ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуровна хӀуй кхайкхийна ГIалгIайчоьнан муфтиято


Муфтий Хамхоев Iийса а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Коллаж.
Муфтий Хамхоев Iийса а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Коллаж.

ДIадаханчу кIиранан дийнахь, Стигалкъекъа-беттан 27-чохь, ГIалгIайчоьнан муфтиято сацам бира бусалба юкъараллах дIахадо республикан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Цу Iалашонца меттигерчу диндайша гуламе кхайкхинера ерриг республикера имамаш а, Iелим-нах а.

Муфтийн гIоьнчо Хаштыров Мохьмада бахьанаш довзийтира Евкуров бусалба юкъараллах дIахадо оьшуш хиларан. Царна юкъахь дара республикан куьйгалхо муфтият дIасахеца а, имамаш бех бан а гIертар а, «тайп-тайпана органаш тIехоьхкуш» хафизийн школа дIакъовла дагахь хилар а.

Ша лаьтташ дара Магасехь маьждиг дан гулдинчу ахчанца доьзна хаттар а (и ахча мича дахана хууш дац), маьждигана делла латта дIадаккхарца доьзна гIуллакх а.

Цул сов Евкуровна бехке диллинарг дара Оьрсийчоьнан Федерацин Конституцин низамаш дохор.

Муфтиято вовшахтоьхначу гуламо бинчу сацамца а догIуш, республикерчу бусулбанашна хьехар дира Евкуровн дикане-воне даха оьшуш дац аьлла.

Муфтийс Хамхоев Iийсас хаам бира, маьждиг дан даккхийн ахчанаш деллачу наха хоьтту шега, и ахча мича дахана бохуш аьлла. Цо дийцарехь, цу нахана юкъахь бу 20, 80, 350 миллион сом ахча делла нах.

Хамхоевс чIагIдарехь, хIоьттина хьал цо дийцаре дира, ахча лерринчу чоьта тIехь ду бохучу Евкуровца. Амма и хаттар хIинца а йист яккханза ду.

Кавказ.Реаллица къамел деш, гIалгIайн муфтийн гIоьнчо Хаштыров Мохьмада билгалдаьккхира, бизнесхоша ахча делла хилар, кхаа стагана тIе жоьпалла а дожийна. Царна юкъахь ву муфтий Хамхоев Iийса а, республикан куьйгалхо Евкров Юнус-Бек а, сенатор Полонкоев Ахьмад а.

Хаштыровс дийцарехь, Хамхоевс а, Полонкоевс а КъорIана тIехь чIагIо йина, шайна цу ахчанан кхоллам муха бу ца хаьа аьлла. Виснарг ву, муфтега и ахча шегахь а ду, иза маьждиг деш дойур долуш а ду аьлла Евкуров.

«Цул тIаьхьа дуккха а хан яьлла, амма хьал хийцаделла дац. Мелхо а маьждиг дан билгалдаьккхина хилла латта дIадаьккхина», - бохуш латкъамаш бо Хаштыровс.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна а, муфтиятана а юкъахь иккхина дов дIадоьду масийтта шо а ду. Нохчийчуьрчу куьйгалхоша гIортор еш волчу муфтийс Хамхоевс бехке во Евкуров муфтиятана Iуналла дан гIертарна.

Кхушеран Чиллан-баттахь Евкуровс дIахьедар динера, диндайша бечу хьехамашна терго ян, массо а маьждигехь видеокамераш хIитто еза аьлла. Цунна дуьхьал муфтиято кхерам тесира шаьш республикан куьйгалхо шарIан суьде лур ву аьлла.

Бусулба юкъараллах Евкуров дIахадош муфтиято бина сацам тидам боцуш ца битина республикан Iедало.

"Динан экстремизмаца а, радикализмаца а къийсам латторехь муфтият пайден гIоьнча хир ю аьлла хетара. Шайн балха тIехь жигаралла лакхаяккхар дара муфтиятера оьшург, хIунда аьлча, цара цхьалха даха дезаш дуьсура дуккха а гIуллакхаш. Доккхачу декхъанна дуьйцург ду, кегийрхой кхетош – кхиор а, мостагIалла юкъадеанчу агIонашна маслаIатца юкъахьовзар а",- аьлла ду Евкуровн зорбанан гIуллаккхоша оршотан дийнахь даржийначу дIахьедарехь.

Царна хетарехь, тахана муфтиятна тIе а хIиттина, уьш бакъбийраш "къепе йохоран а, политикан къайлахбартбаран а агIончаш бу". Цара кхайкхам бина бахархошка питанан кхайкхамашка ладегIа ца оьшу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG