ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧВК-на йукъабаха дуьхьал болчу тутмакхашна керла гIуллакхаш долорца кхерамаш туьйсу Кавказехь


Санкт-Петербургера "ЧВК Вагнер Центр". Гайтаман сурт
Санкт-Петербургера "ЧВК Вагнер Центр". Гайтаман сурт

Краснодаран, Ростовн мехкашкарчу а, Къилбаседа Кавказерчу регионашкарчу а набахтешкахь хан токхучу тутмакхашна кхерамаш тийсина керла бехктакхаман гIуллакхаш долорца, нагахь санна, "ЧВК Вагнерна" йукъабаха уьш духьал хилахь. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина бакъоларйархочо, "Тутмакхийн бакъонаш ларйайта" аьллачу фондан куьйгалхочо Гельмель Янас.

Шайгара тутмакхашкара а кхаьчна цуьнга хаамаш. Масала, цхьаволчу тутмакхана кхерам тийсина, дуккха а шераш хьалха дина ду бохучу зуламна тIехула бехктакхаман гIуллакх долор ду аьлла, нагахь санна, иза дуьхьал хилахь. Колонешка богIучу ФСБ-н а, МВД-н а белхахошкара кхочу кхерамаш.

"Набахтин администрацино Iаткъам бо Украине баха дуьхьал болуш, йа цига вахаран тIаьхьалонаш кхечу нахе дIайуьйцуш болчу тутмакхашна. Масала, зIе лелош дехкарш до царна (мобилан зIе оьрсийн колонешкахь магийна йац, амма дукхачу наха низамехь доцуш и лелайо иза, - Ред. билг.), бакъоларйархошца а, журналисташца а цаьрга къамел ца дайта", - тIетоьхна спикеро.

Шега хаам бина тутмакхаш чохь латтош йолчу набахтийн цIерш ца йоху цо, шена уьш хууш йелахь а – церан кхерамазалла ларйархьама лелош ду иза.

ГIуран-баттахь дуьйна набахтешкахь йуха а долийна "ЧВК Вагнере" нах ийзор, дуьйцу "Верстка" хьасто. Чиллан-беттан йуьххьехь тIаме ийзоран шолгIачу тулгIенах лаьцна "Медиазоно" дийцира – журналистийн хаамашца, хIинца тIаме баха луурш кхин а кIезга бу, цундела "ЧВК Вагнеран" белхахойн вербовкан барамаш лело дезна. Дийна а биссина, гечдинчу нахах лаьцна дуьйцу царна.

  • "ЧВК Вагнера" – Оьрсийчоьнан официалехь доцу тIеман дакъа ду, цуьнан эскархоша дакъалоцу Шемахь а, Африкехь а, Украинехь а лаьттахула дIахьочу операцешкахь. "ЧВК Вагнера" кхоьллинарг Пригожин Евгений ву, Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца а доттагIалла хиларца вевзаш ву иза. Оьрсийчоьнан низамаша дихкина ду долахь тIеман компанеш лелор.
  • "ЧВК Вагнеран" Краснодаран махкарчу Бакинская эвларчу кешнашкахь чиллан-беттан 4-хь 100 сов кешнаш керийна – кIира хьалха уьш 170 бен дацара. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига дийцина блогера Вотановский Виталийс – Украинехь байъина оьрсийн эскархой багарбеш ву иза.
  • 2023-чу шеран дечкен-беттан 17-хь Украинерчу тIамехь вийра "ЧВК Вагнеран" йолахо, Краснодаран махкарчу Александровскан кIотаран казакийн йукъараллин хилла волу атаман Ситавичус Александр. 2019-чу шарахь цунна 21 шо хан тоьхнера кхо стаг верна.
  • ГIуран-баттахь Ростовн махкарчу Новошахтинскан кIоштахь оьрсийн доза хадийна волчу "ЧВК Вагнеран" йолахочо полисхойн агIор герз кхийсина хиллера, тIаккха иза дIалецира. Ша вайнера, тIаккха полисхой украинхойн эскархойх тарабеллера шена, аьлла цо. Йолахо чувоьллира– и стаг дIахеца, кампанига схьало "шен жоьпаллица", аьлла кехат дахьийтира Пригожино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG