ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Деградацин синдром ". Сталин везавелла Оьрсийчуьрчу кегийрхошна


Сталин Иосиф, коллаж
Сталин Иосиф, коллаж

"Левада-центран" (арахьарчу агентийн тептарахь ю и статистикан хьукмат) хеттаршна жоьпаш деллачу Оьрсийчоьнан бахархойх эханна лаьа Дуьненан шолгIачу тIамехь толам баккхар даздеш, хIетахьлерчу Советан пачхьалкхан куьйгалхочунна Сталин Иосифна хIоллам хIоттабойла. ХIоллам билларехьа бу жоьпаш делла 48% нах, духьал бу – 20%, бисинчарна я бен-башха дац, я жоп дала ца хIуьтту уьш. Социологаша билгалдаккхарца, тIаьххьарчу итт шера чохь шозза совбевлла Сталинна хIоллам хIотторехьа болу бахархой. 2010-чу шарахь оццу хаттарна жоьпаш деллачарех 25% бен реза яцара хIоллам хIоттабайта, дуьхьалбара 36% нах.


Сталинна хIоллам биллийта луурш уггаре дукха бу 18-24 шераш долчу кегийрхошлахь а, 55 сов хан йолчу нахалахь а. Ткъа 2010-чу шарахь 18-24 шераш долчу кегийрхойх 12% бен яцара цуьнгахьа. ХIинца иштанаш 50% бу. Кхуьш ду Сталинехьа болчу кхечу шерийн категорешкарчу нехан терахь а. Хеттамаш бинчу бахархойх 60% реза ю музей-комплекс "Сталин-центр" йиллийта, духьал яц 14% бен.

Путин Iедале веъча хьал хийцаделира, Сталин тийна-таьIIина вазван волийра

"Левада-центран" директор Гудков Лев тешна ву Сталинан мах хIинца кхин гар, иза кегийрхошна везавалар Оьрсийчоьнан пропагандо бина болх хиларх.

– 1998-чу шарера схьадогIу иза – оцу хенахь долийра Оьрсийчоьнан бахархоша Сталине кхечу бIаьргашца хьажар. ХIеттталц дукхахболу бахархой бара Советан Iедало тIехула яхь а, ечу критиках боьлла, хаьара царна Сталин луьра, къиза куьйгалхо хиллийла. Миллионашкахь нах цо хIаллакбайтина, пачхьалкхехь террор, репрессеш цо латтийна бохург шеконехь а дацара нехан хIетахь. 12 процент наха бен ца вора Сталин къобал. Дукхаболучарна моьттура, 20-30 шо даьлча Сталин цхьанненна а дагавогIуш а хир вац, историкашна бен.

Сталин вазван волийра, коьртачу метте хIитто волийра. Иштта тIекхечира 2012-гIа шо

Амма Iедале Путин веъча хьал хийцадала дуьйлира, Сталин тийна-таьIIина вазван волийра. Стенна «тийна-таьIIина»? Я Путина а, я цуьнан гонерчу наха а шаьш ца хьахавора Сталин. Iедало шина аматехь гойтура иза – коьртачу агIонна, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина баьчча санна. ТIаьхьо васт тодеш, "эвсаре менеджер", Оьрсийчохь индустри сихха кхиийнарг вира цунах. Путинан идеологаша бахарехь, иза ву ледарчу хьелашка кхаьчна хилла пачхьалкх дуьненан лаккхарчу тIегIане яьккхинарг.

Цунах кегийрхой муха тешийна?

Гудков Лев
Гудков Лев

– Шатайпа, тийна-таьIIина Сталин вазварца, истори Iаморан, хьехаран политика хийцарца. 1990-2000-чу шерашкахь кегийрхошна ца везара Сталин, я бен-башха ца хетара. Кегийрхошна иза дуккха зама хьалха ваьхна стаг бен вацара, Грозный Иван а, Чингисхан а, кхиберш а санна, аьлча а, актуалехь доцу васт дара.

Муьлххачу а авторитаран, тоталитаран режимо леладо иштаниг, цунна ницкъ бу коьрта, цуьнца цо къепе чIагIйо, нийсо хIоттайо

Амма 2000-гIа шераш дуьйладелча империн мехаллаш язъян, пачхьалкхан патриотизм шоръян йолийра Оьрсийчохь. Сталин гIатто волийра, коьртачу метте хIитто волийра. Иштта тIекхечира 2012-гIа шо, оцу шарахь Оьрсийчоьнан бахархоша, шайна иза ерриг а исторехь уггаре хьалхара волу сийлахь-воккха политик хета, элира.


​ Сталин хIолламашца, мемориалашца денвеш, иза шайна веза бохуш хьийзачарна хIун бахьана го Сталинан сий, цIе язъян?

– Уггаре хьалха олу, цо тIамехь толам баьккхина, иштта дIа кхидерг а. Амма и доллу дареш а хуьлу тIехула дIа, лелларг а дицдина, аргументаш ца лоьруш олуш. Суна хетарехь, коьрта бахьана ду шайгахь гIора дацар, шайца бакъдерг дацар хьулдеш, боккха ницкъ карахь хиллачу политикан цIарна тIехьа лачкъар. Муьлххачу а авторитаран, тоталитаран режимо леладо иштаниг, цунна ницкъ бу коьрта, цуьнца цо къепе чIагIйо, нийсо хIоттайо. Амална компенсаци луш кеп ю иза. Вукху агIор, карарчу муьрехь лаьттачу хьоланна резабацар наха къайлахчу хьесапашкахь гайтар а ду иза. Сталинан заманахь "мехаш ца дестадора, низам лелара" бохург ду.

Сталин туьйра ду, васт ду, цуьнан цIарна тIехьа а лечкъина, критика йойла ду таханлерчу хьоланна, резадацар гайта йиш ю. ГIорасиз долчу, политикан декъахь доцчу адамашна гIортор ю иза. Царна Сталин дерриг далуш а, карахь а долуш, да санна, халкъан доладеш а хилла стаг ву. Шаьш ловш долу кхачамбацарш бахьанехь хьахош ву иза. Ма-дарра аьлча, юкъараллин синбахаман деградацин синдром ю иза – цо гойту халкъехь шен хилларг дIасалиста а, карарчу хенан политикан система дIанисъян а ницкъ боцийла, – аьлла хета социологна, "Левада-центра" директорна Гудковна.

Историка Соколов Никитас дийцарехь, ларамза дац Оьрсийчоьнан пропаганда Сталинан васт айдина хьийзар – таханлерчу Оьрсийчоьнан кхиам лору цо пачхьалкх Дуьненан шолгIачу тIамехь толар а. Iедалан кхин дала хIума дац халкъанна, цо бахарехь.

Ткъа аш къоман идентификацин коьрта бIогIам цунах беш белахь, ер ю дера гуча генералиссимусан кIайн гIовтал а

– ТIаьххьарчу 15 шера чохь Толаман Де Оьрсийнчоьнан халкъан де а хилла дисина. Таханлера Iедал кхето ца туьгу Оьрсийчоьнан халкъ 1991-чу шеран Марсхьокху-беттан 20-чохь кхоладелла дуйла. Цунна лаъане а ца лаьа ша оцу денойн хиламашкахь кхолладелла хилар хаа: коммунистийн режим а керчича, Iедал ницкъаша караэцнарш лаьхкича. Цундела кхоьллина и кхетаман хьаьрк – вай толамехь кхолладелла къам ду, вай толамхойн къам ду бахархьама.

И пропаганда гуттар а яьлла лела кху 15 шарахь, оцу шен Iаткъам а бо халкъанна тIе. Ткъа аш къоман идентификацин коьрта бIогIам цунах беш белахь, ер ю дера гуча генералиссимусан кIайн гIовтал а.

Хиндолчуьнга бIобулуьйтуш кховдо цхьа а проект яц таханлерчу Оьрсийчуьрчу Iедалан. Яц церан иза! Цундела цхьаъ бен дац дIакховдо – сийлахь-еза селхане, иза вайна сирла-сийлахь кхане а хилла лаьтта. Делахь а, Iин ду хьалха лаьттарг. Яхлойла дац оцу моттаргIанан. Тоьлла долу къона цкъор махкахдер ду. Иза долуш гуш а ду.

Вукху агIор аьлча, статистико, социологин хеттамаша цхьаъ гойту, со Москварчу сайн гонехь веха, ткъа воьду Екатеринбургерчу Ельцин-центре – цигахь аьттехьа дац кеташакахь дуьйцу халкъ. Суна гуш йолчу юкъараллин кхин кхетам бу. Со тешна ву, бац хьерабевлла дукхахболу Оьрсийчоьнан бахархой. Бац уьш дуьненна я Европанна мостагIий, амма социологина ишта нах ца го цъкачунна, цо тергоне ца оьцу царна хетарг, – элира историка Соколов Никитас.

· Сталин Иосиф (1879–1953) Советан пачхьалкхан лидер лаьттина 1924- 1953-чу шерашкахь, оцу хенах доккхачу декъехь ша цхьаъ бен воцчу диктаторан даржехь. Формалехь иза цкъа а ца хилла пачхьалкхан куьйгалхо, Комминзман партин инарла секретарь Iийна (1922–1934), министрийн кабинетан коьртехь хилла I941-1953-чу шерашкахь.

Цуьнан цIарца йозаелла ю яккхий репрессеш, иттаннаш миллионашкахь нах хIаллакбар, махкашкара бохор. Сталинехьа болчу наха чIагIдо, цуьнан заманахь Севетан пачхьалкх уггаре ницкъалчу мехкийн тIегIане кхаьчна, уггаре мехалниг, цо Дуьненан шолгIачу тIамехь толам баккхар ду, бохуш. Кху тIаьххьарчу шерашкахь дуккха а Оьрсийчоьнан гIаланашкахь хIолламаш хIиттийна Сталинна компартин меттигерчу дакъойн жигараллица.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG