ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла мехкадаьтта доккху меттигаш лохур ю Нохчийчохь Азербайджанан пачхьалкхан кампанино


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Роснефть кампанино 800 000 тонн мехкадаьтта даьккхина Нохчийчохь 2011-чу шарахь, 09Гезг2011
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Роснефть кампанино 800 000 тонн мехкадаьтта даьккхина Нохчийчохь 2011-чу шарахь, 09Гезг2011

Нохчийчурча Iедалша шайн махкахь болх бан кхайкхина Азербайджанан пачхьалкхан мехкадаьттан кампани. Цигарчу говзанчаша гIо дийра ду меттигерачу мехкадаьттан индустрин белхахошна керла Iаьржа дашо докхху меттигаш лохуш.


Кху беттан 4-чу дийнахь Нохчийчоьнан финансийн министро Исаев Iелас хаам бира журналисташка Нохчийчохь мехкадаьтта долу меттигаш талла Оьрсийчоьнан Роснефть кампанина елла йолу лицензин хан чекхяьлла аьлла. Цундела цара республике кхайкхина Азербайджанера мехкадаьттан кампани.

Цу хаамо юкъаметтигаш йохо мегаш ю Оьрсийчоьн премьер-министран Путин Владимиран уллерачу шина стеган. Царах цхьаъ ву Роснефтана Iуналла деш волу вице-премьер Сечин Игорь. Ткъа важа ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Кху шеран Чиллан-баттахь Кадыровс бехке йира Роснефть, Нохчийчохь мехкадаьтта цIандо завод юьллур ю, аьлла, ша делла долу дош кхочуш ца дарна. И завод йилла йоло езаш яра 2011-чу шарахь.

Азербайджанан мехкадаьттан кампани Нохчийчу кхайкхар леррина дина долу хIума хила мега, Нохчийчохь болх бар хьокъехь Москохца дагадовлар дIахьуш Кадыровн позициш онда хилитар Iалашонца.

Цкъачунна Азербайджанан пачхьалкхан кампанино а, Оьрсийчурча Роснефть кампанино Исаевс дина долу дIахьедар цхьа комментари а ца еш дитина. Амма Бакохарчу аналисташна баш дIоггара мехала ду, аьлла а, ца хета иза.

Шабан Ильхам мехкадаьтта а, газ а лахаран Бакорчу Институтан белхахо ву. Цунна хетарехь, Оьрсийчура Къилбаседа Кавказ Азербайджанан пачхьалкхан кампанина болх бан дукха кхераме меттиг ю.

Шабан Ильхам: Азербайджанан мехкадаьттан кампани махкал арахьа инвестициш хьежо йолаелла 2007-цу шарахь дуьйна. Амма цара хаьржинаш дукха дика йолу, кхераме йоцу проекташ ю. Нохчийчохь а, Дагестанехь а йолчу мехкадаьтта доккхучу меттигашкахь ойла йолуш бац уьш.

И меттигаш дукха кхераме ю, аьлла, хета царна. Къилбаседа Кавказехь тIелетарш до мехкадаьттан коьчаллашна. БиргIанаш чура мехкадаьтта лечкъор а даьржина ду цигахь.

Карарчу хенахь Нохчийчохь даккха аьтто болчу мехкадаьттан барам бу 60 миллион тонн. Ткъа газан барам бу 3 миллиард кубометар. 2011-чу шарахь Роснефть кампанино Нохчийчохь даьккхинарг дара 800 000 тонн мехкадаьтта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG