ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIепаза байинчу нехан хьокъехь рогIера сацам тIеэцна Страсбургерчу кхело


Франци -- Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел, Страсбург, Манг 27, 2013
Франци -- Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел, Страсбург, Манг 27, 2013

Еари дийнахь нуьцкъале бирзина болу Европерчу адамийн бакъонех кхелан сацам хIара шо долалуш, дечкен беттан I6-чохь тIеэцна бара. Нохчийчоьнан исс вахархочуо гулахь бинчу латкъамца боьзна бу и сацам. Цу нехан гергара 5 стаг 200I-чу шарера 2004-чу шаре кхаччалца болчу муьрехь оьрсийн эскархоша лачкъийнера.

Царех виъ жимма хан яьллачул тIаьхьа, шайна тIехь къизчу таIзарийн лораш а йолуш, вийна схьакарийнера. Ткъа пхеалгIаверг хIинца а каронза ву, оьрсийн эскархоша лаьцна дIавигинчул тIаьхьа цуьнан кхолламах лаьцна хууш хIумма а дац. Гергарчара меттигерачу прокуратуре а, полисхошка а латкъамаш бар бар бахьана долуш долийна хилла бехкталламан гIуллакхаш Iедалхоша, ишттачу хьелашкахь шаьш деш ма-хиллара, кхин терго а ца еш, я уьш талларехь цхьа а шовкъа а ца гойтуш, моттаргIанаш лелор беш, дIакъевлинера.

Цул тIаьхьа Дуьненаюкъарчу кхеле латкъам бина болу байъинчеран гергар нах бакъ хилар тIечIагIдира Страсбургерчу кхело, цу нахана юкъарчу хьесапехь 300 эзар евро сов ахчанца компенсаци яр Оьрсийчоьнан Iедална тIе а дожош.

Бакъду, Оьрсийчоьно цу сацамна дуьхьал аппеляци йинера, и гIуллакх таллар Европерчу кхелан Йоккха Палата олучу лакхарчу инстанце дилларе а кхойкхуш. Оьрсийн агIоно дацаре деш дара, Нохчийчохь байъинарш оьрсийн эскархоша байъина бу бохург.

„И зуламхой эскархойн камуфляже духарш доьхна хиларий, цаьргахь харц документаш хиларий уьш Iедалан векалш хилла бохург дац“, - бохург дара Оьрсийчоьнан векалша юьхьаралаьцнарг. Амма и дIахьедарш Кхело, бух боцуш а лерина, тидаме ца эцнера.

ХIинцалерниг хьалхара сацам бац Европерчу адамийн бакъонех йолчу кхело Нохчийчохь шинна тIамехь оьрсийн эскархоша къизаллийца байъина, я лийцина дIабигинчул тIаьхьа ларйоцуш, тIепаза байъинчу маьршачу бахархойн хьокъехь тIеэцна берг. Дуьххьара 2003-чу шарахь тIеэца болийра цу кхело Нохчийчуьрчу бахархойн латкъамаш.

ХIетахь прецедент хилла дIахIоьттира евзаш йолчу нохчийн бакъонашларйархочуо Базаева Либханас а, цуьнца цхьаьна цхьа могIа зударша а Страсбурге бина хилла латкъам. I999-шеран гIадужу бутт бовш Нохчийчуьра тIамех бевлла мухIажарийн коврица ГIалгIайчу баха новкъабевлла хиллера уьш. Цу дийнахь оьрсийн эскархоша „кхерамазаллин пургIе“ схьайоьллур ю шаьш ГIалгIайчу боьдучу новкъахь аьлла дIакхайкхинера.

Амма шен яматрлонца а, къизаллийца а евзаш хиллачу Кавказ постехь и „кхерамазаллин пургIе“ елла а ца тикна, юхаберза гIоьртинчу мухIажаршна тIе стиглара бомбеш етта йолийнера эскархоша. Цу тIелатарехь дийнера латъам бинчех цхьаъ йолчу Исаевин ши бер, ткъа иза ша а, Базаева Либхан а лазийнера. И 2003-чу шарахь Страсбургерчу кхеле делла гIуллакх и кхо зуда бакъ а еш, царна массарна а I2 эзарна тIера 25 эзар евро кхаччалца компенсацеш ялар Оьрсийчоьнан Iедална тIе а дожош дIадирзира.

ХIетахь дуьйна дийна цхьа тулгIе аййеллира, гIелонаш а, къизаллаш а, харцонаш а лайначу Нохчийчоьнан бахархоша Европерчу Кхеле бечу латкъамийн. Оьрсийчохь шайн бала тергал ца бан а, латкъамаш бар а, нийсо лехар а, мелхо а, шайна а, шайн доьзалшна а кхераме хилар а Iеминчу цара бIеннаш дIахьедарш яздира Страсбурге. Цу латкъамех иттанаш хIинцале а теллина бевлла бу, хIора а царех Оьрсийчоь бехкеярца дIа а бирзина. Ткъа иштта дуккха а дIахьедарш шайн рогIе ладоьгIуш ду Европерчу кхелехь.

Нохчийчуьрчу бахархойн латкъамашца Европерчу кхела оьрсийн Iедална хIинцале а такха тIедожийначу ахчан терахь тоххарехь 7 миллион еврол тIехдаьлла. Цу ахчанах цхьа доккха дакъа - 1,72 миллион евро - Котар-юртахь 2002-шеран чиллан баттахь байъинчу нехан гергарчарна дала тIедожийна дара. ХIетахь оьрсийн эскархоша бомбанаш йиттина 24 Котар-юртан вахархо вийра, иттанашна чевнаш йира, ткъа цу юртан ахдакъа, дохийна, херцаршка дерзийра.

И санна долу масалаш кхин дуккх а ду. Делахь а, и бохург дац, Оьрсийчоь Европерчу кхелан сацамаш кхочушбан сихдуш ю бохург а, я хIуммаъ массо а латкъамехь толам баьккхинчу вайнахана оьрсийн Iедало царна йогIуш йолу ахчанца компенсацеш дIало бохург а.

Иза ца дан некъаш лахархьама, керла низамаш тIеэца а кийча бу цу пачхьалкхан Iедалхой. Иштта Оьрсийчоьнан юстицин министралла толлуш ю, террорхошна дуьхьал йинчу операцешкахь зенаш хиллачу нахана компенсацеш яларх долу низам тIеэца некъаш. Бахьана – нагахь цара иштта низам тIеэцахь, Страсбургерчу кхелан кхин бух хир бац, Нохчийчуьрчу бахархойн латкъамаш талла.

Цул совнаха, Оьрсийчоьно Страсбургерчу кхелан хийлаза Iиттарш йина, уьш шайн талламашкахь объективе бац, бохуш. Нохчийчохь тIепаза вайнарг хIора а вийна ву бохург дац боху ойла ю оьрсийн агIоно шайн Iиттаршкахь юхьаралаьцнарг.

Ала догIу, цхьа могIа адамийн бакъонашларйархойн юкъараллаш чIагIдарехь, Нохчийчохь шинна а тIамехь тIепаза байъинчеран терахь 5000 сов стаг ду. Царех дукхахберш оьрсийн эскархоша, зачисткаш ечохь лийцина, дIабигина я оьрсийн эскархойн талламан посташкахь лийцина бу. Байъинчеран терахь а дац билгал хууш, адамийн бакъонашларйархоша 100 эзарера 200 эзаре кхаччалца терахь хьахдо.

2006-гIа шо кхаччалца Нохчийчоьнан Пачхьалкъан кхеташонан куьйгалхо хиллачу, ткъа цул тIаьхьа ша а тIепаза вайча санна цIеххьана политикан майданера къайлаваьлла волчу Джабраилов ТIауса ша Iедалан коьртехь волчу хенахь дира вуно гIовгIане дIахьедар, шина тIамехь Нохчийчохь I60 эзар стаг вийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG