Онда догIмаш долу адамаш схьакхечира гIорийначу Iуьйранна тапчанаш а, арсаш а, биргIан юьхкаш а карахь. Дийцарехь, царах цхьаьнгахь дIасахьежош яра масатопп. Цхьа де хьалха бандитийн тобано базарахь гIиба валлалц йиттинера боксер хиллачу Бройлер цIе йолу цхьана жимачу стагана, тIаьрсака палтона тIехула.
Ткъа хIинца Бройлер бекъам бан юхавеанера, иттаннаш шен накъостий а балош. Иза дара Петарбухехь Девяткино цIе йолчу аьчканекъан социйлехь. Кхин къамелаш деш ца Iаш, тасаелира ши тоба. Цу тасадаларехь Бройлеро урс туьйхира латархойн тренер волчу Федя Крым цIе лелочу стагана. Оццу дийнахь ГIура-беттан 18-чу дийнахь дарбанан хIусамехь велира и стаг.
Цул тIаьхьа мостагIий хилира цу дийнахь летта йолу ши тоба. Царах цхьаъ яра Тамбован, ткъа важа Малышевн зуламхойн синдикат. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран накъаосташца церан хилла уьйраш юьйцуш ю Испанехь зуламхоша лелийначух лаьцначу документашкахь.
ТIедогIучу шерашкахь цу тобанаша уьйраш дIатесира Путина шен политикан карьера йолийначу Петарбухерчу политикан эшелонца.
«1992-чу – 1995-чу шерашкахь Iедал спортхойх лаьттачу зуламхойн карахь дара. Дерриг а!» - бохуш дуьйцу цу гIалахь милицин талламхо хиллачу журналисто Вышенков Евгенийс.
Церан шолагIа цIераш яра Кувалда, Иту. Советан спортан машен уггаре а кхиинчу заманахь гIамарх дуьзначу галина буйнаш бетташ а, еза хIуманаш уьйъуш а спортан хIусамашкахь хуьлура уьш. Амма коммунистийн идеологин метта маьрша рынок еача цу нехан сатуьсийла яцара спортехь кхиамаш а баьхна баха ховшур бу аьлла.
Шайгахь болчу ницкъах пайда а оьцуш, Iожаллах цакхоьруш уьш гIуллакх дан буьйлабелира рэкет лелочу нехан гIашсалтий санна. Иштта йолаелира Оьрсийчохь бандитийн капитализм.
ШолагIа Дуьненера тIом дIабирзича Советан Iедалша вуно онда гIортор ян йолийра спортана коммунистийн пачхьалкх тоьлуш ю ала гIерташ.
Оцу хенахь буьйлабелира спортхой криминалаца уьйраш тийса. Тренерш содоIучу меттигашка бахийтара шаьш Iамош болу боксераш а, латархой а, уьш харцхьа лелачу кегийрахошна тIе а туьйсуш, церан говзалла зер Iалашонца.
Вай лакхохьа хьахийначу Вышенковс дийцарехь, жоьлгаш а, спекулянташ а, къайлаха дина сурсаташ духку базарахь мах лелон нах а, кхин болу зуламхой а дукха сиха кхийтира спортхошна инвестицеш а еш уьш шайна юкъаозор гIоле хиларх.
Кисина гIерта жуьйлиг трамвай тIехь "болх" беш хилара. Гучувалахь, бохча дерг оьгIаз а вахана, цо етта мегара жоьлгана. Цундела иза ларвеш улле воккхуш вара боксах латархо.
Зуламхойн тобанийн куьйгалхойн хьал гира спортхошна. ТIаккха царна шайна лиира цу нахана болх бечу метта и нах санна баха. Иштта кхоллаелира спортхойх лаьтта зуламхойн тобанаш. Къаьсттина уьш яьржира Советан Iедал доьхча.
