Евробертана юккъе йогIучу пачхьалкхийн Лакхара Кхел Люксембургехь ю. Цу кхеле бовлу Цхьаьнакхеттачу Европин декъарчу мехкийн кхелашкахула бинчу сацамех шайна кхачам ца хилча цу пачхьалкхийн бахархой. Иштта цо толлу Евробертан декъарчу пачхьалкхийн институцеша а, хьукматаша а тIеэцна болу сацамаш, уьш низамца богIуш хиларна.
ХIинца, шинари дийнахь Люксембургерчу кхело тIеэцна болу сацам а бу йоллучу Европина прецедент хир йолуш. Цу сацамца, Евробертан пачхьалкхийн Iедалийн а, мухIжаршца болх бечу хьукматийн а бакъо ю, террорхошца зIенаш хилла я террорхошна цхьанна а кепара гIодинчу нахана политикан я гуманитаран тховкIело ца яла.
Кхеле латкъам бинарг Мароккора орамаш долу Лоунани Мустафа вара. Белгехь даханчу шарахь тховкIело ехнера цо, амма цигарчу Iедалша цунна дацаре жоп деллера. Бахьана – и жимстаг Ал Къаидица йоьзна йолчу „Мароккора тIеман исламан тоба“ аьлла цIе лелочу джихадошца уьйраш йолуш хилар дара.
Цхьаьнакхеттачу кхаьмнийн юкъаралло 2002-чу шарахь дуьйна террорхойн тобанийн могIаршка язйинчу цу тобанехь жигара дакъалоцуш хилла Лоунани. Ша герз карахь тIелатарш деш ца хиллехь а, амма кхечу тIемлошна харцахь кехаташ дохуш а, Шема а, Иракъе а тIаме оьхучу джихадхошна дозанал дехьа бовла гIодеш а, ткъа иштта цига тIаме баха нах гулбеш а, бусалбачу кегирхошна джихадхойн пропаганда яржош а хиларна гучуваьлла иза Белгерчу кхелана.
Цундела Iедалхоша иза шен даймахка Марокко юхахьажон сацам тIеэцнера. Ша Лоунанис ша джихадхойн могIаршлахь хилар дацаре деш дацара, бакъду, ша герз карахь тIом бина ца хилар чIагIдора цо. Цул совнаха, нагахь санна Белгино ша Марокко дIахьажавахь, цигарчу Iедалша ша джихадхо а, радикале исламхо а лерина, шена таIзарш дийр ду бохучу бахьанца Белгехь ша витар доьхура цо.
ХIетте а, террорхойн могIаршлахь жигаралла лелорна цунна 6 шо хан тоьхнера Белгерчу кхело, ткъа иштта иза Даймахка дIахьажон сацам а бинера. Цул тIаьхьа шен гIуллакхан хьокъехь цо Люксембургерчу лакхарчу кхеле латкъам барца доьзна тIеэцна бу хIинцалера сацам, Лоунанин гIуллакхах хьакхалуш хилла ца Iаш, хIора а Евробертан пачхьалкхашкахь террорхошца зIенехь болчу нахах хьакхалуш болу.
Кхелан сацамехь билгалдаьккхина ду, тховкIело йоьхуш волу стаг ша тIом беш ца хиллехь а, амма цхьа кепара тIаме боьлхучарна гIодеш хиллехь, я джихадана пропаганда еш хиллехь, я террорхошна доза хададан а, кхечу кепара логистикалле накъосталла деш хиллехь а, церан дехарна дацаре жоп дала бакъо ю меттигерчу кхелийн, аьлла.
Хьахон догIу, хIинцалца схьа Евробертан пачхьалкхашкахь кхечу меттигашкахь тIемашкахь дакъалоцуш а хилла, цул тIаьхьа Малхбузехь тховкIело ехначу нахана меттигерчу низамашца набахтехь я арахь яккха хан тухуш хиллехь а, амма уьш шайн орамаш долчу, шаьш схьабевллачу мехкашка дIаюха хьажор яккхийчу халонашца доьзна дара.
Наггахь данне а дан а ца лора иза. ХIунда аьлча и нах доккхачу декъехь авторитарийн режимаш я диктатураш йолчу мехкашкара хуьлуш хиларна, ткъа цигахь царна Iедало къиза таIзарш дан там болуш хиларна. ХIинца Люксембургерчу кхело дIаьяккхина и новкъарло, террорхошца зIенаш хиллачарна депортаци ян магорца.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832