ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине леткъамаш бо гIалагIазкхаша


Оьрсийчоь -- Тарраш лестош хелхар деш бу гIалагIазкхий, 22Охан2012
Оьрсийчоь -- Тарраш лестош хелхар деш бу гIалагIазкхий, 22Охан2012

Цхьанаметта кхо кхайкхам хьажийна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире цу пачхьалкхан къилбехь бехачу гIалагIазкхийн атаманаш. Цара доьхург ду Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а федералан гонийн чулацам хийцар. ГIалагIазкхийн атаманашна хетарехь, Ставропол-мохк цхьамогIа бахьанашца юкъарабаккха беза Къилбаседа Кавказан федералан гонна.

ГIалагIазкхаш Путине яздинчу кехатан чулацам бийцаре бан церан хьалханчаш гулбеллера Баханчу баттахь Краснодаран махкахь йолчу Каневская олучу станицехь, бохуш хаам бо Независимая газето. Цу кхеташоне Кавказера гIалагIазкхий гулбелла ца Iаш баьхкинера Оьрсийчоьнан юккъерчу регионашкара а, Петарбухера а гIалагIазакхийн атаманаш.

Эххаре а Оьрсийчоьнан президенте хьажийначу кхайкхамашна тIе куьйгаш таIийна 70 гергга гIалагIзкхийн атамано. Иштта Путине яздинчу кехаташна тIехIиттина бу Аштаркхнан а, Донан а, ГIубанан а, Оьрсийчоьнан гIалагIазкхийн бертан а, ткъа иштта махкал арахьарчу гIалагIазкхийн а хьалханчаш.

Атаманашна хъетарехь, Iедалийн бехкенна Оьрсийчохь кхоллаелла цхьана къман нах беха этникан анклаваш. ГIалагIазкхашна хетарехь, цигахь лелаш ду Iедалийн низамашца догIуш доцу шайн низамаш. И анклаваш ехаш яц Iедалехь лелачу кепашца, цигарчу бахархоша цабашарца пе баьтта Оьрсийчохь тIеэцначу кепашна а, низамашна а, гIиллакхашна а бохуш, чIагIдо гIалагIазкхийн атаманаша.

Масалла далош гIалагIазкхаша хьехайо ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а. Цигара бахархой «ломан низамца» бехаш бу бохуш, дуьйцу цара.

Цундела цара доьху Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а федералан гонаш кхолларан чулацам хийцар. ГIалагIазкхийн жигархошна хетарехь, Къилбаседа Кавказан федералан гонна юкъабогIуш болу Ситавропол-мохк эшахь а аьлла латтош йолу резерван зона ю, цамгар кхетна йолчу лулахойн экономикашна.

Цул сов, и мохк терроран тIелетарш дан аьттонаш луш йолу меттиг ю цу регионехь жигаралла гойтучу зуламхошна бохуш чIаг1до г1алагIазкхаша.
Атаманаш дийцарехь, оьрсаша а, гIалагIазкъаша а, кхин болчу а Оьрсийчоьнан къилберчу славянаша цу тайппа дехар тIехь долу кехат хьажийна хилла президенте стохка Охан-беттан 20-чу дийнахь. Амма жоп далар метта кехат тидаме эцна аьлла, президентан администрацера хаам бина шайга бохуш, реза бац цуьнан авторш.

Шаьш Путине яздинчу кехат тIехь гIалагIазкхийн хьалханчаша дегабаамца яздо, шаьш а, оьрсий а юьстах бевлча муха латтор ю президенто а, цуьнан администрацино а Оьрсийчоьнан цхьаалла мехкан къилберчу меттигашкахь бохуш.

2014-чу шарахь хила езаш йолу Iаьнан Олимпиада а хьехайо цара. Цу Олимпиаданна тIехь Оьрсийчоьнан истори чекхйолуш яц, ткъа Кавказерчу элитийн коррупцин бух тIехь долу тешаме хилар кхачалур ду, 80 процент оьрсийн бахархоша гулдеш долу цига хьежош долу ахчанаш сецча бохуш, яздо гIалагIазкхаша.

Цу тIехь гIалагIазакхийн хьалханчийн дегабаамаш боьрзуш бац. «Теркан гIалагIазкхийн эскаран» хьашташ кхочуш дан цара Къилбаседа Кавказан федералан гонан территори тIехь 100 эзар гектар латта а доьху, ГIажарийн хIорд чохь чIерий лийца квоташ а йоьху, ГIизлар-гIалара коньяк деш йолу завод а йоьху.

Цул сов, цу нахана къаьсттина ца товш дерг ду Оьрсийчурча гIаланашкахь бусулба нахана маьждигаш дан бакъо луш хилар. Цу гIуллакхо девнаш доху бахархошна юкъахь, ткъа маьждигаш «наггахь ламазан чоьнаш хилла ца Iаш, кхечу динехь болчу нахе хьагI а, гамо а кхуллу экстремизман баннаш хуьлу бохуш, хаам бо гIалагIазкхийн жигархоша.

XS
SM
MD
LG