ГIирмехь тIаьхьара хиламаш буьйлабалале, и меттиг нохчашна дукха чIогIа хаза а хеташ, иза дукха езаш а яра. ХIора кIиранахь Соьлж-ГIалара цига йоьдуш йоккха автобус яра. Баккхий а, кегий а нах, цамгарш хьийзош болу, Евпатори а, Саки а гIаланашка боьлхура. Цигахь дукхахчарна дарбанаш а карадора. ХIокху деношкахь дуьххьарлера автобус яхана цига, хIинца, Оьрсийчоьнан регионе санна.
ГIирма садаIаран а, хан яйаран а дика меттиг яра. Дерриг а хIума дорах дара -петарш а, гIишлонаш а, даар-малар а. Цига богIучу садаIархойн чоьтах хене бовлура цигара нах. Кху шарахь а и болх юкъара ца баккха хьовсур ду шаьш боху ГIирмерчу Iедалша. Тахана ГIирмехь долчу хьолах лаьцна дуьйцу Евпатория гIалара яхархочо Леденева Галинас.
Галина: «ХIинца а хIума хийцаделла дац. Хьалхе ду, тхоьга хира бу баьхна болу хийцамаш ган. Пенсеш а, алапаш а айдина дац. ХIинца-хIинций бен тхан кхузахь оьрсийн ахчий бен лела а ца доладелла. Иза а массо а туьканашкахь а дац схьаоьцуш. Кехатан ахчий бен ца оьцу дIа.
Эчкан кепекаш оьцуш яц. Пенсеш а сацийнера цхьана кIиран-ах кIиранна. Сан нанас селхана бен схьа ца эцна иза. Оьрсийн ахчанца делла иза. Украино латтош хилла йолу социала программаш а сацийна. Паспорташ схьаэца гIерташ яьккхий рагIанаш ю. Цкъачуьнна баккхий хийцамаш гуш бац. Цхьа ши бутт безара бу иза ган. ХIинца а кегар бу».
ХIинццалц ГIирмехь, лакхахь ма аллара, мел йолу хIума йорах яра. Масала, коммуналан хьаштех ши чоь йолчу петарах луш долу ахча дара 20 доллар барам болуш. Цу юккъе доьдура телефонах а, хинах а, токах а, кхечу хIумнех дерг а.
Дустаме даьккхича, масла, Соьлж-гIалахь, изза петарах и барам дукха хан ю бIе долларалла тIехбаьлла. ГIирмера дукха нах оцу хIуманна саготта бац. Церан хIинца\ самукъдаьлла дог иркар хIоьттина ду боху Евпатори гIалара яхарахочо Галинас.
Галина: «ХIан-хIа. Дукхаберш саготта бац. Со-м ю сагатта деш. Нехан дог-ойланаш цхьа айелла ю. Баланаш тергоне а ца оьцу. Нехан цхьа бала бу-оьрсийн паспорт а, соьмаш схьаэцар. Кхечу хIуманах наха ойла ца йо. Коммунала хьаштех мах лакха берг хиларна. Цара ца йо ойла, Украинера сурсаташ ГIирме совцург хиларна.
Оьрсийчуьр иза яхьаш ялахь, иза еза хира ю. Иштта кегий хIумш ду. Дог айделла бу-тхо Оьрсийчохь бу-ша дерг кхочуш хилла. Евпаторехь ас майра эра ду 96 процентан, гIезлой дIабаьхча кхечу хIуманна саготта бац».
ГIирма-м, тIом м боцуш Оьрсийчоьнан дакъа хилла дIахоьттина. Ткъа, Украинан Малхбалехь йолу кIошташ: Харькован а, Луганскан а, Одессан а, Донецкан а, шен Iуналле ерзо лаам бу Оьрсийчоьнан. Нагахь санна иштта хила долалахь, уьш а, иштта тийна тIаьIIина сехьа ера юй, аьлла шега деллачу хаттарна иштта жоп делира ГIирмера яхархочо Галинас.
Галина: «Суна хетарехь уьш Украинехь юьсура ю. Царна Оьрсийчоьне дIакхета лаахь, суна хетарехь, тIом боцуш иза доьрзура дац. Со цецъяьлла ю, ГIирма а царна дIаяларна иштта тийна. Цунна(Путин) лиъна-цуо схьаяьккхи. Цхьаммо а доьхьало ца йира. Ткъа, цигахь, кхечу агIора хира ду. Украинехь юьсура ю уьш».
ГIирме, Совета заманахь а, хIинца а баханчу наха, билгалдоккху, цигахь хIета дуьйна цхьа хIума хийцаделла ца хилар.
Тамашийна далахь, Украинан цхьанна а Iедало, хIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь, Iаьржа хIурдан уллехь йолчу оцу исбаьхьаллийн меттигехь, хIара ю аьлла цхьа курорт ца йиллина.
Кхечу дашца аьлча, и ахгIайре, мацца а, Оьрсийчоьно схьайоккхург хиларх шек ца хиллачух тера ду. Шена а тамашийна хета, и курортан меттигаш Украино хьал ца айяр, бохуш тидам бо цигара яхархочо Галинас.
Галина: «Суна а иштта хета. Евпатори схьаоьцура вай. Иза-берийн курорт, могашалла ларъяран мехаллийн меттиг ма ю. Кхузахь «Таврия» санаторий ю. Иза йоккха меттиг дIалоцуш а ю. Суна хиира иза, кехатех ловзуш эшначо дIаеллера. Цу тIе а ахча дохуьйтуш дацара.
Со кхета, ахча оьшу иза дан.
Амма, нах бан ма бу, иза долуш. Царна юх а доьрзура ма дара иза. Ца лаьара инвестор лаха. Суна ца хаа, республикера ахча мича доьдура. Инвесторш банне а бацара кхузахь. Республика йоьжнера. Цундела хира ду, дукхачу нахана Оьрсийчоьне баха лууш хилар».
ГIирмерачу хиламаша, цигарчу дукхахболчу бахархошна а ца Iаш, цигахь шай цхьацца бизнесан гIишлонаш йолчу нахана а беана пайда. Массо а хIумана мах хьала бера бац те аьлла сатийсам бу тIаьххьарчеран. Нохчий а бу лерг диллина ладоьгIуш. Бизнесхочуьнга Байсаров Руслане дIаелла оцу ГIирмера курорташ ян меттигаш.