ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Динца доьзна доцу ловзарш": динехь йеза лору хIуманаш Кадыровна пайден йу


 Mufti Salah Mezhiev of Chechnya, and Ramzan Kadyrov
Mufti Salah Mezhiev of Chechnya, and Ramzan Kadyrov

Къилбаседа Кавказехь шуьйра лоруш йу бусалба нахана йеза хета хIуманаш – оцу кепарчу гайтамаша мархин баттахь эзарнаш зияртхой гулбо Дагестанехь а, Нохчийчохь а. Кеп-кепара хьежамаш бу оцу мехкашкахь цу йезачу хIуманашка: Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кест-кеста пайдаоьцу царах "бусалба уммат Iалашдийриг" ву боху, шен имидж чIагIйеш. Мохьмад Пайхамаран реликвеш Нохчийчохь гулйеш хилар а, Кадыровна гергахь цара политикехь хIун дакъа лоцу а зийра Кавказ.Реалии редакцино.

Бусалаба нахана йеза хета хIуманаш гулйеш, вовшахтухуш жигара хьийза дагестанхойн муфтият. Оцу кепара барамаш хIиттабо дийнна шарахь мехкан кеп-кепарчу кIошташкахь. Дагестанхойн коллекцина йукъахь ду Мохьмад пайхамаран тур, даьтта лелон кад, цуьнан хIусамненан Iайшин хилла кIудал, йоIа куьйга лелийна хьера – уьш а, кхин йолу реликвеш а вовшахтоьхна дуьненчуьра исламан центрашкара, иштта СаIуда Iаьрбийчуьра а, Цхьаьнатоьхначу Iарбой Эмираташкара а.

Пайхамарца йоьзна реликвеш йу иштта луларчу Нохчийчохь а, амма кхузахь Iедалхоша шайн карахь лелош, терго латтайо царна тIехь: маца, хьанна гайта йеза. Дукха хьолахь шарахь билгалдаьхначу цхьацца деношкахь гучуйоху уьш – пайхамар винчу дийнахь, йа Рамаданан беттан деношкахь. ХIоразза а и йеза хIуманаш йузу Кадыров Рамзанца.

2011-чу шеран гезгамашин-баттахь Британера Соьлжа-ГIала кхачийра цIеххьана пайхамарца йоьзна реликвеш – Мохьаммада хи молуш лелийна бара боху кад а, цуьнан коша тIера ши куз а. И хIуманаш суьрхаташ хилла дIахIиттира: кеда чуьра "тамашен ницкъболу" хи доькъура геронтологин центрера дархошна а, дарбанан хIусамашкара лоьрашна а, пачхьалкхан организацешкара белхахошна а. Мехкан урхалхочун ден коша тIе тесира куз – и бахьана долуш Нохчийчоьнан хилла президент дIавоьллина каш зияртхой тIехIуьтту меттиг хилла дIахIоьттира.

Эмираташкара лерринчу кеманахь схьакхачийра Соьлжа-ГIала 2012-чу шеран товбеца-баттахь Мохьмад пайхамаран дахарца йоьзна 16 реликви. ХIинццалц схьа уьш латтийнера ларйеш Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь шейхан Ахьмад бин Мухьаммада Аль-Хазраджин хIусамехь. Республикера боллу Iедалхой бара и йеза хIуманаш йохьуш догIучу кемана дуьхьал баьхкина, Кадыров Рамзан коьртехь а волуш: йеа дийнахь-буса а Соьлжа-ГIалара йукъара транспорт саццаза болх беш йара, цхьацца кепара Iедало таронаш йелла нах маьхза дIасалелабора ур-атталла такси тIехь а. Зиярте лела нах гойтура мехкан телехьожийлехула, ткъа шейхо Аль-Хазраджис массарана а хезаш дIакхайкхийра Соьлжа-ГIалахь йезачу хIуманийн гайтам бу дIахьош "КадыровгIара Ахьмада а, Рамзана а исламна а, бусалба умматана а хьалха дина даккхий гIуллакхаш къобалдеш" аьлла.

Бутт баьлча, 2012-чу шеран марсхьокху-баттахь, Эмираташкахь оццу доьзало цIе тиллира Кадыровна пайхамарх йиссина йеза хIуманаш коьрта Iалашйийриг ву аьлла. Кхин а ахшо даьлча Нохчийчоьнан шахьара реликвийн керла парти йеара – чIагIдора, пайхамаран а, цуьнан йоьIарийн Фатимин а, цуьнан муьрдийн а хилла йу бохуш. Царна лерина Нохчийчохь леррина филиал кхоьллира йеза хIуманаш ларйан, дуьненчохь а дуьххьарлероа йу иза.

2014-чу шеран дечкен-баттахь рогIера гайтам хилира, Мохьмад пайхамаран винчу денна лерина, - хIара дерриг а "вайн куьйгалхо Кадыров Рамзан Ахматовичах бахьана даьлла ду", кхетийра хIетахь Ичкерин заманахь муфтий лелла, хIинца волчу мехкан урхалхочун заманахь Iеламча хиллачу Тевсиев Бай-Iелас. Цу шеран гурахь Нохчийчу кхин а "ши кад а, пайхамаран ши мас а" йеара Узбекистанера. И реликвеш долахь хиллачу Хан Тура Iабдулхьафиза совгIатна Кадыровна йитира цхьа мас "нохчийн а, узбекийн а къаьмнийн вежараллин билгало" санна.

Кадыровс ша шена а магадора реликвийн дакъош кхечарна совгIатана дала. 2015-чу шеран гIадужу-баттахь Москвара маьждиге, Оьрсийчуьра муфтийн Кхеташонан куьйгалхо Гайнтудин Равиль коьртехь волуш, ларйан дIайелира цо Мохьмад пайхамаран месаш.

Соьлжа-ГIала йеана йеза хIуманаш (архивера сурт)
Соьлжа-ГIала йеана йеза хIуманаш (архивера сурт)

"Билгалдаккхарехь исламца догIуш дац"

Пайхамар волчу заманчохь цуьнан хIуманаш йеза, тамашен ницкъ болуш йара аьлла исламехь цхьаьнацадар дац, амма иза кхелхинчул тIаьхьа хIора а паччахь хьийзара цуьнах диссина хIуъа а шайца коша дIадахьа. Цундела таханалерачу дийнахь шеко йоцуш пайхамаран йара олийла дац дуьненахь цхьа а хIума, элира редакцица къамел динчу Мединера институтехь дешначу Музаев Сайхана.

Ша политикан лидер хилла а ца Iаш, Нохчийчохь къоман-динан йукъараллин а, йоллу бусалба умматан а лидер а цхьаьна хета Кадыровна. Нохчийчохь ламастин "нохчийн исламан" кеп – суфизм – лелон лууш ву иза, къоман кхетам а, духар а, лелар а, гергарлонийн уьйраш а шайца йолуш.

Кешнашка ваха мегар ду эхартара дахар хилар дагахь латтийта оцу цхьана Iалашонца

Ша цомгаш хилале хьалха Рамадан баттахь Кадыров шейхийн кешнашна тIехIуьттура. Кху шарахь Веданан кIошатара Эртана зиярте а вахана, Кишиев Кунта-Хьаьжин нанна тIе а хIоьттина, дерзийтира цо и. Ша а Кунта-Хьаьжин мурд лоруш ву Кадыровс. Иштта мархин баттахь Кадыров вахара Нохчийчуьра Нажин-Йуьртахь дIавоьллинчу XIX -чу бIешерашкара суфийн шейхан Саясанан Ташу-Хьаьжин коша тIе а.

Ша воьдучу шейхан тIаьхьалончаша йелла хилла йеза хIуманаш а цхьаьна кхоьхьу Кадыровс: масала, Саясанан коша тIе вогIуш тур а, кхин йолу хIуманаш а йехьира цо.

Оцу кепара реликвешца ларам бар динехь магош дац, аьлла хета Москвара лакхарчу доьшийлара дин толлучунна (кхерамзалла ларйеш цуьнан цIе ца йоккху редакцино). Къамел динчо бахарехь, динехь кешнийн культ йац – масала, СаIуда Iаьрбийчохь тахана пайхамаран заманара масех каш бен ца диссина.

"Церан уьш лардан аьтто цахиларна дац и, цигахь дIабоьхкинчийн культ латтон мегаш цахиларна ду. Цхьа а зияраташ дац Мединехь, пайхамаран а, цунна гергара хиллачу муьрдийн а бен, уьш а нахана ца хоуьйтуш латтош ду. Божаршна бен магош дац кешнашка лелар, иза а эхартан дахар дуй царна дагахь латтийта. Кхин хIуманна дац", - элира Iеламчас.

2015-чу шеран гIадужу-беттан 5-гIа де. Оьрсийчуьра муфтийн кхеташонан куьйгалхо Гайнтудин Равиль ву, Нохчийчоьнан куьйгалхочо йеллачу пайхамаран месаш чохь йолу капсула гойтуш
2015-чу шеран гIадужу-беттан 5-гIа де. Оьрсийчуьра муфтийн кхеташонан куьйгалхо Гайнтудин Равиль ву, Нохчийчоьнан куьйгалхочо йеллачу пайхамаран месаш чохь йолу капсула гойтуш

"Iадатан шоу"

Оьрсийчоьнан муфтийн Кхеташонан экспертийн декъашхочо, политикан Iилманийн кандидато Мухаметов Рината билгалдаьккхира, доллу исламан дуьненара маьждигашкахь, музейшкахь, кхин йолчу меттигашкахь а латтош хилар пайхамаран, цуьнан муьрдийн, безачу шейхийн, имамийн хилла хIуманаш. Цунна хетарехь, "билггал уьш церан хиларх шеконаш кхоллало амма историн агIор хьаьжча, и чIогIа интересе ду, оцу тIаьхьенах Iоттавала а веза".

Ислам кхолладеллачу меттигехь, оцу тайпа хIума цхьанна а коьрте ца догIу

Пайхамаран реликвешка ларам бу массо а бусалба халкъийн, тидамбира Малхбале толлучу Институтан белхахочо Бобровников Владимира. Оцу заманара и хIуманаш йу аьлла, цхьа хьесапаш дан а, царах лаьцна дийца а мегар дац аьлла, тIетуьйхира цо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо лелош йолу исламан реликвеш – цуьнан "ширачу пиар-эпопеян" цхьахйолу сюжет йу исаламан дуьненахь боккха ларам болуш стаг иза волуш санна, кхетийра гоьваьллачу нохчийн пачхьалкхан университетан этнолого, редакцица къамел дира цо, шен цIе цайаккхар а доьхуш.

"Исламан дуьненахь Кадыровна марзделлачуьнга хьуьйсу аьшнашдарца, ислам гучудаьллачу оцу меттигехь, оцу тайпа хIума цхьанна а дага а ца догIу. Ткъа Iадатан шоу, ма-дарра аьлча – хила тарлучу серлонан-видеон эффекташца, Кадыровс лелайо уьш пайхамарийн йезачу хIуманашца цхьаьна, ма-дарра дийцича, герга ду тиекъамдинна", - билгалдаьккхира цо.

Пропагандо совийна Кадыровн "авторитет" лаьтташ йу деккъа Оьрсийчоьнан президентан гIоьналлица лаьтташ. Къаьсттина Оьрсийчоь йу шен дуьненахь дакъалацарца, Iаткъамбарца, шен ресурсашца Малхбалера бусалба нахана билггал авторитет, дерзийра дешначу стага.

  • Жигара суфизман Iилма даржош, радикалан салафизм бахьана долуш нахана тIаьхьабуьйлучу Нохчийчохь ткъе итт гергга динан вежараллаш, йа вирдаш ду. Царна йукъара башхалла йу – билгалваьккхина исламан цхьа шейх ларар. ЧIагIдарца, и вежараллаш цхьа бакъонаш йолуш ду, делахь а, республикан Iедалхоша дIакхайкхийна шейхан Кунта-Хьаьжин вирд цуьнан вирдехь ву Кадыров Рамзан а. Оцу фактах а пайдаоьцу политико шен пиар-кампанихь.
  • Нохчийчуьра пропагандо Кадыров гойту "КъорIанна вацархо, исламан турпалхо, Мохьмад Пайхамаран суннаташ лардийриг санна". Цо шога йемалдо ислам цаларар, къаьсттина дозанал арахьа и нисделлехь. Делахь а Кадыровс тергамза дуьту Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалба тутмакхийн бакъонаш эшор, Подмосковьера маьждигашкахь рейдаш дIайахьар, динан духарца доьзна нислун девнаш а. Нохчийчохь лоьцу, мехкан куьйгалло къобалдина доцу динан гара лелош берш.
  • Нохчий къам кхолладаларх керла талламаш бе,"массо а агIор нохчийн йукъаралла а, пачхьалкхалла а кхиош" белхаш бе аьлла тIедиллина республикера культурин миистраллина Iилманан академица йукъах. Зазадокху-беттан 1-чу дийнахь цхьа могIа мехкан куьйгалхочо куьйгаш йаздинчу омрана тIехь ду и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG