Пачхьалкхан думан доьзал Ӏалашбаран комитето Москвахь горга стол дӀаяьхьира доьзалехь ницкъ барца йоьзна проблемаш йовзуьйтуш. Цу барамехь йистхуьлуш Москвара адамийн бакъонашкахула йолчу комиссаро Потяева Татьянас хьахийра доьзалехь ницкъ барх уьдуш болу Нохчийчуьра а, Дагестанера а меттигера бахархой. Хьаькамо билгалдаьккхира, Москвара пачхьалкхан кризисан центран таро йац царна гIо дан, хIунда аьлча кхечу регионашкахь бехаш бу аьлла йазбина нах тIелаца бакъо ца хиларна.
Пачхьалкхан Думехь дӀаяьхьначу горгачу стоьлах лаьцна шен телеграм-каналехь хаам бира телехьожийлан журналисто Собчак Ксенияс. Шен къамелан видео-фрагментехь Потяевас масал даладо "радиаторх зIенашца дIайихкинчу" йоIах лаьцна. Шен "15 шо долуш" йолу иза дуьхьал хиллера "шена карийначу дикка воккхачу" стаге маре йаха. Билгалдаьккхина дац, вуьйцург мила ву, йоьIан ка йаьллера йедда, Москва дIайаха.
Пачхьалкхан кризисан центр кхечу регионашкара бахархой тӀеэца йиш йоцуш хиларна, лерринчу коммерцица йоьзна йоцчу организацешна гӀо дан деза аьлла хета Потяевана, "ишттачу зударшна а, мехкаршна а оьшуш долу гӀо латторхьама".
Кризисан "СК SOS" цӀе йолчу тобано билгалдоккху, Къилбаседа Кавказера зударий, мехкарий Iалашбан аьтто боцу пачхьалкхаца йоьзна йоцу кризисан центраш а, шелтераш а кхерамзалла йоцуш хиларх хьахийна цахилар горгачу стоьлехь. "Бевдда шайн нах лоьхуш гергарнаш а баьхкина, уьш лечкъош хилча, тхуна гӀо дан реза ца хуьлу полици", - билгалдаьккхина бакъонашларъярхоша.
Цул сов, "СК SOS" тобано дагадаийтира, доьзалехь ницкъбаран проблемаца болх бечу цхьайолчу Ӏедалан доцчу юкъараллашна пачхьалкхера цхьа а гӀо ца хилла ца Ӏаш, мелхо а, уьш "арахьара агенташ" бу аьлла дӀакхайкхош хилар, ша кризисан тоба а санна.
- Оханан-бутт бовш бакъоларйархошка гIо дехнера Краснодарера йахархочо Смелая Марияс. Доьзалехь гIело латторна а, хIусамдас, Нохчийчуьра вахархочо Шабазов Чингисхана, шена кхерамаш тийсарх а дарединера цо. Доьзалехь бала хьоьгучу зударшна леринчу шелтерера лачкъийра 33 шо долу Краснодарера Смелая Мария стигалкъекъа-беттан йуьххьехь. Полицига дIахьедан ца лиира цунна, Шабазовс чIагIонаш йо, ша зуда балехь йаллош йац бохуш. Стигалкъекъа-беттан 30-чохь Смелая Марияс видеокхайкхам дIайазбира, цу тIехь цо чIагIдора хIусамдас шегара бер а, документаш а, телефон а схьайаьхнера аьлла. Шабазовна дуьхьал айдина гIуллакх прокуратуро йукъахдаьккхира, делахь а товбеца-баттахь Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тIедожийра гIуллакх йуха а айдар.
- 2022-чу шарахь Дагестанера гергарнаш гIоьртинера доьзалехь хьоьгучу баланех йедда, "Крепость" кризисан центрехь лечкъина Хирамагомедова Iайшта лачкъон. Арахь цунна тIелеттера цуьнан да а, ваша а, цул тIаьхьа дас йиттина хиллера цунна полицин декъехь.
- 2021 шеран гIадужу-бутт йукъабаьллачу хенахь Сайгидгусейнова Iайшат а, Сайгитова ПатIимат йадийна йигира Казанерчу кризисан петар чуьра. Царах цхьаъ карахь жима бер долуш яра. Цара дийцарехь, цIера йеддера и шиъ, даима а шаьшинна гергарчара Iаткъамбарна: йетташ хиллера цу шинна, балха йохуьйтуш ца хиллера, бертаза марехь сецош хиллера. Царах хиллачух хIумма а хууш дац.
- Иштта 2021-чу шарахь нохчийн, дагестанхойн ницкъахоша лачкъийра Тарамова Хьалимат – Кадыровн гонерчу Соьлжа-ГIалара "Гранд-паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI йара иза. ХIинжа-ГIалара шелтерехь лечкъина хиллера иза кхечу зударшца цхьаьна – арабаьхначу царна а йиттинера. Динчу тIелатаран хьокъехь бекзуламан гIуллак ца долийра. Тарамова Хьаьлиматан кхолламах хилларг хууш дац карарчу хенахь.