ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йохийна гIишлош, уьду нах: кхаа провинцин центраш дIалаьцна "Талибано"

ОвхIанистанехь лурдоьлла тIемаш бахьанехь иттаннашкахь гIишлош хIаллакйина, маьрша бахархой уьдуш бу махкара. "Талибанан" тIемалоша дIалецна кхаа провинцин административан центраш, шайлахь Кундуз гIала а йолуш.ТIалибаша Кундузера Iедалхойн коьрта гIишлош дIалаьцначу юкъанна, Iедалан ницкъаша шайгахь латтош ю аэропорт а, тIеман база а. Схьагарехь, "Талибанан" карахь ю иштта Сар-э-Поль, Талукан гIаланаш а. ТIемаш бу беш Къилберчу Лашкар-Гахехь а, Къилбаседа-Малхбузерчу Гератехь а.

ОвхIанистанехь лурдоьлла тIемаш бахьанехь иттаннашкахь гIишлош хIаллакйина, маьрша бахархой уьдуш бу махкара. "Талибанан" тIемалоша дIалецна кхаа провинцин административан центраш, шайлахь Къилбаседанера коьрта Кундуз гIала а йолуш. ТIалибаша Кундузера Iедалхойн коьрта гIишлош дIалаьцначу юкъанна, Iедалан ницкъаша шайгахь латтош ю аэропорт а, тIеман база а. Схьагарехь, "Талибанан" карахь ю иштта Сар-э-Поль, Талукан гIаланаш а.
ТIемаш бу беш Къилберчу Лашкар-Гахехь а, Къилбаседа-Малхбузерчу Гератехь а.
Стигалкъекъа-баттахь долийна тIалибаша тIелатар, Американо урхалла дечу дуьненаюкъарчу коалицин ницкъаш эскарш арадаха буьйлабелча.


Хьажа кхин дIа а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG