Кхехкаш тIом а болуш, махкахь хIоттийна хиллачу референдуме шен хьажар ду тахана Iедалан. "Вайнехан исторехь, цуьнан кханенан а, хиндолчуьнан а, къам кхиаран а, иза маьршачу дахаре дерзаран а и де" нохчий оьмарехь, коьртачех коьрта цхьа де лору урхаллехь болучара.
Дезде хаза нехан санна билгалдаккха кечамаш бу махкахь дIахьош. Цунна лерина бIеннаш беза, лераме хьеший а кхайкхина Соьлжа-гIала. Бахархойн цхьамогIа гуламаш-цхьаьнакхетарш а ду хир долуш. Билгалдоккхур ду "халкъ юхадендинарг, когахIоттийнарг, вуно мехала референдум цхьаьнатоьхнарг" Кадыров-Воккханиг хилар а.
Карарчу хенахь, шаьш сийлахь лору и кху Зазадоккху-беттан 23-гIа де тIекхачале дикка хьалха дуьйна а Нохчийчохь «хIайт»-аьлла гIаттийна компани дIахьош ю бахархошца - массо тайпа доьшийлашкахь а, Iедалан хьукхматашкахь а, юьртабахамашкахь а, дуьххьал дIа могIарчу бахархошлахь а.
Дезачу дийнахь тIеэцначу низаман кIоргаллах къам кхиош, къаьсттина хьасартне хьийза халкъан векалш-парламентан декъашхой. Кху деношкахь церан жигараллица, 23-чу дийнан референдум бен кхин некъ бацара махкара тIом а сацийна, вайнах таханлерчу токхене, ирсе кхачо, бохуш,бIеннаш бахархошна къамелаш хазийна Соьлжан а, Соьлж-ГIалин а кIошташкахь, Старопромыслан а, Невран а, Теркйистан а къошташкахь а, кхечу меттигашкахь а.
Массанхьа а цIечу сизца билгалбоккхуш, чIагIбийриг бу герггарчу барамехь ишта ойла-хьажам - "Шен са дIа а луш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас маьршачу дахаран тешаш дина вай. Цуьнан хьуьнар кхаьчна Кремлера куьйгалхой шех тешо - вайнах маьршачу, синтемечу дахарехь, кхоллараллин лехамехь даха лууш къам дуйла гайта. Цу тешамо има-беркат деъна вай махка. Шен дуккха а мостагIий боллушехь, кху чохь а, дозанал арахьа а, Кадыровс бIо ца къажош, дуьхьалваьллера тIеман машенна". Герггарчу барамехь оцу кепара къамелаш хазадо халкъан векалша бахархошна.
Iедалехь болучара ечу къароца, къоме бинчу кхайкхамна жов луш, цу 23-чу сийлахьчу денна лерина, «шайн лаамехь» арабевллачу бIеннаш наха – хьехархоша а, лоьраша а, Iедалан гIуллакхъхоша а, кхечара а, цIано еш, некъан йистош нехех дIацIаньеш, дитташ а, керташ а сир-кир деш, битаме ялош, мехкан белхи дIабехьна массо кIошташкахь, ярташкахь.
Сьлж-ГIала йоцуш, масала, шовкъе белхаш дара кхехкаш чекхдаьллачу шоьтан дийнахь Хьалха-Мартанан а, ТIехьа-Мартанан а, Шелан а кIошташкахь. Некъаца къахьоьгуш зударий а, божарий а тергаллора уа-атталла нацкъара, ломан когашкахь Iохкучу ярташкахь а: СоIди-кIотарахь а, Олхазар-кIотарахь а, Дубин эвлахь а, ГIой-йистехь а, кхечу ярташкахь а.
Официало кхайкхорехь, мукъа ца Iийна бахархой цу Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь. Iедалан хаамийн гIирсаша тIетовжам бийриг цхьаъ ду - хьаькамаша кхайкхам бар доцург, кхин тIедожийна хIума доццушехь, референдум дIаяьхьначу 23-чу дийнан сий деш, адам шен лаамехь арадаьлла хилар, тIебаьхкинчу хьешашна мохк юьхькIаме гайта.
Урхаллехь болучеран хьесапашца, даиманна а нохчийн къоман эсехь йиса езаш ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къоман дуьхьа, ша ца кхоош, яьхна доьналлин гIулчаш а, цуьнан турпаллин жигаралла бахьнехь халкъо, луьрачу, кхерамечу хенахь дIаяхьна референдум а.