ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера теракт, Кадыровс нохчашна туьйсу кхерамаш а. КIиранан жамIаш


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Дагестанехь герзашца дина тIелатарш а, церан тIаьхьало; Нохчийчуьра бахархошна Кадыров Рамзана кхерамаш тийсина; Евробертан санкцийн керлачу тептарехь йу Оьрсийчоьнан къилба а, Къилбаседа Кавказ а. Цунах а, и доцчух дуьйцур ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арахоьцучу 69-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Дагестанехь герзашца дина тIелатарш

Мангал –беттан 23-чохь цхьа могIа тIелатарш динера Дагестанехь динан гIишлошна а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахошна а. Цкъа дуьххьара зуламхой тIелеттера Дербентера жуьгтийн синагогана а, православин килсана а. Дукха ца Iаш тIемалойн вукху тобано герзаш детта долийнера ХIинжа-ГIалара килсана уллорчу полисхошна, йагийра кхин а цхьаъ жуьгтийн килс. Чоьхьарчу гIуллакхийн белхахошна герзаш диттинера ишта Сергокала эвлахь а. Вийна 20 сов стаг, царлахь хилла бакъоларйаран органийн 16 белхахо, Дербентера килсан мозгIар а. ТIелеттарг билггал маса стаг хилла хIинца а хууш дац; къайлахчу сервисаша дIахьедира пхиъ зуламхо "дIаваьккхина" шаьш аьлла. Оьрсийчоьнан Талламан комитето терактах бехкзуламан гIуллакх долийна.

Байъина тIемалой – Сергокалинскан кIоштара бахархой бу, царех цхьаъ – маьршачу кепехь латарийн спортан мастер ву, важа – меттигерчу "Нийсонан Оьрсийчоь – патриоташ - бакъонехьа" партин хилла куьйгалхо ву, важа шиъ – Сергокалинскан кIоштан хиллачу куьйгалхочун, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхочун Омаров Магомедан гергара хилла. Теракт йинчул тIаьхьа парти йукъара а, даржера а дIаваьккхина иза лецира, цкъачунна харцахьа лелла аьллачу административан гIуллакхца доьзна. Административан кепехь лаьцна ву Омаровн масех кIант а.

Дербентехь а, ХIинжа-ГIалахь а динчу тIелатарех лаьцна вистхуьлуш Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIахьедина, тIемалой "дозанал арахьа кечбина хилла" аьлла. Хиллачунна билггал бехкевийриг мила ву мехкан куьйгалхочо къаста ца дира, амма къадийра, тIелатарш Украинерчу тIамаца доьзна хилар.

ТIом талларан америкахойн Институтан хаамашца, тIелатарш динарг хила тарло, 2024 шеран заздоккху-баттахь Москвана гергарчу «Крокус Сити Холл» концертан хIусамна тIелатар динчул тIаьхьа жигара даьлла «Исламан пачхьалкх» олучу террорхойн тобанан Къилбаседа-Кавказера «Вилаят Кавказ» олу дакъа.

Бакъду, Дагестанера тIелатаршна бехке даIишан хIорш йа вуьйш структураш йу аьлла, цхьана а кепара тоьшаллаш карарчу хенахь гучудевлла дац.

Путин Владимира комментарий йина йац Дербентехь а, ХIинжа-ГIалахь а динчу терактех лаьцна. Цуьнан метта вистхилла пресс-секретрь волу Песков Дмитрий. Пачхьалкхан куйгалхочун цIарах кадам бира цо байъинчийн гергарчаьрга.

Лаккхарчу даржхойх уггар а хьалха Дагестанехь динчу тIелатарех лаьцна вистхилларг ву Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовс волу Медведев Дмитрий. Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ, Украина а сийсазйархьама пайдаийцира цо терактах. Оцу кепара дара Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу, цхьана хенахь ницкъахо лаьттинчу Гаджиев Iабдулхьакима вистхилар а.

Бух боцуш дIахьедира цо, Дербентера а, ХIинжа-ГIалара а тIелатарш "ишта а, вуьшта а доьзна ду Украинан къайлахчу сервисашца а, НАТО-н пачхьакхашца а" аьлла, цо дош делира боллу "террорхой хIаллакбийр бу" аьлла.

Дагестанан цIарах депутат волчу кхин цхьаммо, Хамзаев Бийсултана, кхайкхамбира хиллачунна «шайн ма-хуьллура шога» реакци йе аьлла.

Цунна хетарехь, ницкъахоша «террорхойн гергарчаьрца» а бан безаш бу «болх». Хамзаевс а пайдаийцира Дербентехь а, ХIинжа-ГIалахь а хиллачу тIелатарех Украинана а, Американа а критика йеш.

«Iаламат къиза» терго йе аьлла кхайкхамбира адамийн бакъонашкахула йолучу президентан Кхеташонан декъашхочо Кабанов Кирилла. ЦIераш ца йохуш, цо дIахьедира Дагестанан урхаллехь долчу гIалатех, жоьпалла тIехь ду элира «даржехь болчу нахана, [цо ма-аллара] ММА-басмачаш а, "динан" дай бу бохурш а» хецна лелийтарна.

Изза хьийхира адамийн бакъонашкахула йолучу президентан Кхеташонан кхин цхьа декъашхочо Ахмедова Маринас а. Цо а бехке лерира радикализм йаржарна меттигера гIарабевлла блогерш а, спортсменаш а, тидамбира Оьрсийчоь Украине чугIортар къобалден билгалонаш лелочу меттана республикехь дукхачу хьолехь Палестинана агIо лоцуш символикаш лелош хилар. Дагестанехь къепе нисйан йеза дуккха а хан йу", - йаздинера Ахмедовас.

Дуьхьал жоп луш волчу Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс гIо даьккхира спортхошкахьа, цхьаьна а кепара тIе ца битира республикехь радикализм йаьржина боху хаамаш. Цу кепара дIахьедарш дечарна радикалан ислам бохучу дешан маьIна хIун ду ца хаа аьлла, бехк биллира цо: "Цунах лаьцна дуьйцурш бу, радикал бохучу дешан маьIна дан, йа иза гочдан а ца хуурш. И дуьйцурш бу, вай спортхойн кхиамаш радикалан исламаца бузурш – хьалха ММА йара, хIинца цу йуккъе маьршачу кепехь латархой а тоьхна".

Дагестанан куьйгалхочо иштта комментарий йира никIаб йехкарна гонах хезочу къийсамех лаьцна а: "Кавказхойн халкъаша лелийна доцчу оцу духаро таро ло божаршна оцу йовлакхашна тIехьа лачкъа, ткъа зударийн аьтто боккху шуьйрачу балахонаш тIехьа магийна йоцу хIуманаш дехьа-сехьа йаха. Кхерамзаллин агIор цуьнга хьаьжча, со а ву цунна дуьхьал. Амма радикалан ислам даржаран коьрта бахьана и дац. НикIабаш тIехула а, спортхошна тIехула а гучубевлла бац Аль-Къайда, йа ДаIиш цIе йолу террорхойн боламаш. Таханалера вайн дуьненан республика, дуккха а къаьмнаш, конфессеш шена чохь дехачу вайн махкаца оцу кепара дийцарш дустар зене хилла ца Iаш, зуламе а ду, аьлла хета суна".

Халкъан гуламан оццу кхеташонехь Дагестанан урхалхочо дIахьедира, тахана республикехь куьйгаллин даржашкахь болчийн хьокъехь "ревизи" йолорах. Дербентехь а, ХIинжа-ГIалахь а динчу тIелатаршна дуьхьал жоп луш цхьаъ бен боцу, массарна а хазош тIеэцна барам бу хIара. Аьлча а, Оьрисйчоьнан Iедалхой уггар а хьалха саготта бу, шайн векалша дакъалоцуш и теракт йина хиларна.

ТIаьххьарчу беттанашкахь Къилбаседа Кавказан мехкашкахь даьржина ду полисхошна тIелетарш дар а, къайлахчу сервисаша тIемалой бу бохучарна дуьхьал операцеш дIайахьар а. Кху бIаьста Дагестанехь, "Крокусехь" теракт йинчу тIаьха лийцира терроризмана гунахь хеташ дуккха а нах.

Iалашо жуьгтийн синагогаш а цхьаьна лоруш, дина керлачу тIелетаро дагадаийтира стохка гIадужу-баттахь ХIинжа-ГIалара аэропортехь жуьгташна дуьхьал лелийна къепедацарш. Уьш вовшахтохарна а хIетахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша бух боцуш бехкейира Украина.

Къилбаседа Кавказера хьал зуьйчу бакъоларйархошна а, аналитикашна а хетарехь, оцу кепарчу дIахьедарша билггал долу экстремизман а, терроризман а бахьанаш кхин тIе а кIаргдина ца Iаш, дIагойту – Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн эгIазалла а, пачхьалкхан урхалла дар эвсара дацар а. Дагестанехь теракт хиллачул тIаьхьа цунах лаьцна дагадаийтира, Черкасов Александра, масала. "Медуза" хьастана цо йеллачу интервью йукъара дакъа ду хIара: "ХIаъ, Кавказ – чIогIа хала пачхьалкх йу, ша и лаьмнашкара нах дIанисбина ламанан система а, луларчу тогIи чохь кхин мотт болу къам ду, жимма кхечу кепехь лелочу динца а, историца а мохк бу и. Оцу системина даим эшна хаарш а, безам а. И бохург хIун ду, ваха а, болх бан а йиш йац хьан Кавказаца, цигахь хуьлуш долчуьнга дикачу агIор хьан тидам бацахь. Ткъа пачхьалкхан урхаллехь ницкъахой хилча…Уьш лела хIокху принципаца: карахь жIов йуй хьан, хьан йоллу пароблемаш – хьостамий ду. Ткъа вай дехаш ду кху 25 шарчохь, кху пачхьалкхан урхалла даран коьртачех кеп контртеррор а йолуш…Массо а хIумана бехке Украина йу бохуш, универсале кхетам вайн белахь, хIаъ: тхов тобечу меттана, вайн цхьа кхин хIума лелор ду".

Нохчийчуьра бахархошна Кадыровс тийсина кхерамаш

Дагетанехь тIелатарш динчул тIаьхьа оцу хьокъехь кхеташо дIайаьхьира Нохичйчоьнан урхалхочо.

Цо тIедожийра "йукъараллехь кхерамзалла латторан, терроризмана а, динца доьзна экстремизмана а профилактика йен болх чIагIбе" аьлла.

Цо дуьххьалдIа дуьзира и "Дагестанехь хиллачу бохамца", дIахьедира "леррина тIетаIа" дезарх цхьана "Европан пачхьалкхашкара кхачочу радикалан идеологина". Билгал ца даьккхира, ша дуьйцург хIун ду. Нохчийчоьнан урхалхочо ишта кхерамаш тийсира "ваххабизмаца" ву аьлла, цхьанах шеконаш хилахь, цуьнан гергарчарна чIир кхайкхор йу аьлла. И шен кхерамаш нохчийн маттахь бина бу Кадыровс – оьрсийн маттахь болчу хааме ца баьхна уьш.

Билгалдаккха догIу, цуьнан къамел дар тодина хилар – видео тIехь хезаш ду "вовшах хиттина хилар", делахь а, цо деш долу къамел йаржийначу видео тIехь долуш ду: "Вайна гуш ду, Европехь хевшина Iачу оцу шайтIанаша да, ваша, йа деда вийначу оцу вайн берех пайдаоьцуш хилар. Муьлхха а шеко, миччахь йелахь а – Iедалехь, йа кхечу меттигехь – жимма а шеко шайн хуьлий, талламбан беза. И накъост шайтIанашца воьзна вуй – цуьнан тайпана-тукхамана таIзар дан деза. Оцу тайпана хаа деза, шайн цIийнах мел волчух жоьпалла шайна тIехь дуй.

