ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

YouTube дΙакъевлина Нохчийчохь


Интернетан васт кхуллу сурт
Интернетан васт кхуллу сурт

Дехий-доций а ца дуьйцуш, Прокуратуро декхаре а дина, дIакъевлина Нохчийчохь интернетерчу Ютюбах а, Гуглах а пайда оьцуш, царна чувахар. Дукхаъчу наха къобал а дина иза, махкахь интернет латтаен компанеш дуьхьал хиллехь а. Амма цхьаболчу говзанчаша, динчу дехкарша цхьа а тайпа новкъарло ца йо, боху, оцу сайтех пайда эца луучарна.


Оршотдийнахь дуьйна официалехь дIакъевлина ларалуш ю Нохчийчохь YouTube, Google сайташ. Махкахь интернет латтош болу провайдерш тIе а кхайкхина, уьш дIакъовлар тIедожийна меттигерчу прокуратуро, царна тIехь бусулба дин сийсаздеш фильм ю, аьлла.

Мехкан дукхачу наха къобал а дина и сайташ дIакъовлар. Нагахь санна и фильм дIа а яьккхина, бусулба нах къинтIера ца бахахь, ша велла дIаваллалц я Google чу а, я YouTube чу а вер вац, аьлла, дIахьедира Заур цIе йолчу Соьлжа-ГIалин вахархочо. Иза ша а ву компьютеран говзанча, цундела оцу сайташца цуьнан дукха хIума дозу. Амма шена зе хилийта а кийча ву ша, элира цо.

Заур: «Суна уьш дIакъовлар нийса хета. Масала, жуьгтех лаьцна цхьаъ юкъадалахь, Ютюб хуьлийла иза я кхин сайт хуьлийла иза, хIан-хIа, иза нийса дац, олий, иза дIайоккху. Дуьйцуш хаза дацахь а, божарий а болуш, стегарий санна ца лелаш болчу нахана хIума алахь, хIан-хIа, иза церан бакъо ю, олу. Ткъа, бусулба нехан хьокъехь цхьа хIума алахь, иза дIадаккха алахь, хIан-хIа, иза дешан маршо ю, олу. Уьш шалхенаш ю.

Стомара дуьйна, Вимео олуш, Ютюб санна, цхьа кхин майда а ю, цу тIе сайн мел йолу видео йоккхуш ву со. И фильм дIа а яьккхина, бехк ма билла, аллалц, оцу Ютюбца сан велла дIаваллалц гергарло хир дац».

Нохчийчохь Интернет Москохарчу провайдерша латтош ю. Хууш дац, нагахь санна, дехкаршна кIел яхначу оцу сайташа экстремизмана дуьхьалдолу низам хадош хилча, уьш дIа хIунда ца къевлина, ерриге а пачхьалкхехь цхьана сацамца.

Масала, бусулба нах бехачу республикашкахь дIа а къевлина, керста бахархой бехачохь дIа ца къовлар цхьа шалхенах тера хIума ду, аьлла хета цхьаболчу тергамхошна.

Муслим гIишлош арахьара кечъеш белхахо ву. Цуьнан болх къаьсттина Гуглца бозуш ду. Сайташ дIа а ца къовлуш, кхечу кепара филм яккхарна бехкечарна Iаткъам бан безара, аьлла хета цунна.

Муслим: «Массо а бусулба стаг гIаьттина ву и фильм новкъа еана. Амма и сайташ дIакъовларх а, царна кхин меттигаш карор ю ишшта кинош чухIитто. Гугл къовлар нийса ца хета суна».

Оьрсийчохь хIора дийнахь аьлча санна, экстремизман бух а болуш, низамаш талхош дукха хIуманаш хуьлу, аьлла хета историкна Нашхоев Мурадна. Цо дагадаийтира, "бусулба фанатикаш", "экстремисташ", "террористаш" цIерш тахкарехь Оьрсийчоь хьалхарчу могIанашкахь лаьтташ хилар.

Нашхоев: « Со ца теша, иза даггара ду бохучух. Вай цIахь тIемаш боьлхуш, "исламан фанатизм" бохуш, къамелаш дуьйцура. Вайн дайша цкъа а кхечу динна дуьхьало ца йора. Вай даима а маршо ларъеш хилла. Ткъа оьрсаша даима а вай зиярташ а, маьждигаш а дохош хилла. Базарна тIе йиттина «Луна-9м» ракеташ а даг ма йогIу...»

Интернет жимма а лело хуучарна хала хIума дац муьлхха а оьшу сайта схьаелла. Бусулба нах оцу питанах Iехабала ца беза, аьлла хета СаIид цIе йолчу Интернет-лелархочунна.

СаIид: «Ютуб дIакъовлар - уггаре а аттадерг ду. Дан дезарг дара и филм яьккхинчаьрца диалог яр. Вай оцу питанех Iехадала ца деза».

Цхьатерра тIе ца эцнера Нохчийчохь интернет латточу компанеша и ши сайт дIакъовла, аьлла, прокуратуро дина дехар. Хууш ду, шаьш лучу канал чухулла нах видео хьожуш хиларх йоккху цара ахчанца са. Цхьа кIира хьалха прокуратуро бехкала яхана сайташ ехка аьллашехь, цхьана а провайдеро и кхочуш цадарна Мегафонан а, МТСан а, Билайнан а, Вайнахтелекоман а, ЧССан а векалш тIе а кхайхкина, низам кхочуш ца дахь, царна дан тарло таIзар дIахьедича, юкъадаьхна цара и дехкарш, шайна зе хилахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG