Дукха хан йоццуш социалан машанашкахула яржош яра Нохчийчохь яьккхина цхьа видео кийсиг. Нускал далош йогIучу коврана дуьхьалдевлла берех тIехвала дагахь, машенаца, уьш дIа а тоьттуш, хоршахула чекхвала гIертара цунна урхалла дон стаг. Уггаре хьалха ойла кхоллалора, оццул кхераме хIилла лело а ца гIерташ, оцу берашна догIу сом-ком дIа а делла, дIабаха а мегар дара кху ловзаран дай олий.
И тайпа сурт тIаьхьарчу хенахь сих-сиха нислучух тера ду Нохчийчохь. "Кавказский узело" яздарехь, Охахан-беттан 14-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь лецнера некълаца гIерта бераш. "Минутка" майданехь нускал эцна йогIу ковр сацо гIоьртинера 5 кхиазхо. Некъа лелачу машенашна кхераме хьал хIоттиийна аьлла, шайн декъе дIабигнера уьш полисхоша.
Некълацар, хууш ма хиллара, шира нохчийн ламаст ду. Наггахь а бен хир вац тахана гIеметта хIиттинчу нахана юкъахь жималлехь иза лелонза.
20-30 шо хьалха некълаца дIоггара дукха боккха ницкъ а ца оьшура. Дукхачу хьолахь кара гIуркх а лоций дIахIиттара бераш, геннара йогIуш нускал далон ковра гича. ЦIеххьана нускал далош йогIуш машенаш гича, машен дуьхьал тесна некъ лаьцна меттигаш а нислора. Къаьсттина иза деш Iедал дара кхашка балха боьлхуш ларамаза некъаца нисбеллачу тракторлелорхоша.
Ур-аттала воккхачу стага шен Iаса новкъа пурх охьатесча а тоара ловзаран ковр сацон. Нускал цIадуьгуш некъбаста хьалхарчу машена хиина хилара невцан гергара стаг я доттагI. БIаьрмацигалла даима а эхье лоруш Iедал дара. Некълоцуш дуьхьалваьлла цхьа а ца хилча, схьадуьйла бераш, олий царна сом-ком доькъуш меттигаш а ягIара.
Гарехь,тахана заманаш хийца еллачух тера ду некълацарехь а. ХIинца, интернетерчу видеоша гайтарехь, некълаьцна лаьтташ долу бераш хьаьшна а чекхбовла гIерта цхьаберш, царна сом ца таса.
Кхечу агIор, кхузаманахьлера бераш, хIуъа а дина а, ахча тасийта гIерташ, юха ца довлуш хуьлу бохуш, латкъамаш беш хуьлу баккхийнаш а. ОьгIазбахначу цара, ахча даларан метта, тIетеIайо машен, ураме коьллаш такхийна а, тIулгаш дехкина а некълаьцна лаьттачу берашна уллехула чекхбовла гIерташ.
Некълацар шира делахь а, кхераме ламаст а хилла дIахIоьттина тахана дукха сиха а, дера а нохчашна юкъахь.
Делахь а, цкъачунна иза дехкар хьокъехь Iедалша бина сацам бац. Цундела, гIалин юккъехь алссам машенаш дIасалелачу урамехь некълаца гIертар шаьшна берашна кхераме хиларх дуьйцуш кхеторан болх а бина, дIахецна полисхоша шаьш Минуткехь лецна кхиазхой.
Кхузахь маслаIат ду аьлла хетало, бераш лардалар а, ткъа цара лелориг дайн шира ламаст хиларх нускал цIакхачо сихбелла богIу баккхийнаш кхетар а.