ТIом чекхбаьлла дуккха а хан йу, Нохчийчохь шозза референдум дIайаьхьна – йиллина а, къевлина а. Нах хьанал бехаш бу, балха а лела. Ткъа пачхьалкхан белхахочунна тIекховдуш верг, цхьаъ цунна тIекхевдинехь, иза кхеташ хила веза, чIир кхайкхийна, берриш а бойъур буй, - да, ваша, деваша…

Шайн доьзалхочуьнца ларалуш шаьш дацахь, тхоьга схьахаийта: "Аса хIокху стагах жоп луш дац" алий. ТIаккха оха лур ду цунах жоп. Цо ишта схьа а ца аьлла, цIий Iаьнний, пIелгах деана хуьлйила и, ас чIагIо ма йо, оха цуьнан корта боккхург хиларх.

Вайн дайша тIеэцна йу чIир, адаман цIий ца Iанадайта. Стагана хаа дезара, ша лелочух ша жоп дала дезий, ишта бен иза сацалуш вацара. ХIинца цхьаъ кхеташ вацахь, цунна Дела ца веза, иза ца теша цунах, цунна ца деза дин а, шен къам а. Цундела оха могуйтар дац, автоматаш а карахь нах урамашкахула буьйлабелла лелар.

Ас кхайкхам бо нохчийн къоме – хууш хилалаш, шайн бераш стенгахь ду. Шуна массарна а йевзаш йу ваххабизман билгалонаш, царна тIехь терго латтайе. Шайца иза къийсалуш вуй? Оцу сохьта меттигерчу полисхочуьнга дIахаийта. Шен берах и стаг кхоьруш велахь, къайлах схьахаийта – оха иза меттавалор ву.

Оха шен хеннахь сацор ву иза, тIаьхьа хьо, хьан кIант, хьан ваша вуьйчул а. И цхьаъ сацор аттох ду. Сан доьзалхо нийсачу новкъара ваьллий, иза вен веза уггар а хьалха. Массара а оцу агIор белхаш чIагIбан беза".< … >

Кадыровн кхерамаш къобалбира Кремлехь, ишта элира цу хьокъехь Песков Дмитрийс: "Цигахь буьйцурш терроризм къобалйийраш ма бу, ишта йа вуьшта террорхойн гIуллакха йукъахь берш. Цхьаьннан а шеконаш ца кхоллало, террорхошца беш болу тIом мел а шога а, машар хир боцуш а хила безаш хиларх".

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный.Информ" агенталлин гочдарца а догIуш, шайтIанаш дуьйцучу Кадыровс буьйцурш бу "Европехь хевшина Iаш берш". Цо бехкебина уьш махкара бахархой машенаш йаго, гергарнаш байъа тIехьехарна. Оцу кепара Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуьххьара лач комментарий йира Соьлжа-ГIалахь "Лада Нива" машенах цIетасарх лаьцна. Йуьйцург йу номерш хIитточу "Дустум" йаздина, "К13" неIарна тIехь долу машен – и лелрриг хилла Кадыровн кIант Адам.

Оцу цIетасарна тIехула махкахь стигалкъекъа-баттахь ницкъахоша лечкъийра иттаннашкахь меттигера бахархой. Дуккха а рейдаш дIайахьарх а, нах лечкъорах а тIечIагIдира хIетахь "Мемориало" а. Лачкъийна вигинчех цхьаъ, нохчийн оппозиционерийн хаамашца, веллера полицихь гIело хьегийтинчул тIаьхьа.

Ткъа хIинца, Дагестанехь теракт йинчул тIаьхьа, IАДАТ боламо дийцарехь, Нохчийчохь йуха а йолийна рейдаш. Кадыров ларвен йоллу органаш арайаьхна. Дуккха а къона белхахой бу цаьрца I8 шарна тIера 20 шаре гергга хенаш йолуш", - дIахьедина IАДАТ боламо. Кхечу хьасташкахь оцу информацина тоьшалла дац.

Кадыровн фондана тоьхна керла санкцеш

Мангал-беттан 24-чохь Евроберто тIечIагIйина рогIера санкцийн 14-гIа пакет Оьрсийчоьнан хьокъехь Украинана дуьхьал шуьйра тIом болорца доьзна. Дозанаш хьакхаделла ишта пачхьалкхан къилбех, Къилбаседа Кавказах а: тептара йукъа йахийтина Нохчийчоьнан урхалхочун нана Кадырова Аймани, формалехь цо куьйгалла деш ду Кадыров Ахьмадан цIарах фондан. Оцу организацих мехкан куьйгалхочун долара бохча а олу. Ишта санкцийн тептарехь йу Соьлжа -ГIалара конструкторийн бюро а, Ростов-на-Дону гIалара Iилманан-талламан институт а, дагестанхойн Кизлярера электромеханикан завод а.

Кадыров Ахьмадан фондо украинхойн бераш, кхиазхой йуха кхетош-кхиош программаш дIахьо, уьш шайн дайн пачхьалкхах а, гергарчех а дIахадон Iалашонца милитаристийн хьехарш деш, аьлла ду Евробертан Кхеташонан сацамехь. ТIом болийначу хьалхарчу шарахь дуьйна Нохчийчоьнах Орсийчоьнан коьрта центр хилла "тIеман-патриотикан" берийн каппаш дIайахьа. Цул совнах фондо ахчанаш латтош ду Украинерчу тIеман декъашхошна "керла лаамхой йукъаозон а, тIом бечийн дог-ойла иркарахIоттон а", барт бо ишта "Донбассера сепаратистийн тобанашца" а. Оццу бахьанашца санкцийн тептаршка йазйина Кадыровн фондан долахо Кадырова Аймани.

Европахойн санкцешна бухахь нисйелла 2022-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь кхоьллина йолу "Талламхо" конструкторийн бюро а. Организаци Iемаш йу IT-талларш тIехь, и болх беш йу "Нохчийчоьнан куьйгалхочун командин эгидаца", билгалдаьккхина сацамехь. Доккхачу декъана, бюрос кечйина талламан "Пенициллин" системин модификаци а, "Малик" дронийн аьзнийн детектор а – и боллу гIирсаш лелош бу Оьрсийчоьнан тIелетарехь. Хьалхо Кадыров Рамзана хьахош дацара компанис кечбечу гIирсех лаьцна.

Кизляран электромеханикан заводан директор Ахматов ИбрахIим а ваьккхина санкцийн тептаре, цуьнан заводо лаьттахула урхалла ден системаш а, авиацин техникан диагностикаш а арахецарна. Доккхачу декъана, СУ-25 бомбанаш тухучу кемана оьшуш йолу, царех пайдаоьцу Оьрсийчоьнан ницкъаша Украинехь бечу тIамехь. Дозанаш тоьхна ишта Кизлярера заводана а цхьаьна.

Санкцеш дуьхьалйаьхна Евроберто ишта – Ростовера Йерриг Оьрсийчоьнан талламан "Градиент" институтана а. Зорбане баьхначу хаамашца а догIуш, кхузахь йина йу радиоэлектронан къийсам латтон "Красуха-4" комплекс, и лелош йу дронаш йохош тIамехь.

Дозанаш бухахь нисвелла Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо, совдегар Боллоев Таймураз а – Орсийчуьра Carlsberg корпорацин президент хIоттийна вара иза президентан Путинан омраца малхбузен компанин активаш схьайаьхначул тIаьхьа. Европахойн активаш Оьрсийчоьнан контроле йерзорна санкцийн тептарехь ву Сочихь вина Росимуществон куьйгалхо Яковенко Вадим а.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
  • Audio
XS
SM
MD
LG