ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказхочун васт а, оьрсийн кинематограф а


Оьрсийчоь -- нохчийн киноактер Омаев Дагун, "Марша вогIийла" фильм.
Оьрсийчоь -- нохчийн киноактер Омаев Дагун, "Марша вогIийла" фильм.

Цхьана заманашкахь Оьрсийчоьнан хаамийн гΙирсашкахь, театрехь, кинохь бΙаьрла лаьттина кавказхочун васт олийла дац. Делахь а къаьсттина ирча, гΙиллакхах, оьздангаллах воьхна гойтуш ву оцу хьостанаша кавказхо кху тΙаьххьарчу ткъа шарахь. И хьал муха хийца деза, къадийна деношкахь Оьрсийчоьнан культуран министралло. ХΙун дан догΙу цу тΙехь, дуьйцу гоьбевлла бевзачу Кавказерчу кинон а, театран а режиссераша а, актераша а.


Яа дог хилча, чано шен кIорни ченала хьакхийна, олуш болчу нохчех ченан кΙорнеш Кремло ян йолийра Дудаев ДжовхΙар Ιедале веъча, бохуш чΙагΙдо хийлачо. Ткъа дукха ду Оьрсийчоьнан керлачу исторехь нохчашна дуьне гатдан кхин а хьалха долийна хилар гойту тоьшаллаш.

Советан Ιедал а дохале, Ельцин Борис политикехь а чΙагΙвалале, 1989-чу шеран гурахь Москохарчу вайнехан интеллигенцино компартин дайшка, Лакхарчу Совете, пачхьалкхан прокуратуре, парламентан депутаташка, Оьрсийчохь ду бохучу газеташка хьажийна хиллачу кехатан чулацам бу хΙара.

«Сталина махках а дохийна, ах сов хΙаллакьхиллачу къоман векалш тхаьш хиларе терра, оха боккхачу лазамца тΙеоьцу тхайн къам сийсаздеш, Советан пачхьалкхехь газеташа а, телевизионо а даржаде питанаш. ( Кхузахь ягаръеш ю «Литературная газета», «Советская Россия», «Московская правда» газеташа а, «Москва», «Звезда», «Память» цΙейолчу стаммий журналаша а, кхечу хьостанаша а вайнах сийсазбеш зорбане яьхна артиклш, гайтина передачаш).

Къоман цхьацца векалшкара дийлина кегий сакхташ юьхьар а оьцуш, нохчий а, гΙалгΙай а мостагΙийн вастехь гойту дуьненна а. И тайпа харцо дено-дено шорлуш ю. Пачхьалкхахь халкъан дахар лекъаш хиларан а, экономикехь эшамаш хиларан а коьрта бахьана деш лаьтта вайнахах оьрсийн бΙаьргаш чохь.

Цундела вайнахе есташ ю Советан Цхьаьнакхетараллехь гамо, цабезам», - яздо Москохарчу вайнехан Ιилманчаша а, аспиранташа а. Масална, дуьйцу шаьш кехат яздале массех де хьалха милицино, бехк-гунахь а доцуш, вийра нохчо Хасбулатов Ваха, бохуш.

«Дерриг а, Ιедало вайнахана дуьхьалдаьккхинарг юьхьар а оьцуш, оха Ιедал декхаредо нохчашна а, гΙалгΙашна а тΙехь зорбанехула эладитанаш даржор дита а, тΙаьххьарчу заманахь Москохахь тхан къоман нах байъинарш жоьпе озон а».

Иштта дара оьрсийн, нохчийн барт эгΙорна бехке вен Дудаев ДжовхΙар Нохчийчоьнна вевзаш а воцчу, иза даймахка ван кхо шо а дуьсуш, Москохарчу вайнаха Ιедале дахьийтина дΙахьедар.

Москохарчу интеллигенташа далхийнарг тидаме-м муххале а ца ийцира я прессано а, я Ιедалша а. Мелхо а гамонаш кΙаргъеш хьийзира Кремлах мел бозу ницкъ.
Цундела 1991-чу шеран гурахь Дудаев ДжовхΙар къомо декхаре вира Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хилар дΙакхайкхон.

Ткъа оьрсийнний, нохчийнний юкъаметтигаш тΙаьме ерзош, уггаре дика хьаьвзинарг - изза Кремлера дΙасаяьржа идеологи яра. Цуьнан тоьшаллаш а ду эзарнашкахь.

...ТΙаккха шен дош кхайкхо делира дуьнен тΙехь тоьлла долу оьрсийн герз. Ткъа пропагандин болх а дацара соцабойла. ТΙом толаме кхачорхьама, хΙора дийнахь а кхион езаш яра Оьрсийчоьнан бахархошлахь оьгΙазалла, мостагΙалла. Ткъа мостагΙий болуш бара - нохчий. Тоаме дацара беккъа цхьа тΙемалой оцу тΙегΙанахь латтор, дерриг а къам дора пропагандано мостагΙ. Кремлана и кхачо еш дара газеташ, радио, телевизион.

ТΙаьхьо тΙекхийтира театр а, кино а. Нохчийчуьрчу тΙемех лаьцна оьрсийн режиссераша яьхначу киношчуьра ду хΙара аьзнийн кочар. Башхалле ду, оцу кинош чохь беккъа цхьана нохчийн тΙемалошна наΙалт аьлла ца Ιаш, дерриг а къам сийсаздеш хилар.

"Царна ца беза оьрсий, оьрсийн царна бежаний ду. ...Иза-м хIумма а дац, царна шаьш тоьлла раса хета, вай царна хIумма а дац...и боьха хIуманаш хьалххе цIединчу болатца ягон езаш яра...И текхаргаш лелхийта еза...,"чичеш стенгахь бу? - дIогахь, хетарехь, вайнаш бу, ткъа дIогахь, гарехь - чичеш"...хIара гIала сан дайша кхоьллина, со вуьззина гIалгIазакхи ву,эшахь, ас а леташ буьтур бу кхузахь сайн корта...уьш массо а хIалакбан беза...кест-кеста коьртах гIаж а етташ, шайн метта хIитторах, бихкина кхабарх гIуллакх хир дац, кхузахь уьш массо а уьрсаш хьекхна дIабаха беза, цхьана заманахь Чингисхана санна, тIаккха чекхдер ду дерриг а, кхин цхьа проблемаш хир яц".

Тамаше хетало, массо а хΙума шен кога кΙел латточу Кремло иштта къамелаш чохь а долуш яьхна кинош ерриг Оьрсийчоьнан телевизионашкахула гайта могош хилар. Бакъду, шаьш нохчий-м цец а ца буьйлу - дерриг иштта хила дезаш санна, боьлла уьш пачхьалкхо шайна тΙе нехаш хьекхарх.

ТΙамах лаьцна йохучу кинош чохь хΙумма а хала дац муьлххачу а оьрсийн актерна нохчийн мотт бийца, аьлча а, буьйцу кеп лелон. Цара дуьйцучух, хΙета а вета а, кхидолу къаьмнаш кхетар а дац, ткъа нохчаша ечу восан пусар ца до цхьана а режиссеро а я актёро а. Цундела ву нохчочун васт ловзо охΙла муьлха а оьрсийн киноактер. Цо хецна буьйцу кинош чохь оцу "мостагΙчун" и мотт.

РогΙерчу тΙегΙантΙе а яьлла, юм оьцуш ю оьрсийн пропаганда тахана. Халкъана кΙиранашкахь дийццал доккха Ιаламат а дина дуьйцу оьрсийн газеташа, телевизионаша бутт хьалха Москохарчу туьканийн куьпахь,«Европейскехь», машен нийса дΙа ца хΙоттийначу Мингаева Мадинех а, цуьнан кΙантах а лаьцна.

Иштта шуьйра дуьйцу кху деношкахь Киевский вокзалехь футболан фанаташний, нохчийн шина кΙантаний юкъахь даьлла дов. Цигахь вийна стагга а вац. Ткъа ца дуьйцу оццул дукха деношкахь Башкортастонан шахьарахь, Уфахь, кхо бер а, зуда а дийна веддачу зуламхочух лаьцна. Цуьнан цΙе, хууш йоллушехь а яц йоккхуш.

Бахьана цхьаъ ду – Мингаева Мадина а, вокзалехь летта бохуш вуьйцу Ризванов Бекхан а, Эльдиев Мохьмад а нохчий бу, царах лаьцна дийца догΙу, иза оьшуш ду прессина а, политикашна а, ткъа Уфахь доьзал бийнарг оьрсий ву, цундела цо дивидендаш ца йохьу я Ιедална а, я хаамийн гΙирсашна а.

ХΙинццалц вай тидаме мел эцнарг дайъа, мел лелларг кхечу хорша дерзо лаар къадош гΙулч яьккхина Кремло кху деношкахь. Оцо, бегаше а доцуш, цецбоху пачхьалкхан политикехь кху ткъа шарахь Ιедало кΙелдΙахула лелаен кийтарлонаш евза тергамхой. Кавказхочун васт хΙинца дуьйна дΙа дика гойтуш, иза а, кхиболу нах санна, адам хилар чΙагΙдеш, кинематографехь васт кхолла деза, аьлла кхайкхам бина Оьрсийчоьнан культуран министралло.

«Оха кинематографисташ халкъана оьшу васт кхолларехьа кхойкху, гойтуш ерг Сибрех елахь а, я Кавказ елахь а», - элира деношкахь оцу министраллан векала Ивлев Григорийс.

«Пачхьалкхо къаьмнийн васт, ша аьлча, кавказхойн васт киношца хаздарехь дакъалаца догΙу», - бохура пачхьалкхан думин къаьмнийн гΙуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Маркелов Михаила.

«Оьрси, нохчо, гΙезало заводехь цхьаьна болх беш, эскарехь цхьаьна гΙуллакх деш, лулахь мерза бехаш гойту филмаш, спектаклаш яха еза», - бохура кху деношкахь оьрсийн президентан дуьненца культуран зΙенаш латторехь векал волчу Швыдкой Михаила а.

Тамаше ду, къаьмнаш эгΙийна болчу политикел а хьалха, барт кхайкхон арабохурш кинематографисташ хилар. И ойла къадийра Маршо Радионо шайца къамел мел динчу Къилбаседа Кавказерчу кинон а, театран а говзанчаша.

Нохчийн театр гоьйоккхуш, кхиош шен лаккхара похΙма а, хаарш а дΙалучех ву Джамаев Ιимран. Цунна иштта го халкъашлахь кавказхочун васт тодан къастийначу некъах дерг.

Джамаев Iимран: " ТIаьххьарчу кху 10-12 шарахь цара яьхна фильмаш цхьа породи хетара суна, Iаьмеркан яр-кха кинош, цхьана герзахочо вогIий, дийнна эскарш охьадуьллуш. Уьш санна, стенгахь, маца хилла хIума ду кхетош а доцуш, оьрсий салтичо дуккха а нохчий бойъуш. ХIинца и тайпа филмаш яхар лахделлехь а, сецна дац. Уьш машаран гIуллакхна пайде хIуманаш дац, мелхо а, кхетам ледара болчунна коьрте харц ойла кхуллуш ду.

Тхайна, театран белхахошна, кхочучу декъанна оха тхаьашка далург до. Йиъ театр ю тахана Нохчийчохь - Нурадиловн цIарах ергий, Лермонтовн театррий, кегийрхойн "Серлоййий", ТЮЗзий - къоначу хьажархочун театр".

Нохчочул даладелла дац оьрсийчохь лела дагестанхочун васт а. «Тоьар ду Кавказ кхаба», бохуш, Москохахь а, оьрсийн дуккхаъчу а гΙаланашкахь емал бечу нохчел, я гΙалгΙайл механа базбина ца буьйцу уьш а. Цигара ву дуккха а фильмаш яьхна а, Оьрсийчохь вевзаш а волу кинорежиссер Ибрагимов Курбан. Цунна гарехь, еккъа цхьа киноматеограф ларалур яц, шерашкахь политикаша леррина къа а хьоьгуш, чам боцчу даккхина кавказхочун васт цΙандечохь.

Дагестан --Кинорежиссер Ибрагимов Курбан.
Дагестан --Кинорежиссер Ибрагимов Курбан.
Ибрагимов Курбан: "Еккъа цхьа кхинематограф тоаме ю аьлла ца хета суна. Культурехула тоян-м лур ю юкъаметтигаш, масала, Дагестанан культурехула. Ткъа кино цхьа элемент бен а яц, кино йоцург, театр а ю, суьрташдахкархойн болх а бу. Цу тIе хаамийн гIирсаша а бина шайн Iаьржа болх. "Кавказхой ишта-вуьшта бу", олий, бехбо. ХIун ду, кавказхой "иштта бу" бохург, кегийрхойн цхьа-ши стаг юьхьар а оьцуш, дийца мега ткъа доллучу къомах а лаьцна и маьттаза хIуманаш?"

Ах бIе сов кино чохь васт кхоьллина а, хьажархочунна товш а актер ву тахана а нохчо Омаев Дагун. Цунна хетарехь, тоаме дац хийрачу киностудешкахула кавказхочунна васт гогйтуш кино яккхахьара бохуш лелар, киностудеш кавказхойн шайн хила еза. ТIаккха бен хир кинематограф кавказхойн амалш, церан оьзда гIиллакхаш, тоъал пайда а бохьуш, дуьненна гойтуш.

Омаев Дагун: " Хьалха а ца яхийтора вайна ма-хетта филмаш. Масала, Шерипов Асламбеках лаьцна кино йоккхуш ца витира цуьнан васт ловзон нохчо - оьрсийн актере Золотухин Дмитрийга дIелира. Шерипов тIехьийза йоI а оьрсий йира, иза хилларг дацахь а.

...Бакъдерг дийцича, бехк вайн а бу, хIетахь вайна доьхкуш дацара вешан киностуди кхолла, амма ца дира вай иза. Таханалераниг дийцича, вайн къам кинематографехь пайда боцчу даьккхина оьрсийн режиссераша.

Вайна оьшу вешан актераш кечбан, режиссераш, операторш кечбан - деша хьовсон беза кегийрхой. Уьш вай ца бохийтий, вешан кино вайн хир яц. Ткъа хийрачу мехкашка деха а эрна ду, вайн къоман васт лакхарчу тIегIан тIехь гайтар доьхуш лела".

ЧIогIа тамаше хетало цхьа хIума. Амма оцо-м вай мел дийцинарг а доккху пайда боцчу. Делахь а хIотто догIу хаттар: кавказхочун васт цIиндарехь, къаьмнийн вовшашка дебна гамо, кхиина ксенофоби эшон кхочур буй-те ницкъ еккъа цхьана кинематографан? Стенна ца хIуьтту изза Путин, Медведев и хаттар ерриг а министраллашна хьалха, халкъана хьалха айдан а, къаьмнашна юкъа барт баккъала а боссонболу некъаш билгалбаха а?

БIе сов къаьмнех кхоллаеллачу Оьрсийчоьнан Iедалехь, урхаллашкахь мел дукха бу оьрсех боцу хьаькамаш?

Юкъара ю бохуш ерриг Оьрсийчоь хьожучу телевизионашкахь маца, хьанна гина кху тIаьххьарчу шерашкахь цкъа мукъане а чукчийн я хIирийн, эвенкийн я мордвинийн, нохчийн я бурятийн эшарийн, я хелхарийн концерт, я кхача, духар, гIиллакхийн-ламастийн хазалла гойту шоу?

Оьрсийчуьрчу кхечу къаьмнийн яздархоша кхоьллина йоцу литература хьеха а йой оьрсаша шайн берашлахь?

Дуккха а ду и тайпа хеттарш. Амма жоьпаш-м дац, къаьмнашна вовшийн хаздеш политика лелайо Кремло, аьлла, чIагIдан бакъо луш.

Ткъа хIун безам гIур бу, масала, Кулиев Кайсынан я Гамзатов Расулан, Мамакаев Iаьрбин я Яндиев Джамалдин байтех марзо эцна а воцчу оьрсийчун шена урамехь вайначу балкхарочуьнга я суьйличуьнга, нохчочуьнга я гIалгIачуьнга?

Литературехула, театрехула, киношкахула, телевизионехула къаьмнийн синбахам, амалш, аматаш девзича бен хуур дуй хийрачу стагна дикачу адамашлахь вониг мила ву, вочу адамашлахь диканиг мила ву къастон?
XS
SM
MD
LG