Спортхойх хилла гангстерш бовза дукха атта дера церан духарца. Цара спортан духар а леладора, церан йоца хедийна месаш а яра, кочахь дашо зIенаш а яра. Яккхийн мускулаш хиларна царах «качки» олура.
Брежневн хенахь советан пачхьалкхарчу мафиозеша и нах балха эцара ресторанехь харцхьа лела нах аракхисса. И болх бина бу дукхах болу Советан пачхьалкх йохале а, йоьхначул тIаьхьа а хилла спортхой-гангстерш.
«Ас дIатебора гIовгIа еш меттах бевлла нах. Сан декхар дара чохь дерриг а тийна-тайна хилийтар»,- бохуш дийцира Маршо Радионе шен цIе цаяккхар дехначу 50 шаре ваьллачу Андрейс. И стаг карате хууш хилла а, Оьрсийчохь рэкет лелийна а ву.
Вышенковс дийцарехь, коммунистийн пачхьалкхан механизмаш яцара "бизнесхошна" юкъахь цакхетамаш лилхича дов дIадерзо. И гIуллакх шайна тIеийцира спортхоша. Цара къастадора мила харц ву, мила нийса ву. Цара листара девнаш, амма цара ял яккхара шаьш бечу балхах.
Цу спортхошна юкъахь бара вайнах а, шега а кховдийнера цара и некъ бохуш бохуш дийцира Маршо Радионе вевзаш волчу спортхочо, охьатохарх леташ Советан пачхьалкхан чемпион а хиллачу Бадалов Руслана.
Цхьаболчу хаамашца, Советан пачхьалкх юхаш цу махкахь хилла спортан говзанча цIе лелош волу 250 000 стаг. Царах 12 000 стаг говзанчаш бара дуьненаюкъара тIегIантIера.
Рэкетана юкъабахана дукхах болу спортхой бара охьатохалатархой а, боксах латархой а, дзюдон а, самбон а латархой а, еза атлетика лело нах а, спортан хIусамашкахь шайн дегIа мускулш кхиош болу нах а.
1990-чу шарахь вийна волу 28 шо долу боксерийн бандана хьалха ваьлла Соколов Юрий, масала, дзюдохула дуьненан чемпион вара.
Зуламхойн тобанашна юкъахь болу спортхой Москох, Петарбухехь а хилла цаIаш дIасабаьржинера дерриг а дуьйнентIехула. Уьш ур-аттала кхаьчнера дукхачу алссам оьрсий бехачу Нью-Йоркерчу Брайтион-Бич олучу кIошта а.
Амма царах дукхахболчера кхоллам да воккхавевуьйр волуш цахилира. Оццу Брайтон-Бич кIоштIахь, коьртах тайпча а тоьхна, мила ву цахуучу стага вийра Советан пачхьалкхан кхузза чемпион хилла волу боксах латархо Коротаев Олег. Ткъа 1990-чу а, 2000-чу шаре кхаччалц хан схьаэцча, цу тайпачу конфликташкахь вийра 6000 гергга стаг.
Бандитийн къасторашкахь дийна бисинчарна юкъахь вара Тамбован а, Малышевн а банданашна юкъахь хилла масийтта стаг, шайна юкъахь Испанерчу прокурораша хьахийна волу Путинан Iелдалхошца уьйраш хилла масийтта стаг а волуш. Ша Малышев Александр Испанера Оьрсийчу веддера 2008-чу шарахь, мах а эцна, кхел хиллалц аьлла ша аравалийтинчул тIаьхьа.
Вай лакхохьа хьахийначу Федя Крым вийначу Бройлерх лаьцна аьлча, иза чувоьллинера и зулам дарна. Набахтера дIахецча иза Собчак Анатолий коьртехь волчу сагIадоккхучу фондехь болх беш вара. 1997-чу шарахь иза вен дагахь тIелатар динера цунна. Амма и стаг дийна висира. Цхьаболчу хаамашца бакъйолу цIе Мискарьев Сергей цIе йолу иза тахана миллионер ву.