ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Даудов кхераме ву Кадыровна": стенца доьзна ду Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо дарж охьадиллар, кхин дIа хIун хир ду


Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Стигалкъекъа-беттан 15-чохь дийца даьккхира Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дарж охьадилларх – оцу гIентахь вара иза исс шарахь гергга. Цуьнан дIаваларх лаьцга дуьйцучу мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира: "кхечу сферашкахь хьажа воллу" иза аьлла. Муьлхачу сферашкахь, ца дийцира. Кавказ.Реалии сайтаца къамел динчарна хетарехь, федералан ницкъаллин блоке дехьавала тарло иза болх бан, йа Украинан оккупаци йинчу дозанаш тIе дIагIур ву.

Даудов даржера дIаваларх дIахьедира нохчийн парламентан пленаран 70-чу кхеташонехь – рогIера йоцуш хIоттийнера и, цо а лач чIагIдо, цуьнан дарж охьадиллар маса дина хIума хилар. Лордан (иштта цIе йккху цуьнан) декхарш 2026-чу шаре кхаччалц лардан дезаш дара – низамашдахаран органехь керла харжамаш хиллалц. Хенал а хьалха шен даржах дIакъастаран бахьанех а, белхан керлачу меттигах а лаьцна аьлла дац цо.

"Тахана Магомед Хожахмедовича сацам бина, хIокху даржехь ша кхиндIа висса оьшуш дац, кхечу сферашкахь хьажа воллу ша, - иштта дийцира шен герггарчо дарж охьадилларх Кадыров Рамзана. – Тешна ву со Магомед Хожахмедовична аьтто хир бу шен куьйгалхочун башха хьуьнарш кхечу сферехь а дIагайта".

Парламентан спикеран даржехь Даудов хийцина 69 шо долу Жамалдаев Шаид вина Сталинан къам махках даьккхинчу заманчохь Казахстанехь, цо чекхйаьккхина Ломара аграран университет, белхаш бина советан заманахь республикера агрохимин лабараторихь, 1991-2000-чу шерашкахь "ЧIаьнти-Йуьртан" колхозан куьйгаллехь хилла ву. ШолгIа тIом Нохчийчохь карзахбаьллачу хенахь Грозненскан кIоштан администрацин куьйгалла дина цо.

Джамалдаев Шаид
Джамалдаев Шаид

"Ас дозалла до, мехкан куьйгалхо ша хиллачул тIаьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIахIоттийначех хьалхара суо хиларх. Цо иштта элира: "Шаид, Соьлжа-ГIала йоцуш йу. Йа цхьа а Iедал а дац цигахь. Грозненский кIошто гобина вайн шахьарна. Цундела хьох тешайо ас кIошт. Iедал тIаьхь-тIаьхьа Соьлжа-ГIала дехьадоккхур ду вай. Керла дахар йухаденде"!- шераш девллачул тIаьхьа дагалоьцу Жамалдаевс.

ТIаьхьо Нохчийчоьнан парламентан керла спикер мехкан администрацин куьйгалхочуьнгахула йолчу консультативан кхеташонан декъахь а вара, регионалан Конституцин проекташ кечйечу тобанан декъашхо а вара. Шозза Путин Владимиран президентан харжамашкахь векал хилла а ву иза.

2013-чу шарахь масех баттахь Жамалдаевс болх бира Кадыровн гIоьнча санна, цул тIаьхьа шина шарахь къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан, информацин министр лаьттира. Цул тIаьхьа нохчийн парламентан депутат хилира иза, цигахь Даудовн гIовсан дарж а делира цуьнга.

ТIаьххьара зорбане йаьккхинчу декларацихь – 2021-чу шарахь – билгалдаьккхина ду, Жамалдаевс 2,6 миллион сом даьккхина аьлла, цуьнан доьзалан долахь ду диъ латтанан дакъа, кхо цIа, ши петар, нах чохь бехаш йоцу ши гIишло а.

Ницкъахойн куратор

Нохчийн парламентан керла спикер а санна, Даудов а вара мехкан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан командехь. Амма цул а хьалха ларийра иза Ичкеригахьа болчийн могIаршкахь хила а.

Жамалдаевл а 25 шо жима ву Даудов. Иза вина Ставрополера Шпаковское эвлахь, амма кхиъна Гелдаганахь. Ша кхиазхо волуш тIемаш бина цо Ичкеригахьа. Хаамбора, 2021-чу шарахь тIемалойн буьйранчан Басаев Шемалан декъах иза дIакхета гIоьртира. 2009-чу шарахь Кадыров Рамзана дийцира, Даудов йийсаре эцарх, амма сацам бира, иза вен а ца вуьйш, Кремлехьа ваккха веза аьлла.

Со теш вара, цо Кадыровна хьалха лелийначун, хуъушехь цунна там бан хьийзара иза

Керлачу куьйгаллица ницкъахочун карьера йира Лорда: Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан кхерамзаллин сервисехь взводан командир хилла иза, президент кхелхинчул тIаьхьа чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин батальонан хьалханча вара иза, иштта цо гIуллакх дина республикера ОМОН-н шатабан а. 2006-чу шарахь регионан лаккхара орден йелира цунна – Кадыров Ахьмадан орден, ткъа 2007-чу шарахь – Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа. Даудовна Лорд аьлла цIетиллинарг а ву Кадыров.

"Дуьххьара мехкан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьаьнакхетаре веанера со Iаьржа кастом, кIайн коч йоьхна. Рамзан Ахматовича элира, хьох лаьцна соьга ца дуьйцуш хIун дитина, хьо-м лартIахь адам ма ду, ингалсхойн лордах тера ву хьо. ХIетахь дуьйна и цIе тIаьхь йиссина", - дагалоьцура хьаькамо.

2010-чу шарахь Даудов дIавахара МВД-ра, Нохчийчоьнан хьалхара вице-премьер хьулуш ницкъаллин блокехула, цул тIаьхьа масийтта шарахь мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалла дира цо, 2015-чу шарахь парламентан спикеран меттиг дIалецира – оцу хенахь кхелхинчу Абдурахманов Дукхвахин метта.

Украинана шуьйрачу тIамаца тIелеттачул тIаьхьа Даудовс кест-кеста хьехарш дора Оьрсийчоьнан спецназан университет олучохь курсаш чекхйаьхна, тIамтIе боьлхучу "лаамхошна"; Лорда Iуналла латтадора йолахой тIаме хьийсорна тIехь а.

2022-чу шеран товбеца-баттахь оккупаци йинчу дозанаш тIехь тIамехь дакъалацарна Оьрсийчохь Сийлаллин орден йелира Даудовна – сепаратистийн "ДНР", "ЛНР" олчу метитигашка иза вахначул тIаьхьа. Кху шеран оханан-баттахь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн инарла-майор цIе йелира, ткъа стохка марсхьокху-баттахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин инарла-майор вира цунах.

Кхерамаш туьйсучарлахь коьртаниг

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна уллорчех иза волчу хIокху шерашкахь Даудов масийттаза нисвелира, адамийн бакъонаш эшорца доьзначу скандале дийцаршна йукъахь. Масала, 2011-чу шарахь цо кхерамаш тийсира бехккъасторхойн коллегин декъашхошна, гIаттамхой бу бохурш цара бехказа бахарна. Кавказ.Реалии сайтан хьасташа бинчу хаамашца, 2016-чу шарахь Лорда йиттира Нохчийчуьра Лакхарчу кхелан декхарш кхочушдечу Мурдалов ТIахIиона, дарж охьадилла бохуш.

Вуьйцура иштта Даудов "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" президентан Кутаев Русланан историхь а. ТIаьхьо вукхо дуьйцура, Лорда бохург ца динера ша, Кадыров Рамзан волчу тIевола цо аьлча, цул тIаьхьа наркотикаш латторна бехкевира Кутаев.

Устрадехь а, Соьлжа-ГIалахь а Iазапаш хьегначу нохчийн гейша дуьйцура, Даудов Мохьмадан тIедиллар ду бохуш, ницкъахой бехказабийларх шаьш лелочунна, ткъа иза ша лечкъийначарна тIехIуьттуш, царна тIехь сийсазаллаш лелайора. Масала, зуламаш лайначех цхьаммо дийцира, парламентан куьйгалхо хуьлура гейш болчийн гегарчаьрга и "боьха хIуманаш" шайх дIахедайе, ца хуьлчу далахь, кхин дIа а царна тIехь гIело латтор йу а бохуш, цхьаьнакхетарехь тIедожош верг. Шена дохку бехкаш йухатоьттура хьаькамо, цо дIахьедора "де доцчу нахана тIе куьйг ца хьо" ша бохуш.

Гергарчу заманчохь керла дарж цунна ца лахьа, иза дIавалар Кадыровн кхерарца дузийла йу

2016-чу шарахь жIалин сурт хIоттийра Даудовс "Муха йостийла ду "Кавказский узел?", - аьлла. Цунна йинчу комментарихь цо хьахийра ""Швед" цIе йолу жIала" (йозуш йоцчу хаамийн гIирсан коьрта редактор Шведов Григорий) – цуьнан хьекъален "цхьа ши кIомсар схьайаккха", стандартера барамашкахь "мотт а бацбе" аьллера цо. Кхерамаш тийсарна журналист Оьрсийчоьнан Талламан комитете ваьллера, амма Нохчийчохь цхьана а кепара зулам ца карийра Лордан публикацихь.

Иштта кеп-кепарчу хенашкахь кхерамаш тийсира Даудовс республикера Оьрсийчоьнан Сбербанкан декъан куьйгалхочунна Джабраилов Сайд-Мохьмадана, цуьнгара ахча доьхуш. Нагахь санна, дуьхьало йахь бехкзуламан гIуллакх доьллур ду бохура терроризмана гIо латтийна аьлла. Иштта кхерамаш тийсира гIалгIайн адвокатана Беков Мохьмадна, оппозицн блогерна Абдурахманов Тумсона.

2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре йазвира иза, адамийн бакъонаш хьешна ву аьлла. 2020-чу шарахь цуьнан хьокъехь дозанаш туьйхира Британино а – Нохчийчуьра ЛГБТК-нехан бакъонаш хьешарна. Украинана шуьйрачу тIамаца тIелеттачул тIаьхьа Польшин Iедалхоша санкцеш кхайкхийра Даудовна. Цул совнах, 2023-чу шарахь Украинан кхерамзаллин сервисо шекоеаш кховдийра Лорде, цуьнан Украинера тIамехь дакъалацарна.

"Цо ша вовшахтоьхна ларалуш йу "Север- Ахьмат" леринчу хьаштийн 78 полк. Иштта "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат" и "Восток-Ахмат" батальонаш а... Хууш ду, товбецан-баттана, лахьан-баттана йуккъерчу муьрехь иза цхьана ханна дIалийцинчу Лисичанске, Попасная, Мариуполе вогIуш хиллийла. Цигахь иза керла вовшахтоьхначу кадыровхойн тобанийн хьалханчашца цхьаьнаветтавелла. Цаьрга цо жигара тIом бе бохуш кхайкхамаш бина", -аьлла дийцира украинхойн кхерамзаллин урхаллехь.

Къаьсттина гоьваьллера хьаькам ницкъбарца а, кхерамаш тийсарца а, боху нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара: "Кадыровна хьалха цуьнан лелар суна сайна гина ду, цунна там бан хьийзара, ткъа цул а хьалха дакъалецира цо тхо лачкъийна, Кадыровн резиденци дIадуьгуш".

Къамелдечо бахарехь, Даудовс дарж охьадилларо тамаш бу-кх Нохчийчохь хийцамаш бахь, оцу йукъанна тамашен ду бохура цо, цуьнан цIеххьана дIавалар.

ДIахIотторе хьоьжуш

Республикера парламентан куьйгалхо цIеххьана дIаваккхар нисделира Оьрсийчохь керла куьйгалла хIотточу йукъанна, тидам бира Къилбаседа Кавказехула америкахойн аналитик волчу Чемберс Гарольда.

"Федералан хийцамашца цхьаьна цхьа коррективаш йар санна хIума ду хIара – кадрашкахь а, политикехь а…Кепрла дарж дIалаца тарло Даудовс, хетарехь, бакъоларйаран органашкахь, хIунда аьлча, цуьнан хенаца кхин дIа а болх бан йиш йолуш ву иза. Официалан дIахьедарш а доцуш хало ду хиндолчух билггал дерг ала", - къастийра къамелдечо.

Нохчийчоьнан парламентан керлачу спикерх Жамалдаев Шаидах дерг олуш, Чемберса "зеделларг долу политик" ву бохура иза, Нохчийчоьнан премьер-министрах, технократ волчу Хучиев Муслимах жимма тера а волуш.

Цхьанхьа Украинера тIамехь гучувала тарло иза

Даудов – уггар тешаме, мехала стаг ву Кадыровн командехь – Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адамца цхьаьна, боху Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

"Нагахь санна, кеста цхьанхьа а иза дIа ца хIоттавахь, цуьнан дIавалар доза тарло Кадыровн кхерарца. И ма ву ша даржера ваккхарна кхоьруш даим а. И кхерам чIагIбелира цуьнан карьеран лами тIехула Алаудинов Апти хьалхатеттича. Нагахь санна, республикехь вукхуьнан тIетовжийла йацахь, Даудов Мохьмад кхераме ву шен ницкъечу позицешца", -аьлла хета къамелдечунна.

Кадыровн го – "Iедалх Iебаш боцу нах" бу, уьш даржех боьзна бу, шаьш чIогIа хета лууш, цхьанна тIехь куьйгалла дан лаам болуш. Шайн лаамехь уьш дIабевр бац, элира редакцица хиллачу къамелехь Кавказ маьршайаккхаран Комитетан куьйгалхочун гIовса Албаков Шемала.

Цо бохучунна тIетайра политолог, "Кавказан халкъийн Ассамблейн" президент Кутаев Руслан а: Кадыровн а, Даудовн а йукъаметтигаш телхина аьлла, соьга информаци кхаьчна йац. Цундела, хила тарло аьлла хета суна, цигара дIаваьккхина Лорд федералан структурашка хIоттор ву. Йа, тарло, Украинерчу тIамехь буьйранча санна гучувала".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG