Цу конференцехь къамел динчарах цхьаъ вара Петарбухера историк, этнолог, антрополог Абашин Сергей. Цо историн цхьаьнадогIурш далийра, карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхо волу Кадыров Рамзан, метрополех возуш а волуш, ша урхалла дечу территори тIехь буьззинчу барамехь ницкъ болуш хилар гойтуш.
ТIаьхьара цу тайпа схема лелийна Оьрсийчоьно ша Iуналла дечу Юккъерчу Азера территорешца юкъаметтигаш дIанисйеш. Оьрсийчоь импери йолу хан ю иза.
«Кавказский узел» интернетан портало яздарехь, таханлерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Бухаройн эмир дагавоуьйту аьлла хета Абашинна: "Юккъерчу Азехь Бухаройн эмират хилла. Петарбухах возуш волчу меттигерчу куьйгалхочо чоьхьара политика лелош хилла, ша юкъадаьхначу меттигерчу низамашна тIе а тевжаш. Метрополех возуш хиллехь а, ша Iуналла дечу территорина тIехь буьззинчу барамехь хилла цуьнан карахь Iедалан мукъ».
Вуьйцург ву шуьйра вевзаш волу Бухаройн эмир Алим-хан Сейид. 1920 шарахь болшевикаш вохийна Мангыт династера тIеххьара эмир ву иза. Гарехь, эксперташ Iехогш дерг хила мега, Кадыровх Нохчийчохь цхьаболчара «паччахь» олуш хилар. Иза падишах бохург ду. Изза паччахь олуш хилла нохчаша Оьрсийчоьнан императорх а.
Кадыровна а, Алим-ханна а юкъахь цхьатера хIуманаш ду бохург эксперташ тIечIагIдина дац. Церах ву Кавказехула говзанча МГИМО-н кертарчу Кавказан проблемаш а, регионийн кхерамазаллица йоьзна проблемаш а толлучу центран куьйгалхо Ярлыкапов Ахьмад.
"Бухаройн эмирана а, Кадыровна а юкъахь юкъарлонаш гойту сийзаш хьоькхур дацара ас. Дуккха а цхьана ца догIу хIуманаш ду царшинна юкъахь, историн а, статусан а чулацаман кепашкахь», - хета Ярлыкаповна.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Бухаройн эмирах тера ву бохучунна дуьхьал ву оццу центран эксперт Муханов Вадим. "Кавказ.Реалиина" ша еллачу интервьюхь цо элира, и шиъ вустар дукха озийна даьккхина хIума ду аьлла. Иза Iедалан векалшна оьшуш ду аьлла хета Мухановна шаьш дуьйцучунна тIе тидам бахийта.
Воккхучу Петарбухерчу мехкадех Бухаройн хан возуш хилар яздина дара 1873-чу шарахь Петарбухо а, Бухарано а бинчу бартан тIехь. Кадыровна мандат елларг цхьа стаг ву: Оьрсийчоьнан Федерацин президент. Цундела таханлерчу Москохана муьтIахь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо лелош дерг билгалдаьккхина дац я указашца а, я сацамашца а, я Оьрсийчоьнан низамашца а.
Нагахь Бухаройн эмирийн Iедал цуьнан тIаьхьенашка дIалуш хиллехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо харжар доьзна ду президентах Путин Владимирах. Кадыровн политикан кхоллам бозуш бу цхьана стагах.
МГИМО-хь хиллачу дискуссино гайтира, цхьаболу эксперташ исторехь хиллачуьнга кхийдаш хилар, Кремло Соьлж-ГIалаца лелочу политикана тIаьхьакхиа гIерташ.
Массо а кхеташ ву, кхечу регионашкарчу губернаторшна ца магош дерг Кадыровна магийна хиларх, амма «Соьлж-ГIалахь эмир хиларх лаьцна сацам бийриг ю Кремл.