Лондонехь вехачу Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министрна Закаев Ахьмадна неIалташ кхийкхош, иза сийсазвойтуш видео дIаязъяйтина Iедалхоша цуьнан гергарчу нахе Нохчийчохь. Маршо Радионо яздира, даханчу кхаарин дийнахь цабевзачу, герзашца болчу наха стенга буьгу а ца хоуьйтуш, Закаевн гергара нах дIабигарх. Еарин буса Кадыровна муьтIахь йолчу инстаграмерчу масех аккаунташкахь видеоролик яржийна.
"Ахьмад дIавахна, ЛГБТ-н векалш бехачу цига, хIунда аьлча, иза ша а царех волу дела (сийсазе, дастам юьхьйоху.-Редакцин билгалдаккхар). И стаг тхуна оьшуш а вац. Халкъана а, доллу дуьненна а и хууш ду, иза телхина, вукху агIор лелаш вуйла. Тхайн аьтто балахь, оха къастор ду цуьнца дерг", - боху видео тIехь политикан вашас Закаев Iелас.
Вукху вашас боху политике, шаьш хье ма де: "Дала кхел йойла хьуна".
Шен къамел дерзош, Закаевн воккхаволчу вашас олу: "ХIокху наха ма-аллара, ян а ю хьо "голубой-молубой", билгал ца доккху, муьлш бу буьйцурш.
Цкъачунна йоцуш ю Закаев Ахьмадера комментарий оцу долчух.
- Лондонехь эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна хиллера кхаарин дийнахь герзашца, муьлш бу цахуучу наха. Цуьнах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига ТIехьа-Мартанарчу хьасташа. Лецначарлахь хилла Закаевн вежарий - Бувади а, Iела а, церан хIусамнаной Сацита а, Раиса а, цхьахйолу йиша - Зеза а. Масех сахьтехь цигахь латта а бина, политик Закаев сийсазвойтуш, видеош дIаязъян цIа бахийтинера уьш.
- Хьалхо хаамбора, парламентан спикерца Даудов Мохьмадца юкъахь дIахьочу эфирехь Кадыровс кхерамаш тесна хиларх Закаевна, иза "сийначу цIарах вагор ву" ша аьлла. Делахь а, дуьххьара дац Закаев Ахьмадна Кадыровс кхерамаш туьйсу. Политикна вен кхерам тесира Кадыров Рамзана кху шеран Дечкен-баттахь.
- Закаев Ахьмад – вевзаш волу нохчийн политик, карарчу хенахь веха Британехь. Дозанал арахьа Нохчийчоьнан Ичкерин Iедалан хьалханча лору иза нохчийн цхьана декъо.
- Дахначу кIиранах ишта Кадыровс кхайкхамбира Закаевга, хьайн цхьахволу воI Нохчийчу хьажаве, "ша шен эккхийтар а дина, гIазотехь валийта" аьлла. Кадыровна хетарехь, ишта "гайта езаш ю къонахалла" цо.