ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьаькамаш лецарх ца тоьа"


Нах тешор буй Васильевс ша догцIена хьийзаш хиларх?

ХIун дан деза дагестанхой тешийта

ХIайт-аьлла хьаькамаш лецаро цецбаьхна Дагестанехь дукха нах, амма ца баьхна берраш а. Васильев Владимирх теша кийча бу цхьаберш, нагахь санна цуьнан Iедална журналист Камалов Хьажамурд а, вежарийн ГасангусейновгIан а, кхиберш а байинарш карабахь. Вукхара догдоху Дагестанехь президентан харжамаш цIенна чекхбовларе.

Коьртаниг – гIоьмаш куьйгашна йогIуш хилар

Дагестан кхидIа а "цIанъеш" хьийза Москох. Лецна кхобу ХIинжа-ГIалин мэр Iийна Мусаев Муса, гIалин коьрта архитектор Гитинов Мохьмадрасул, министрийн кабинетехь Iийна Гамидов Iабдусамад, Юсуфов Раюдин, Исаев Шемал, Шахов Шах-Iабас, кхиберш.

Мусаевс 2016-чу шеран Зазадоккху-беттан 25-чохь, низам а дохош, 17500 еакъов метр латта дала кхачийна шен омрица ОАО "АСПК" компанина, боху ницкъхоша.

Гитиновна бехкедо 2015-чу шарахь, гIалин доза а дохош, керла гIишлош ян план хIоттор. И кхочушдеш лелийна бозбуанчалла ду, талламчаша бахарехь, "лаккхарчу барамашкахь".

Лецначаралахь ву, масала, ши ваша ДжелиловгIар – Дербентера кIоштда Джелилов Мохьмад а, Дербент-гIалин кхеташонан депутат Джелилов Зулфеддин а. Мохьмад бехкево лаьттан дакъош дохкарна, ткъа цуьнан вешигахь карийна боху наркотикаш, иштта шеко ю цхьа хан хьалха цо стаг вийна хиларца а.

Дагестанхой юьхьанца шекбара шайн махка куьйгалле "ханна" аьлла ваийтинчу Васильевх. Кхо бутт баьлча а вац иза ша вуйла хоуьйтуш, олура хийлачо – ткъа иза хилла Москох гIоьнна а ехна Iаш – чоьхьарчу гIуллакхийн министралла, къайлаха сервис (ФСБ), инарла прокуратура.

"Кавказ.Реалиино", Дагестанан Iедалерчу хьостанашна тIе а тевжаш, яздина ма-хиллара, Васильев Iийна "зIуган бен" ца хьабеш, пачхьалкхан коьртачу шахьарара десант кхаччалц. Цу тIе, хеназа "бен" хьабахь, сахьт дац, бохура хIетахь хьостано, Дагестанан регионашкара хьаькамаш балхара а бевдда, таIзарх хьалхабовла.

"Муниципалитеташкахь ахча дац, деккъа декхарш бен ца дисина. Цундела ца боху уьш Васильевс даржашкара – керла баьхкинчийн дезар ду бюджетна Iуьрг стенна даьлла листа. Нах дIабаха йиш яц, цаьргара жоп деха деза," – бохура ХIинжа-ГIаларчу Iедалан векало.

…Ткъа тахана, ахча-бохча махкахь дацахь а, хьийса шортта инзаре хIуманаш-м ду дагестанхошна – хьаькамаш лецар.

МоттаргIанаш, я коррупцица къийсам?

Дагестанан Юкъараллин палатин декъашхо Халидов Денга реза вац, дерриг а дуьненна а гойтуш, хьакамашна гIоьмаш еттарх. "Мегар ма дац Iедалхошца иштта хьийза, уьш арахь лецначу хулиганех а тарбина", - боху цо.

Дагестан коррупционерийн, бандитийн бен болуш санна гойту халкъан бIаьргаш чохь. Бутт баьлча хуьлучу харжамашкахь шена националисташкара алссам кхаьжнаш баха лелош ду иза Iедало, аьлла хета Халидовна.

"Иза хьакамаш юьхьIаьржа хьиттош процедура ю. Бац лецначийн бехк теллина. Ас къамел мел динчу наха, берриг а мохк пайдабоцчу боккху ловзарш ду уьш, олу. Нахана лаьа мохк коррупцех цIанбойла, амма иза телевизионашкахула гIоьмаш а ловзош дан дезаш дацара".

Вежарий ГасангусейновгIар, иштта журналисташ, юкъархой, бехкебоцу кхин нах байинарш схьакарролц, бахархой Iедалх ца теша кхоччуш, боху Халидов Денгас.

Вевзаш волчу адвоката Мудунов Константина (иттех шо ду, кхелаш ерраш а лаьтта коррупционерех, бохуш, иза леткъа) Дагестанехь тутмIаьжгийн театр ю элира шен сурт ловзош.

"20, 10, 5 шераш хьалха а дара хууш "тахана гучудаьлларг". ЦIерш а яра евзаш. Бевза суна лецнарш, юкъаметтигаш а яра сан цаьрца кхечу нахаца санна … амма динчу къоланийн барамаш бу баккхий. Делахь а, стенна эшна и нах тахана леца?

Адвокат къера ву, Мохкора еъначу "театро" дика эффект елла – хIинца кхерабелла хьаькамаш Васильевх.

"ТаIзар хила торуш дуйла кхетабоьлла нах. Оцу тIехь Васильевс хIинццалц кхечара ца динарг дина. Цхьана ханна кхерабелла совцор бу къоланаш дечуьра министраш, кхелан белхахой, депутаташ, парггIат садаккха тарло халкъо а", - боху Мудуновс.

Камалов Хьажамурд, Дагестанера журналист, вийна 2011 шарахь
Камалов Хьажамурд, Дагестанера журналист, вийна 2011 шарахь

"Халкъана хаза хета зулам човхийча"

Дагестанерчу журналисто Меламедов Андрейс, "со бер дац ,Васильевс яьккхинчу цхьана гIулче а хьажна, тешшал,"кIезиг бу чубоьхкинарш", - элира.

"Керлачу куьйгалхоша махканна эвсаре хуьллу гIулчаш яха еза экономикехь. Шераш ду ас и проблема юьйцу, амма бац хуьлуш хийцам. Лаьттах доладар а ду махкахь вуно лачдаьккхина. Иза дIа ца нисдахь, юьртбахам болалур бац кхиа. Республикан бюджетна индустрино луш болу пайда а бац 6,5 процент бен", - боху Меламедовс, Дагестан дотацеша кхобуш хилар дага а доуьйтуш.

"Гарехь, дерриг а долийна цхьана Iалашонца – нехан Iедалх байна тешам меттахIотторхьама. Халкъана хаза хета зулам човхийча. Лецарш совций, халкъ тешар дац Iедало долийнарг дикане доьрзур ду бохучух".

Юкъараллехь жигара хьийзарца вевзачу могIарчу дагестанхочо Исмаилов Марата – "Дагестанерчу хармашна тIехьовсурш" цIе йолу болам вовшахтоьхна цо кху муьрехь. Цо шен яц хиндолчун прогноз, амма ша Васильевх ца теша, элира, "харжамаш цIена дIаболхахь, хуур ду-кх", аьлла, тIе а тухуш.

XS
SM
MD
LG