Полшин дозалардаран хьукматана тIе а тевжаш, Германерчу Дойче Велле агенталло далош долу терахь 78 эзар стаг – инзаре лекха ду.
Оццул нах, хетарехь, берриш а Нохчийчуьра мухIажарш хилла даханчу шарахь Беларуссиний, Полшиний юккъера доза а хадийна, Европе дехьабовла гIерташ. 2015-чу шарахь, дустарна аьлча, и доза хадон а гIоьртина, амма полшхойн дозалардаран хьукматхоша юхатоьхначу Нохчийчуьрчу мухIажарийн терахь 19 эзар стаг хилла.
Уьш дехьа ца бовлуьйтуш юхаберзийнарш бу. Ткъа мас нохчочун кадаьлла даханчу шарахь Беларусин, Полшин дозанна тIехь Iуьллучу Тереспол гIалин кевнех чекхвала? Полшерчу дозалардаран хьукмато чIагIдарехь, 6573 стаг ву цу пачхьалкхан дозалардархоша чувитинарг, царна официале тховкIело йеха а магош.
Массарна а дагадогIу, даханчу аьхка Брестехь, шайн дагахь Полше а, юха цигара дIа Европин кIоргене а дехьабовла лууш бIеннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш гулбелла. КIиранашкахь а, цхьаццаберш ур-атталла беттанашкахь а хан яьккхира цара, Полшин агIоно шайна кевнаш схьаделларе сатуьйсуш.
Европе бусалбачу пачхьалкхашкара схьаоьхучу бIеннаш эзарнаш мухIажарех къаьхкина йолчу Полшин урхалло иштта а Малхбузехь ледар репутаци йолу нохчийн мухIажарш амма, дийнахь цхьа масех стаг воцург, чу ца буььтура.
ХIора дийнахь мах луш цIерпоштина билеташ а оьцуш, Тересполе йоьдучу цIерпоштица ах сохьтехь герга некъ а бой, цул тIаьхьа дозанна хадечу полисхоша шаьш юхадерзийча, я мах луш лаьцначу петарахь буьйса йоккхуш, я циггахь, Брестерчу вокзалехь дIатевжаш, шозлагIчу дийнахь изза некъ къин цкъа а бархьама, Iийра уьш цигахь.
ХIинца, Iаьнан муьрехь Европе дехьа бовла луучу нохчийн мухIажарийн терахь хааъалла лахделлехь а, амма уьш банне а бац олийла дац. ХIора дийнахь жим-жимачу тобанашкахь я доьзалшкахь Брест агIор новкъабуьйлуш ду ДегIастанара арабевлларш, хIора дийнахь иштта кегийрачу тобанашкахь Тересполе боьдучу цIерпошта ховша уьш.
Хетарехь, нохчашлахь бакъйолчу тешамечу информацел эладиттанаш а, наха шайгара хет-хетарг дуьйцуш яржош йолу дезинформаци аттох тIеоцуш хиларна а, нах цунах аттох тешаш хиларна а. Ватсапехула дIасалелачу кху аудихаамехь цхьана стага, „Маршонан аз“ бохучу цхьанна ю я яц а ца хуучу къайленечу радионна тIе а тевжаш дуьйцуш дерг санна.
Ватсапп -хаам: „КIирандийнахь „Маршонан аз“ радио чохь кхайкхина бохуш дийцира тхан вешин стун шичо, шена хаза а хезира, шен шина лергаца цуьнга ладоьгIна а ву ша бохуш.
Цу чохь кхайкхира боху, немцойн мигрантийн сервисо а, къайлахчу сервисаша а аьлла бохуш дуьйцуш, „хIинцалца схьа Нохчийчуьра хьал тIом боцуш, хIуммаъ доцуш ду моьттуш хиллера шаьш, хIинца тхо тешна цигахь адам а, халкъ а хьийзош дуйла. Кхуза схьагIерташ болчу нахана билгал статус йогIуш ю, царна иза дIало“ аьлла бохург иштта цу радио чохь дуьйцуш хезна шена элира-кх цо“.
Олийла дац цу мила ву ца хуучу стаго лерина цхьана вочу Iалашонца и ша дуьйцург дIа а яздина, даржош ду аьлла. Олийла дац цо иза лерина нах Iехорхьама дуьйцу аьлла а. Амма цхьа кица ду оьрсийн маттера гочдича „сов тIех дог цIеналла къоладарал а оьшуш ду“ аьлла.
Хетарехь, иштта цхьанна а тайпана бух боцу хIумнаш цхьаццаболчу наха шайна шаьшна, шайн лергашна схьа ма хезна шайна, бохуш тоьшаллаш а деш дийцарх а Iехалуш арабевлла Нохчийчуьра Малхбузе боьду некъ юхьара а лаьцна цхьаболу мухIажарш. Ткъа нагахь санна цаьрга цхьаммо, иза бакъ дац шуна, дукхадахарш, „Голос Свободы“ цIейолуш радио янне а
ян а яц шуна, ткъа немцойн къайлахчу сервисан векалша „ тхуна хIинцалца цигахь тIом бац моьттинера, амма иза бакъ ца хилла, хIинца цундела дIаяла йогIу массо а нохчашна тховкIело, тIеэца беза уьш массо а“ бохуш дерг цкъа а аьлла а дац, я цкъа а ала йиш а яц. ХIунда аьлча, тховкIело хIора а стеган шен-шен хьал а, истори а, биографи а теллина луш ю, паушалечу хьесапехь цхьанна а къоман нахана массарна а луш яц.
Иза бохург дац, я Полшехь я кхечу Европерчу мехкашкахь Нохчийчуьра мухIажарш эццане а тIе ца оьцу бохург. Дера оьцу. Амма гарехь болу, бомбанаш а етташ, гIаланаш а, ярташ а йохош болу тIом дIабаьлла хиларна, тховкIело йоьхучаьргахь тоаъалла тоьшаллаш хила деза, Даймахкахь шаьш политикан бахьанашца хьийзош хилар тIечIагIдеш.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832