ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу префектан IиндагI ца долу тIаьхьара


Волгоградерчу Светлый Ярехь шайн кIоштан да Крутов Николай пхоьазза тапча йиттина вийра нохчочо. ХIетахь цхьаболчу бахархоша тIех бехке а ца вора фермер Вагапов Асламбек. Бехке коррупци ю, олура. Тахана Вагапов хилла ца Iаш, цуьнан кхуьуш болу доьзал а бу Iедалера оьгIазалла ловш.

46 шо долчу префектан Крутовн ши йоI йисира байлахь. Иза вийна Вагапов Асламбек лаьцна дIавигича, цуьнан зудчунна тIедоьжнарг а дацара атта дукъ – 11 доьзалхо хьалакхиор.

Ткъа ВагаповгIаьрца кхин гамо а яцара юьртахойн. Цара лечкъа а ца деш дуьйцура журналисташка, Крутовс кхаьънаш боьхуш хьийзадора адам, иза лан а ца делла, эххара а вийна Асламбека, цуьнан кхин боккха бехк а бац, бохуш.

Дехха луьстуш лаьттира Вагаповн дов. Москох Сербскин психиатриян центро иза вуьззина кхетамчохь вацара зулам деш, аьлла къастийра. Лерринчу хьелашкахь, халонашкахь, псиатриян цIийнехь кхо шо а даккхийтина, аттачу воккхуш, цIахь тергоян дIахийцира иза лурчах.

Амма иза маьрша гуш ца лалучу Светлоярскерчу Iедало юха а лаьцна шо гергга хьалха, кхелехула чекх а ваьккхина, оццу Москох корта таллийта хьажавайттарх, цигахь, психиатриян карахь ву Вагапов кху тIаьххьарчу беттанашкахь. Юкъ-кара кхачаво набахтешка а, тутмакх цхьалха чохь кхобучу чоьнашка.

Ткъа рогIера и мур цIера лаьцна вигина болийра полицино а, талламан комитето а, юха Волгоградерчу кхело нийса ду таIзар аьлла тIечIагIдира кхо бутт хьалха.

Цуьнан адвокат Чадов Илья а, баккхий хилла воIарий а хьийза нийсо лоьхуш. Кхераме вац я доьзална а, я нахана а аьлла, цIаваийтина хилла Вагапов Асламбек, юха а лоцуш, кхелехула чекхвоккхуш, нахера лехьийна тоьшаллаш харц ду, чIагIдо цара.

Масала, цхьана тешо, Рогов Сергейс, аьлла кхелехь, нохчийн къам «шен амалца ду зуламаш дечех». И къамел талламчас кхеле а кхачийна, массара а тоьшалле а эцна. Вагапов бехкево, цо псиатриян цIийне ша валийначахь, Волгоградан губернаторна багахь кхерам тосуш вистхиларна. Ткъа ца лору экстремизмалле тешо Роговс дерриг а нохчийн къам сийсаздеш дийцинарг.

Вагапов Асламбек психиартиян цIеношкахь латточу юкъанна аттачохь бац хьалха а санна цуьнан Светлый Ярехь беха доьзал. Царна кест-кеста догIу Iедал уьш цхьацца зуламашна декъахьарчо.

Доьзало хьоьгучу гIелонех дийцира Маршо Радиона Вагапов Асламбекан 11 берах шолгIаниг волчу Мустафас. Цо бахарехь, да бахьанехь юкъкара лела церан цIа полици.

Маршо Радио: Оцу хьелашкахь шуьца хIун юкъаметтигаш ю Iедалан?

Вагапов: «Тхан дегара и хIума дужуш сан кхозлагIчу вешин Исламан 13 шо бен дацара. Тхан ден хилла герз лелош иза ву бохуш, дIа а вигина, телефон дIа а яьккхина, левеш, я нене а, я хьехархочуьнга, цхьана а воккахчуьнга олуш хIума а доцуш лелийра. Иштта бераш ду дуьгуш, хьийзош».

Ши бутт хьалха Волгоградан губернаторна Бочровна цIахь цхьаммо цIелатийна боху, и динарш тхо ду, олий, богIий, цIийнах хьуьйсу. Хьалха Нохчийчохь хилла Iазап ду тхуна хIиттош. Урамаш дIа а къуйлуш. Тхан цIарца мел волчунна гIело ю латтош.

Маршо Радио: Луларчу, юьртарчу оьрсашна муха го и сурт?

Вагапов: «Уьш цецбевлла Iа. Тхоьца гергарло мел дерш бу чехош, дов леладо Iедало цаьрца а. Бахархошца тхан дов дац, хилча, уьш а дуьхьалбохур бара тхуна, амма тхо нахаца тарлуш схьадогIу. ГIуллакх ца хилла, нах тхуна дуьхьал ца бахабелла Iедале».

Маршо Радио: Ткъа шу, Асламбекан бераш, тахана хIун лелош ду, доьшуш, белхашкахь дуй шу?

Вагапов: «Школехь, университетехь бу цхьаберш, воккханиг лаьттаца къахьоьгуш а ву».

Маршо Радио: Iедало тIехь гIело латтор къорда а дой, даймахка, Нохчийчу, дIадаха дог-м ца хIутту?

Вагапов: «И ойла хилийта гIерташ лелачух тера-м ду. КъелдIахула тхуна шайга ма-ялло новкъарлонаш а еш».

Маршо Радио: Да хIун хьолехь ву шун тахана?

Вагапов: «Москох псиатриян центрера набахте вигина, ша цхьаъ чохь латточу чувоьллина ву иза. Коьртаца дика вац, ша вита мегаш дац аьлла шаьш диазноз а хIоттийна, низамо магош доццушехь, набахте кхоьссина иза цара. Я адвокат а, я тхох цхьа а тIевуьтуш а вац. Бакъоларъярхошка арз а дина ас, тхан гIуллакх тергалдеш стагга а-м вац».

Вагапов Асламбекна ницкъаша псиатриян халчу хьелашкахь кхаба тоьхна кхо бутт боьрзу кеста, амма иза дац балех хьалхавалийта лерина ду Iедал бохург. Адвокато а, Асламбекан бераша а массанхьа а яздо цунна тIехь харцо лелайо бохуш. Дуккха а ду цара дIасакхехьийтина кехаташ, амма кIезиг ду я данне дац талла, нийсо тaлийта лаам бу шайн аьлла лакхарчу хьакамашкара кхаьчна жоьпаш.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG