ГIалгIазкхаша сих-сиха локхуш цхьа йиш ю. Цхьаболчарна забаре хетар ю иза, ткъа вукхарна - халонга ян там бу и. Мухха делахь а, нохчийн нахана Iиттарш ян Iалашонца бен локхуш яц и, хетарехь. Оцу эшаран маситта вариант ю. Мел тамашийна делахь, уьш массо тахана а лоькхуш ю. ЛадогIа хIокху Теркан гIалгIазкхийн тобано локхуш йолчуьнга. Бухахь и йиш нохчийн матта яьккхина Маршо Радионо:
Эшаран текст иштта ю:
Ойся ты ойся
На горе стоял Шамиль, он Богу молился
За свободу за народ - низко поклонился
Припев:
Ойся, ты ойся, ты меня не бойся.
Я тебя не трону, ты не беспокойся. (х2)
Базар большой чеченов много
Русска девка хороша, уступи дорога!
Ойся, ты ойся ...
Чечен молодой купил поросенка
Всю дорогу целовал, думал что девчонка.
Ойся, ты ойся ...
Чечен молодой в озере купался,
Русску девку коропчил, без штанов остался.
Ойся, ты ойся ...
Чечен молодой, а кинжал новый,
У чечена нос здоровый.
(Нохчийн гочдар)
Лам тIехь лаьтташ вара Шемал, доIанаш дора цо Деле, халкъана паргIато йоьхуш, сужуд деш.
ТIаьхьар-алар:
ХIорстоъ-хIорстоъ, сох ма кхера хьо, ас пIелг Iуттур бац хьох, са ма гатде.
Йоккхачу базарахь дуккха а нохчий бу,
ГIазкхийн йоI хаза ю, дIасадовла цуьнан новкъара.
ХIорстоъ-хIорстоъ...
Къона нохчочо херси эцна, некъан бохалла обанаш баьхна цо цунна, и йоI ю моьттуш.
ХIорстоъ-хIорстоъ...
Къона нохчо Iома чохь лийчина, гIазкхийн йоI ядийна, хеча йоцуш висина.
ХIорстоъ-хIорстоъ...
Нохчо къона ву, цуьнан шаьлта цIена ю,
Мара – боккха бу цуьнан.