тIаьхьа хьайна луург дан мегар ду. Цунах цхьа тати-гота а йина, даздан оьшуш дац. Кхин хийцамаш хир бац-кх».

Нохчийчохь мел хуьлург цигарчу нехан лаамехь хуьлуш дац, Оьрсийчоьнехь дехаш хилча, цунна хуьлу бохамаш а, диканаш а кхочу муьлхачу а къоманна, аьлла хета Соьлж-ГIалин вахархочунна Исруддинов Мусана.

Исруддинов: «Цхьаммо шен тезет ду бохуш хилча, вайн гIуллакх дац хIума а дийца. Оьрсийчоьно шен исторехь 10 шо бен ца даьккхина тIом ца беш. Я цхьаннах летта, я дуьхьаллеташ схьаеана. ТIаккха, тIом ца лаьттича болий кхузахь? Со-м сатесна ву маьршачу дахаре».

Оьрсийчурчу Iедалшна ца лаьа шегара мел даьлла зулам вайн дегнашчохь лаьттийла, амма нохчийн дегнашкара ца йолу вас, элира Соьлж-ГIаларчу вахархочо Яндарбиев Руслана.

Яндарбиев: «ГIалгIаша нийса айдина хаттар. Цара цамагийна шайн махкахь Сталинан цIе язъяр. Вайн цIахь я хIоллам а бац бохамашкахь беллачарна. Ичкерин заманахь-м бара… Вайн Iедало Оьрсийчоьнан Думе хиллачун мах хадабайтинехьара, тIаккха нехан дегнашкахь лаьттар а яцара и вас».

Дагалецаман а, тезетан а де Нохчийчохь дIадирзира Соьдж-ГIаларчу театран залехь. Цигахь гайтира документала филм.

XS
SM
MD
LG