ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозици къаръян Ιалашо ю Оьрсийчохь тΙеэцначу низаман


Оьрсийчоь- Болотная майданахь оппозицин гулам боьдуш, 04Чил2012
Оьрсийчоь- Болотная майданахь оппозицин гулам боьдуш, 04Чил2012

Сихдинчу боларахь а листина, тΙечΙагΙдина Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думано бакъо йоцу гуламаш хΙитточу нахана даккхий гΙуданаш туху низам. Иза чекх ца долуьйтург дерриг а лелийра цунна резадоцчу парламентан декъо. ХΙинцачул тΙаьхьа полицин а, кхечу къепе латточу урхаллийн а аьтто хир бу Ιедална товш воцчу муьллхачу а оппозиционеран дахар гΙуданашца дукъдан.


Низам, ца хеддаш, депутаташа итт сохьтехь къийсинчул тΙаьхьа тΙеэцна Пачхьалкхан Думано. Кхин ян дуьхьало йоцчу депутатийн оппозицино «италахойн кепехь духьалояр» олу, болх меллаша леларца балебоккху кеп а тΙехь юкъаялийра низам дийцаре дечу муьрехь. Резабоцчара дийцаршка хьажийнера
400 тΙетохар, хийцамбар.

ТΙеэцна низам халла оьшу кворум цхьаьнатоха аьтто баларца.

Низаман мах иштта хадийра болх бирзинчул тΙаьхьа депутата, политикехь дика вевзаш волчу «Нийсонан Оьрсийчоь» партин хьалханчех волчу Миронов Сергейс.

Миронов: « Тахана тхан «Нийсонана Оьрсийчоь» фракцино дерриг а дина оцу низаман маьΙна дацар, вайн халкъан батт дΙаюкъа гΙертарца иза зуламе хилар гойтуш. Оха гайтира «Цхьааллин Оьрсийчоь» парти, шена оьшу низам чекхдоккхуш, белхан регламент талхо а кийча юйла, кхетамах йоьхна юйла, уггаре а коьртаниг – янне а шен халкъан пусар деш и йоцийла».

«Цхьааллин Оьрсийчоь» партино юхьара а даьккхина, тΙеэцначу низамо даккхийчу зуламийн могΙара диллина арахь Ιедалан лаамза гулам хΙоттор, ах миллион соьме кхочуш гΙуда тохар а къастийна низам талхийначунна.

ТΙеэцна низам шуьйрра емал до тахана Оьрсийчохь. Кхета нах, иза кхозлагΙа а харцонца президентан гΙента хиина ву аьлла шайна хета Путин Владимир шайх ларвеш юкъадаьккхинийла.

Амма «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин фракцин куьйгалхочо Воробьев Андрейс боху, низам догΙуш ду массо а Европан бустамашца.

Воробьев: «Тхуна вуно мехала ю маршо. ХΙора стагна, хΙора доьзална доггах оьшу маршо. Амма демократехь дехаш долу вай кхета деза, таронаш, бакъонаш хилла ца Ιаш, вайна тΙехь веша дечух жоп далар а дуйла. Цундела тахана тΙеэцна низам дуьззина догΙуш ду массо а Европерчу бакъонашца, гойтуш а ду вай демократин хийцамийн лорах доьлхийла».

Депутаташа болх бечу муьрехь, низам тΙеэцарна дуьхьало еш, Пачхьалкхан Думин цΙенна уллохь лаьттачу жигархойх 20 гергга стаг лецира полицино. Царалахь ву, масала, оппозицехь йолчу «Яблоко» партин лидер Митрохин Сергей а.

Низам тΙечΙагΙдан деза кху кΙиранах паламентан лакхарчу тΙегΙано – Федерацин кхеташоно. Цул тΙаьхьа куьг яздайта Путин Владимире кхачор ду иза.
XS
SM
MD
LG