ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цкъа а гур вац хьуна хьайн кIант"


Дербентехь байначу беттан 15-чу дийнахь ницкъхоша лачкъийра кхо вахархо. Уьш бара Барзукаев Ислам (26 шо), Мизаралиев Мизарали (29 шо), Курбанов Хьасан (29 шо). Долахь герз лелорна бехкебира кегийнах. Лебеш яьккхина видео яьржина, гергарнаш тешна бу царна дареш дохуш йиттина хиларх.

Керла гIайгIа боьжна наношна тIе: Iедало лецначу берашна тIе ца буьту уьш. Оцу хьокъехь арздира "Кавказ.Реалиига " Барзукаев Исламан нанас Еленас. Иза а, Курбанов Хьасанан нана а кху муьрехь лаьтта гIалин полицин неIаршна хьалха цхьалхачу пикетехь. Гергарнаш тешна бу, хилла дац герз я Курбановн а, я Барзукаевн а – доьзалшна ца хууш, я уллехь шайх цхьаъ воцуш уьш ца боьлхура цхьаьнхьа а, герз ницкъхоша бухакхоьссина, чIагIдо цара.

Юхьанца шаьш полисхоша элира цаьрга, лаахь, лецнарш ган дуьйла. Курбановна уллера гергара стаг ю Рабаданова Зейнаб. Цо дийцарехь, пикетехь лаьтта наной чу а кхайкхина, полисхойн куьйгалло дош делла царна, протест сацаяхь, бераш гайта. "Гойту" хан къастийра дIадахначу еарийденна, кехат-тоьшалла а делира зударшка.

Наноша сацийра пикет. Амма ца бахийтира лецначарна тIе. Болчу хаамца, оцу юкъанна берийн талламча а хийцавелла.

Боцу бехкаш тIехьерчор даьржина лела Кавказехь, боху "Набахти а, бакъо а" юкъаралла кхоьллинчу жигархочо Долиева ПетIамата. "Кавказ.Реалиица" ша динчу къамелехь цо билгалдаьккхира, и харцо кхуллуш экстремизмна духьалоечу урхалло коьрта дакъа лоцуш хилар.

ГIалгIайчуьрчу "экстремизман центро" шен ваша вер толлуш хьийзира ша Долиева, оцо бохамо йира цунах бакъоларъярхо а. ТIаьхьо кхеле озийра бехке карийна ницкъхой, ПетIамата гIодора цара хьийзийначийн гергарчарна бакъо къовса. Иштта хьошалла тасаделира цуьнан, Шемарчу тIамехь дакъалаьцна аьлла, бехк тIебаьхьначу Котиев Вахин гергарчаьрца.

Ваха Шемахь гиначех ву Барзукаев Аслан, боху талламо. Барзукаев ша баккъал а хилла Шемахь 2014-чу шарахь. Амма иза сихха юхавеана цигара, цIакхоччушехь вахана полице, хаийтина, ша цхьа а зулам дина войцийла. Юьхьанца мукъавитина иза, ткъа лаьцна тIаьхьо – низамехь йоцчу тIеман гIеране хIоттарна (208-гIачу артиклан 2-гIа дакъа) массех шо хан тоьхна цунна цIахь, ваха-ван йиш йоцуш яккха.

Цо дийцина бакъоларъярхошка, "экстремизман центро" шена суьрташ а гойтуш, харц дареш дехира шегара, шена тиларчуьра воккху мехий диттира, тIаккха тIехь йоза доцчу кехаташна буха куьг яздайтора, аьлла.

Иштта нисвелла тоьшалла динчу Барзукаевн "куьйга кIел" Котиев. Оцу бахьаница Интерплехула лаха а кхайкхийча, лаьцна, Германера цIавалийна.

Юха а лаьцна ницкъхоша ша Барзукаев. Полицин урхалло яржийначу видео чохь цо боху, къайлах герз латтош меттиг яра шен. Гергарчара дийцарехь, йиттина йохийна го цуьнан юьхь.

Курбанов Хьасан а ву шераш хьалха экстремизмца доьзна набахтехь валлийна. Цуьнан гергарчо, Рабаданова Зейнаба дагалоьцу яхана зама – ницкъхоша, нах ида а бой, мукъабохург кхаьънаш оьцура гергарчаьргара я мидалш йохура шайн хьакамашкара.

Долиева ПетIамата а дуьйцу изза. "Миллион сом делча стаг вийнарг а дIахоьцу", - боху цо.

"Коррупционераш кхобу оцу кепо: кегийнах лоьцу, дукха хьолехь гергарчара сихха ахча вовшахтуху. Ткъа хIинца "тешнабехк" хилла царна – ца моьттина Курбановн а, Барзукаевн а наноша, цаьрца цхьана аса а, Барзукаевн гергарчу зудчо а гIара гIаттор ю, пресса гонахйоккхур ю, аьрзаш даржор ду, пикет хIоттор ю. Цхьана эшшара болх бо ницкъхоша кхоьллинчу системано: стаг лоцу, чувуллу, мах боьху, схьаоьцу, лаьцнарг дIахоьцу. Амма шаьш дIахецнарш юхалоьцуш а нисло церан – ахча оьшуш лаьтта даима а, хьаькамашна хьалха диканаш хила гIерта, керла совгIаташ деза Iедалера, болх тоьлла бийраш хуьлу, финансаш ло церан Центрна, цундела цкъа лецна, шаьш хьийзийнарш юха а лоьцу", - боху Долиева ПетIамата.

Долиева ПетIамат, Москох, пикетехь
Долиева ПетIамат, Москох, пикетехь

Цо дечу тоьшаллица, центро а, кхечу ницкъаллин урхаллаша а лецначийн доьзалша къайленехь кхобу шайна бина бохам. Амма хIинца ницкъхой "хьашт доцчу кхевдина", чохь бохкучарна цара ирча кхерамаш тийсахь а, еттахь а, къарбала лерина бац протесте бевлла зударий, аьлча а, наной.

"Кавказ.Реалино" хаьттира Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле изоляторехь етташ хиларх лаьцна. Амма ца даийтина дахьийтинчу хаттарна дуьхьал жоп.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG