ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стомахинна компенсаци яла декхарийлахь йина Оьрсийчоь Европин кхело


Оьрсийчоь -- Стомахин Борис. Перман мохк, ИК-10 колони.
Оьрсийчоь -- Стомахин Борис. Перман мохк, ИК-10 колони.

Терроран тIелетарш даре кхайкхарна Оьрсийчохь набахтехь латтош волчу публицистана Стомахин Борисана дина таIзар тIех сов луьра хиларо цуьнан бакъонаш йохийна. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Европин адамийн бакъонашкахула кхело бинчу хаамехь.

Стомахинан шена хетарг хаийта йолу бакъо йохорна тутмакхана 12,5 эзар евро дала декхарийлахь йина Оьрсийчоь.

Цуьнца цхьаьна Европин адамийн бакъонашкахула йолчу кхело даре дина, Стомахина язйинчу материалашкахь ницкъ баре кхайкхамаш а, терроризм бехказаяккхар а хилар.

43 кхо долу публицист Стомахин 7 шо луьрча хьелашахь даккха хан тоьхна колоне хьажийра 2015-чу шарахь. Цунна бехке диллинарг ду къаьмнашна юкъахь мостагIалла кхоллар а, экстремизман кхайкхамаш бар а.

Кхело зулам лерира Стомахина 2013-чу шарахь Волгоградехь лелхийтарш дарна хьажийначу артиклехь яздинарг. Кхелехь тIаьххьара дош олуш цо дIахьедар дира, и терроран тIелатарш «нийса бина бекхам бу» Оьрсийчоьно Нохчийчохь лелийначунна дуьхьал аьлла.

Колонехь дуккхазза а чувоьллина латтийна Стомахин таIзар дон изоляторехь. «Мемориал» бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло доьху Оьрсийчуьрчу Iедалшка Стомахин маьршаваккхар.

Москох, Любянка майда, цхьана адаман пикет, 30.04.2016
Москох, Любянка майда, цхьана адаман пикет, 30.04.2016

2015-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь, ши шой кхо бутт хан а тоьхна, колоне хьажийра Тверь гIалара инженер-механик Бубеев Андрей. Цу стагана бехке диллинарг дара «ВКонтакте» машанехь Стомахинан «ГIирма Украинин ю» материал а, оццу темица доьзна цхьацца сурташ а зорбане дахар.

Карарчу хенахь Стомахин хан токхуш ву ИК-10 олучу Перман махкарчу колонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG