ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу юха а тIом боьху иза тайнигах тарбеллачара


Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан эскархойн тидаман пост, 21Манг2007
Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан эскархойн тидаман пост, 21Манг2007

Нохчийчохь юха а тIом хир бу бохуш материалаш кечйеш Iедал ду Оьрсийчурча авторийн. ТIаьхьарчу хенахь уьш къаьсттина алсамевлла интернетехь. Ткъа мел бух болуш ду цу наха хьоьхург?

Цхьа ши де хьалха интернетехь цхьацца сайташка бIартухуш сан тидам тIебахара «ХIинца хууш ду Оьрсийчохь керла тIом мичахь хир бу аьлла» цIе йолчу артиклна.

Цуьнан автор яра «Новый Регион2» олучу сайтан автор Кириллова Ксения. ТIом хирг хилча мичахь хир бу иза Оьрсийчохь аьлла долчу хаттарна цхьаъ бен жоп цахилар дукхахенахь дуьйна хууш ду Оьрсийчурча журналисташна хьовха, могIарерчу бахархошна а. Иза, кхеташ ма-хиллара, Нохчийчоь ю.

Нагахь цу тайпаниг дуьйцург Оьрсийчурча либерал-демократийн баьчча Ж. В., я 10 шо Путина чувоьллина набахьтехь даккхийтина, хIинца коьрта Оьрсийчоь ларъярхо хилла волу Швейцарехь веха хьолада Х. Б., я "радиоактиван чан юьтуш" тIом бан хьаьгна волу Оьрсийчоьнан коьрта пропагандист К. Д. хилча-м баш цецвала хIума а дацара кхузахь, амма Нохчийчохь кхоалгIа тIом хьоьхург ю адамаллан ойланаш а йолуш, кху дахарх а, Оьрсийчоьнан политиках а нийса кхеташ йолу жима зуда.

Бакъдерг аьлча, Кириллова ша цхьаъ хилла ца Iа, гергарчу хенахь Нохчийчохь тIом цахилча цаболу бохуш дIахьедарш дийриг. Уьш шортта бу.

Масала, цхьаммо яздо Украинерчу конфликтана юкъарвала а, Малхбузенца юкъаметтигаш дIанисъян а Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Нохчийчохь дIаболо мега кхоалгIа тIом бохуш.

Вукхо мохь бетта, Нохчийчоь халла латтош ю машарехь, керла тIом бала мегаш бу цигахь бохуш. КхоалгIа ву Нохчийчохь тIом ца хилахь цхьа а хIума нислур дац бохуш.

Уьш берш а, ладоьгIча, цкъа а тIом гина боцу иза цхьа тайнагийн ловзар хеташ болуш санна нах нисло.

Делахь а, шина тIамах чекхбевллачу нохчашна цара хьоьхург забаре хIума дац. Баккъалла а цахилча цаболуш ду Нохчийчура кхоалгIа тIом хилар? И хаттар делира оха нохчийн вевзаш волу историн Iилманче Вачагаев Майрбеке.

Вачагаев Майрбек:

Вай локхохьа хьахийначу журналисто Кириллова Анастасияс яздо шена «Нохчийчохь керла тIом цахилча цабалар» гойтуш йолу билгало а хилла дIахIоьттира «Кавказерчу йийсархочуьнан» истори бохуш. (Цо юьйцург ю кху деношкахь Нохчийчохь 17 шо долу йоI хан тоьхна волчу милцойн хьаькаме маре яхарца йоьзна истори).

Иза иштта делахь, цкъачунна, догдохур ду вай, цхьана стага мухха ялийнехь а зудаялийна аьлла Оьрсийчоьнан эскарш юха а Нохчийчу хьажорах вай къелхьар девр хиларе, и эскарш хьажо а цаоьшуш цигахь хилар тидаме эцча муххале а...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG