Дагадоуьйту. Стохка Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь кегийрхойн тоба тIелетира Каляпин Игорна «Грозный Сити» хьешан хIусаманна хьалха. Цу наха хIоаш а диттира, торт а туьйхира, тIе дама а кхоьссира, «зеленка» олу молха а туьйхира цунна. Масийттоза буй а тоьхнера цара бакъонашларъярхочунна.
Каляпина дийцарехь, и тIелатар дале хьалха иза хьешан хIусамера араваьккхинера цуьнан инарлан директор ву ша аьллачу стага.
"Директоро элира соьга, хьо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, нохчийн полицина а критика еш волун дела, ткъа шена Рамзан Ахматович дукха везан дела, хьо хьешан цIийнера дIаваха веза аьлла", - яздина Каляпина шен Facebook-ехь йолчу агIон тIехь.
Оццу сарахь шена тIелатар дарх лаьцна дIахаийтира Каляпина Соьлж-ГIаларчу полице. 10 де даьллачул тIаьхьа, Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь, цунна жоп делира динарг зулам дацара, бехктакхаман гIуллакх схьаделла оьшуш ца карийна шайна аьлла.
Таханлерчу денна цу тайпа сацамаш бина Соьлж-ГIаларчу талламхоша 7-зза.
Ткъа юха а латкъам хIунда бина ахь, борхIазлагIа айхьа иза дича хIун нислур ду аьлла хета хьуна аьлла, хаьттира ас Каляпин Игоре.
Каляпин: "Оха оцу сацамашна латкъам бар доьзна ма дац, тхо тешаш хиларца, 9-за иза дича бехктакхаман гIуллакх схьа а доьллур ду, бехкенаш жоьпе а озор бу бохучух. ХIа-хIа! Оха гойтург и система муха болх беш ю бохург бен кхин хIумма а дац. ХIунда аьлча, иза йохалур яц вайга, юкъараллан хетачо гIо деш ца хилча".
Хьуна а, хьан накъосташна а тIелатар дира ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанехь а. Хоьгахьа озабезам бечу наха хIун боху, муьлуш бу и нах аьлла шега хаьттича, Каляпина иштта элира.
Каляпин: "И нах, журналисташна а, тхан белхахошна а дозанехь тIелатар дина болу нах, мичара бу суна ца хаьа. Цкъачунна... Хуур ду суна иза, шеко а йоцуш, мацца хиина а. Амма цкъачунна ца хаьа суна иза. Суна тIелетта нах гуш ду чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой хилар. Иза гуш ду".
Дукха хан йоцуш Швецехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга Нохчийчу йоьдучу Каляпинан тобанна юкъахь хиллачу журналисто хаттар делира, шайна тIелатар дар хьокъехь таллам хIунда сацийна аьлла. Лавровс жоп делира таллам сацийна бохург бакъ дац, бехке берш карор бу аьлла.
Хьо теший баккъалла а Нохчийчохь таллам бийр бу бохучух аьлла, хаьттира ас Каляпине.
Каляпин: "ХIа-хIа. Кхеташ ду цхьа а таллам цигахь хуьлийла доций. Цигахь, ма дарра аьлча, дерриг гуш ду. Суна билггала хаьа и нах Нохчийчура баьхкина хилар. Уьш нохчий бу. Тхуна хаьа уьш Нохчийчура баьхкина хилар. Тхуна хаьа уьш Нохчийчу дIабаханий а. Тхуна тIелеттачу хенахь уьш реза ца хилар доьзна дара тхан накъосташа Нохчийчохь бечу балхаца. Ткъа и нах дIалур бац".
Амма гуш ду низамца бакъо шуна карош ца хилар, тIаккха оьший-те иза дийца, Каляпин Игор?
Каляпин:"Нагахь тхо низамца нийсоне кхачалуш дацахь, оха чоггIа а, сих-сиха а дуьйцур ду Оьрсийчоьнан махкахошна, Нохчийчохь низамаш болх беш ца хиларх лаьцна. Мацца хезна а тхо хезар ду. Мацца хилла а иза ладаме хир ду. ХIинца иза оьшуш дац. Жимма хан ера ю, тIаккха иза, шеко а йоцуш, деза хир ду".
Каляпина иштта дехар дина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIалахула йолчу урхаллан хьаькаме, шен гIуллакх талла реза ца хиллачу полисхошна таIзар де аьлла.