ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Динна тIехь тIеман пропаганда. "Бусулбанийн а, керстанийн а цхьааллех" дIахьедина Кадыровн гIоьнчас


Соьлжа-ГIала, Кадыров Рамзан
Соьлжа-ГIала, Кадыров Рамзан

Сербин IN4S портална еллачу интервьюхь Украине хьажийначу "Ахмат" тобанан командиро, Нохчийчоьнан куьйгалхочун ницкъаллин блокехула волчу гIоьнчас, инарлас Алаудинов Аптис, дIахьедина "бусулбанийн а, керстанийн а цхьааллех". Украинана дуьхьал болийна тIом бакъбеш, цунах "спецопераци" олучу Кремлан пропагандех дIатоьхна ницкъахочун къамелера динах лаьцна маьIна. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа тидам бира кадыровхочун дIахьедаршца долчу цхьанацадарах.

Фейкаш, Кремлан куьг а, Iазапаш

"Ас Iийса Пайхамаран эскар олу "Ахмат" спецназах. ХIунда аьлча, тхо, бакъдолу бусулбанаш ду, массарел а чIогIа Iийса Пайхамар варе хьоьжуш ду тхо. ХIунда аьлча, тхо – бусулбанаш а, керстанаш а цхьаъ ду. Тхо вовшахкхетча, оцу дийнахь йилбаз а, цуьнан эскар а доьлхур ду", - боху Алаудинов Аптис интервьюхь.

Ала догIу нохчийн лаккхара ницкъахочо къамел динчу IN4S порталах лаьцна. Шога Черногорин Iедалшна критика ен, Сербехь болх бен гIирс бу иза. Масийттазза хааделира цо фейкаш яржош, НАТО-хь Черногорино къамел дарна дуьхьал кампани йолийра, Черногорерчу цхьахдолчу зорбанаша мах хадорца, евзаш ю "Сербин информацин а, кхерамзаллин а пропагандистийн дакъа (BIA)" санна.

Иштта IN4S портал къаьсташ ю Кремлехьа йолчу позицица. Цо хеставо Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, шога критика йо оппозицин политикна Навальный Алексейна, язйо "аналитикан" материалаш? Оьрсийчоь "экономикехь кхиарх"

Черногорин Iедалхошна луьйш йолчу Сербин оппозицин порталан болх сацабар тIедожийра Черногорин президентан социалистийн демократин партино (ДПС). Оцу партин депутато Николич Милоша дIахьедира, Украинан дозанашна Оьрсийчоьно тIелетар долийчхьана гамо яржош, агрессина тIетайна, Кремло лелориг бакъдеш IN4S – квази-медиаплатформа ю аьлла.

Цул совнах, шаьш болх бан дуьйладелчхьана, IN4S портало пиар йо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, бархI шарахь цара бIе гергга иза хестош хаамаш зорбане бехира, царех масех иттаннашкахь – Украинаца тIом болабеллачул тIаьхьа.

Карладаккха догIу, Кадыровс хаамбарехь, Зазадокху-бутт юккъе баьлчхьана "Ахмат" отрядан куьйгаллехь Украинехь волчу 48 шо долчу Алаудинов Аптих лаьцна а. Итт шарахь бинчу балхахь Нохчийчохь Алаудиновна кхаьчна инарлин чин. Зорбанан гIирсашкахь яздора, Кадыровна там бан цунна хаарх – цхьана дийнахь мехкан урхалхочун бIаьргех хи даьккхира цо цунна баьхначу баркаллашца.

Алаудиновн бехкаш дахкар бахьана долуш доладелира, 2006-чу шарахь вийначу ФСБ-н подполковникна, нохчийн "Горец" тобанан командирна, виллина Кадыровна дуьхьал хиллачу Байсаров Мовладина тIаьхьабовлар.

"Новая газетан" хаамашца, Алаудинов иштта бехкево нохчийн оппозиционерана Кутаев Русланна тIехь Iазапаш лелорна а, Кадыровн цIарахчу полицин полкан дозана тIехь лаьцначу ткъе иттех стагана тоьпаш тохарна а, Iедалхошна товш боцчу кегийрхойн гергарчарна йеттарна а, Давыденко эвлара нах кхерорна а, дозанал арахьарчу а, республикерчу а Кадыровн критикашна кхерамаш тийсарна а.

Инарлас дукхазза адамийн бакъонаш талхор бакъдира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа: Алаудинов Апти 2014-чу шарахь санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхира.

Кадыров Рамзан вен дагахь кIело кечъйечаьрца хилла, хIетахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов аьлла, 2019-чу шеран гурахь хаамаш баьржира. Ницкъахо декхаре хилира, и "эладиташ" даржочарна кхерамаш туьйсуш, видео дIаязъян, амма цул тIаьхьа тIадам биллира цуьнан полисхочун карьерехь. Бакъду, Нохчийчоьнан полицин хьаькам волчуьра Алаудинов мукъавоккхуш 2021-чу шеран юьххьехь бен куьйг ца яздира президенто Путина

"Ахь тидаре терра ду дерриг а"

Алаудинов – говза оратор ву, цо акцент йина Iийса Пайхамар варе сатуьйсуш ду аьлла, ислам дина кхетамца догIуш ду иза. Оцу аспектехь ислам динан Iилма дуьззина нийса ду керстачуьнца, амма кхин дIа бIостане долу: исламехь Iийса Пайхамар Маьхьдица цхьаьна тоьлар ву Дадждал йа антихрист эша а веш, дуьйцу дуьненаюкъарчу талламийн Институтан Iилманан (МГИМО) белхахочо, исламан дин толлучу Ярлыкапов Ахьмада.

"Бусулбанийн а, керстанийн а цхьаалех аьлча, кхузахь дуккхахдерг доьзна ду и кхеторца а, и терминаш муха билгалъяха еза бохучуьнца а. Спикеро чIогIа шуьйра кхетийна цунах. Бусулбанаш а, керста а цхьана Делах тешаш бу – къематан дийнахь, исламан динан Iилманца а догIуш, АллахIана бусулбанаш а, керстанаш а хир бац, хир бу йа Делах тешарш, йа цатешарш", - кхетадо Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь эксперто.

Бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар тIетов, исламехь а, керстанан динехь а кхачам боллуш жоп доцу чолхе а, шуьйра а теологин тема Алаудинов Аптис меттахъяьккхина хиларна.

"Цхьалла хиларна доза кхета, Исламан динехь цхьаъ бен воцу стаг, дийна воллушехь Дала ялсамане дIавигина Iийса Пайхамар лаьтта охьавусург хилар тешаш хиларехь. Кхин дIа дерриг а чIогIа кеп-кепара ду, хаац, дуьне дохарх исламна а, керстанна а хетарг цхьана муха нисдийр ду. Гуш ду, кху заманчуьра керстанашна, хетарехь, бусулба жIаре верза веза, керстан дин тIе а лоцуш, ткъа исламехь – керстачух хила веза бусулба. ХIора а агIонна важа цатешарг хетар ву", - аьлла дуьйцу Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Янгулбаевс.

Делах тешарш Библин нах болу, Оьрсийчуьрчу шина динна юкъахь вовшех тера хилар лаха гIерта Алаудинов, Украинерчу тIамца динан билгало ян, иза гIазотан тIом бу алархьама. "Вай кхеташ ма дуй – оцу тIамца цхьа а эвлаяалла дац", - аьлла хета бакъоларъярхочунна.

"Нехан шахьараш бахьанехь салташна тIемаш бан ца лаьа"

Тамаш бу исламан ламасташца догIуш делахь Алаудинов Аптис аьлларг. ТIехула тIе цуьнан къамелехь дин гойтуш ду Путинан пропагандин контекстехь, аьлла хета Европехь куп тоьхначу "Толам" Комитетан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатна.

"ТIеман юьххьехь Путина акцент йира Къилбаседа Кавказан къаьмнийн националистийн кхетамна: "Со лакец а, дагестанхо а, нохчо а, гIалгIа а, хIири а ву" олуш. ХIинца Алаудинов хьийза православашна тIехь акцент ян. Кхеташ ду, геополитикан интересаш бахьанехь, нехан шахьарш а, хIусамаш а бахьанехь Оьрсийчоьнан салташна дIоггара тIом бан ца лууш хилар. Царна идей оьшу, цхьа кIорггера, цхьана бIешарашкахь адам вовшахтоьхна ца Iен цхьа бахьана. Масала, дин", - дIахьедира Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Кхеташ ду, нехан шахьаршкахьа а, хIусамашкахьа а Оьрсийчоьнан салташна дIоггара тIом бан ца лаьа

Кадыровн гIоьнчас кест-кеста хьалхатоьтту экуменизм (керстанийн доллу гаранийн цхьаалла. – Редакцин билгалдаккхар.), цхьа ойла а йина, хетарехь, цхьаболчу пиар езачу наха хьехарца, аьлла ойла ю Сулеймановн. Масала, Алаудиновс дийцира, йинчу чевнех шахIада багахь а долуш, шен дахаран тIаьххьарчу минотехь бусулба дине воьрзуш, веллачу Мурманскерчу Афанасий цIе йолчу оьрсийн кIантах лаьцна.

"И чIогIа дина хIума дара, Оьрсийчуьра бусулбачийн доккхаха долчу декъана тайра иза. ДагадогIу, Кадыровс Алаудинов историк ву элира, цуьнан гонехь интеллектуал лоруш ву иза. Вукху герга озийначаьрга хьаьжча, боху ас", - билгалдоккху Сулеймановс.

Оцу юкъанна Кадыровн гIоьнчас "гIазотан тIом" бу боху тезисаш чоьте ца лору, шайлахь дукхахберш православин керстанаш а, керстанаш а болчу украинхоша.

"Украинехь хиллачу суна гира, сица аьлча, дийна йолу килсаш, цига леларш нах бара, туристаш бацара. Алаудиновн доллу пропагандин къамелаш дар духу украинхойн ницкъечу Делах тешаш хиларх кхетий", - дерзийра къамел спикеро.

Шен цIе ца яккхар дехначу Къилберчу РПЦ-н цхьахйолчу епархин мозгIаро Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдаьккхира: керста динан Iилманца цхьанне а кепара бусулба динца вовшахкхета тоьшалаш ден бух бац, ша бусулба стага дин хийцина, керста дин Iамош меттиг бацахь аьлла.

"Керста дине воьрзучо сардам буллуш Мухьаммадна а, цуьнан невцана а, берийн берашна а, кхинболчу асхьабашна а, неIалт кхайкхош КъорIанна а, Меккана а дIакъастаран чин долуш ду. И бохург ду, бусулба а, керста а цхьаьна богIуш хиларх дуьйцийла а дац бохург. Килсан Iилманехь коьртаниг ду – вайн къинош бахьана долуш Iийса Пайхамаро шен са дIадалар. Исламо и тIелоцуш дац, цундела оцу тIехь хаттар дIакъевлина ала мегар ду", - аьлла кхетийна керстан динан мозгIаро.

Хьалхо гоьваьллачу Москварчу патриархиин цхьахволчу коьртачу протоиерейс Ткачев Андрейс дIахьедира, "шен са а, пха а ма-кхоччу оьрсийн цивилизацех ву" Кадыров, цу юкъахь бац элира цо Украинана дуьхьал йолийна тIеман агресси емалъен оьрсий. МозгIаран къамелан мах хадийра эксперташа, –Путинан политикан системин чIуг ю Кадыров, амма цхьана а кепара хьакхалуш вац оьрсийн цивилизацех а, оьрсийн культурех а аьлла, дIа а хьедеш.

Нохчийн бакъонашларъяран организацеша а, блогерша а дийцина, республикера "лаамхойн" кепехь Украинерчу тIаме бигархьама лечкъабечу бахархошкара кхочучу кхайкхамех лаьцна. Цара бахарехь, харжам атта бац: йа контрактана куьйг яздина нах байъа воьду хьо, йа билггала йоцу хан "къайлахчу" набахтешкахь яккха кхерам лаьтта хьоьгахь.

Украинан дозана тIехь боьдучу тIамехь вийна Нохчийчуьра мел лахара а 125 стаг – иза а, "консервативан" лараршкара кхаьчна лахара терахь ду. Цунах лаьцна хаамбина Оьрсийчохь дIайохийначу бакъонашларъяран "Мемориал" центран тобано лелочу "Полный ПЦ" телеграм-канало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG