Оцу цхьанатохараллан куьйгалхочо Эжиев Минкаила дийцира оцу проектах а, цунах хир бу аьлла, шаьш сатуьйсучу пайданах а.
Эжиев Минкаил: «Оцу проектан коьрта Iалашо ю, Нохчийчохь болчу полисхойн а, прокуратурера а, талламан урхаллера а белхахойн а, Европера а, дуьненаюкъара а низамийн документаш довза а довзуьйтуш, адамийн бакъонаш ларъярехь болх дIабахьар.
Къаьсттина, цара тхоьга ла а дугIу, кхуза бахка а богIу, тIаьхьа кхиа а гIерта. Иштта дIабоьдуш болх бу иза. Селхана а хилира тхан цу тайпа гулам. И хIума, цара шаьш а оьшуш ду боху».
ТIаьхьарчу хенахь, бакъонашларъярхочо Эжиев Минкаила тидам барехь, меттигерчу низамхошца, церан уьйраш чIагIлуш ю. Иза а, кхиболу бакъонашларъярхой а, муьлхачу а хенахь набахтешкахь а, талламан изоляторшкахь а чохь бохкучу нехан хьоле хьажа бакъо йолуш бу хIинца. Цундела и низамхошца цхьаьна беш болу болх кхин а дIабахьа дагахь ду шаьш элира цо.
Эжиев Минкаил: «Сацам бина оха, и болх кхин а дIабахьа, иза пайденна болун дела. Царна тхайн агIора гIо дийр ду оха. Деша ваха луучунна, иза дан а аьтто бу тхоьгахь. Низам хууш волчу белхахочо, иза дохор ду аьлла, ца хета суна. Дерриг а цхьана дийнахь дIанислур доцийла хаа тхуна. Шерашкахь уьш Iама а бина, цаьрга болх, низаман некъа тIехь дIабахьийтар ю тхан Iалашо».
Махкахь гIардаьлла долу зуламийн таллараш а тергонехь латтадо Эжиев Минкаил коьртехь волчу «Нохчийчоьнан бакъонашларъяран центро». Дукха хан йоцуш, цара Нохчийчура талламан комитете кехат дахьийтинера, Эстемирова а, Садулаева а, Джабраилов а байарах болу талламаш муьлхачу хьелашкахь бу хаам бар доьхуш. ХIара жоп даийтина шайга элира бакъонашларъярхочо.
Эжиев Минкаил: «Кехаташ дахьийтинера оха, уьш байар хьокъехь беш болу талламаш мьулхачу хьолехь бу аьлла. Жоп деана тхоьга. Садулаева Зарема а, цуьнан хIсамда Джабраилов Алик а дер хьокъехь таллам бара юьхьарлаьцна.
Ткъа хIинца и зулам дарна бехке берш, билгалбаха лууш боцун дела, и гIуллакх сацийна ду. Ткъа Эстемирвоа ер хьокъехь долу гIуллакх, шайгахь дац, иза- коьртачу талламан урхаллан Къилбвседа Кавказехь долчу декъехь ду, боху цара».
Кхаьчначу жоьпе а ца хьоьжуш, шаьш и гIуллакх, талламхошна дицлахь а, цаьрга иза диц ца дайта хьовсур ду шаьш бохуш, кхин дIа а дийцира Эжиев Минкаила.
Эжиев Минкаил: «Тхайн агIор юха а, кехаташ а кечдина, кестолгIа оха талламан урхалле кехат дохуьйтур ду, и гIуллакх, нийса сацийна ца хета тхайна аьлла. Цу тIехь болх бан беза. Вайн махкахь дукхачу нахана гIуллакх дина ю и Зарема.
Иза а, цуьнан цIийнда вийна болу нах схьакаро а беза аьлла, хета тхуна. Уьш нагахь санна кара ца беш, иза дижа дитахь, юх-юха а, оцу наха, цу тайпа зуламаш дийра ду вайн махкахь».
Таханлерачу Нохчийчохь, сибат а къагийна, куц а динчу, мухха а дийцахь а, дуккха а хIуманаш ду адамийн бакъонаш ларъярехь дан дезаш. Хьалха санна, адамаш лар йоцуш довш дацахь а, хIинца а зуламаш хуьлуш ду, коьртачу декъана дIальацначарна тIехь ницкъ бар санна дерш. Амма, цаьрца а, саца а ца беш, къийсам латто Iалашонехь бунохчийн бакъонашларъярхой.