Европехь нохчий декъа болуш я нохчех лаьцна фильм яккхар цкъачунна наггахь а бен нислуш дац. Ткъа шайн кхолламах лаьцна я Iадатех, я исторех лаьцна шаьш нохчаша исбаьхьаллин я документалан филм яккхар кхин а кIезиг нисло.
Цуьнга хьаьжна даима а вуно мехала хилам а бу иза. Ишттачех мехала гIулч лара йогIу Австрерчу Фоларлберг лаьттахь бехачу нохчийн кегийрхоша яьккхина йолу документалан филм. „ТIеман монаш“ аьлла гочдан йиш цу немцойн маттахь „Narben des Krieges“ цIе йолчу йоца филман.
Брегенц гIаларчу Виндексий, Бодензее цIе йолчу нохчийн къомахчу мухIажаршца болх бечу юкъараллин шина цхьаьнакхетаралло цхьаьна болх беш кхоьллина ю и филм. Ткъа цуьнан автор ю къона исбаьхьалхо Хасуева Диана.
Маршо Радио цхьаьнакхийтира цуьнца Форалрбергерчу Дорбирн гIалахь дIахьош хиллачу адамийн бакъонашна леринчу кинофестивалехь: „И филм яккха суна дагадеана дуккха а хан яра. Бахьана – кхузахь австрихоша даима а хоьттура тхоьга, шун нохчийн кегирхой оьгIазе хIунда бу, уьш забарех хIунда ца кхета бохуш. ДIадахначехь и хеттарш лора тхоьга.
ТIаккха, ванах, дукхаъчу нахана вайн нохчийн истори а, менталитет а, култура а гойтуш хIун дийр дара –те аьлла ойла йича филм яккха дагадеара суна. Хьалхехь дуьйна соьца цу тIехь болх беш цхьа нохчийн кIант вара. Ткъа тIаьхьуо тхох схьакхийтира ассистент санна кхин цхьаъ жимстаг“.
Филман чулацам нохчийн къоман исторех бу, бIешераш хьалха дуьйна таханлерачу дийне кхаччалца. ТIемаш, къам дохор, Iедалан харцо, дуьненчохь бакъонех хадийна кхерста дезар, гIело – уьш дерриш а девза 6 минот сов бен йоцучу филмехь.
Шаьш иза йоккхучу хенахь хьовсархоша иза иштта дика тIеоьцур ю аьлла са а ца туьйсура шаьш бохуш дуьйцу Хасуевас: „Филм гиначеран реакци чIогIа дика яра. Ас сатийсинчул а гIоле яра. Дукхахберш цу филман шозлагIа дакъа маца доккхур ду бохуш, хоьттуш а бара. Оха цундела сацам бира цуьнан шозлагIа дакъа даккха“.