Eurochechens тобано масех шарахь болх бина яьккхина „Герз даларан йилбазмохь“ цIе йолу и фильм карарчу хенахь уггаре а дукха нохчий бехачу Европерчу гIаланашкахь яккхийчу кинотеатрашкахь дIакъевлинчу лерринчу гайтамашкахь хьажа аьтто хир бу луучеран.
ХIинцалца схьа цхьана Белгехь бен хьовсархойн тидаме йиллина йоцу иза хIинца ган йиш ю Австрерчу нохчийн а, нохчий боцучийн а, хIунда аьлча, филмехь буьйцу мотт нохчийнарг белахь а, амма субтитрашкахь персонажийн къамелаш гочдеш ду ингалсан а, оьрсийн а меттанашка.
Венерчу Аполло кинотеатрехь шоьта дийнахь 16 сахьт даьлча гойтур йолчу кинофильме хьовса баха кечлуш дуккхаъ нохчи бу йоллучу Австрера. Европехь бехачу нохчийн тобано дуьххьара яьккхина йолу филм диаспорашкарчу ка ма доллу алсам нахана гайта Iалашонца иза кхайкхош кху деношкахь цхьа могIа Австрера юкъараллин цхьаьнакхетараллаш ю, шайна юккъехь Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралла а, "Нохчийн Зударийн Кафе" олу кхерч а, "Нохчийн-ГIалгIайн Кхеташо" а.
Ша филм яьккхина тоба масех де хьалха дуьйна Вене а кхаьчна, техникаца дерг а, логистикаца а дерг а дIанисдеш, шоьта дийнахь хила дезачу гайтарна кечамаш беш ю.
„Герз даларан йилбазмохь“ филман режиссерца Загаев Мовсарца къамел хилира Маршо радион, Аполло кинотеатрехь тIаьххьара кечамаш беш йоллуш филм яккхарехь декъахиллачийн тоба а йолуш. Шайн тобанах лаьцна а, шаьш яьккхинчу филмах лаьцна а иштта дийцира Загаев Мовсарс.
Загаев Мовсар: „Аренца дехаш ду вай. Кху аренца вайна гонахьарчу нахана вай хIун адамаш ду гойтуш, вайн гIилкхаш, Iадаташ муха ду хоуьйтуш, цхьа во-дика тIеIоттаделча нохчийн къонахий цунах чекх муха бовлу гойтуш а филм ю иза.
Тхан цхьа тоба ю, масех шо хьалха вайн аренца бехачу нахана информацица гIо дан Iалашонца вовшахкхетта, нохчийн мотт къоначарна биц ца балийта а, оьшучохь гIо дан а“.
Загаев Мовсар а, цуьнца болх беш йолу тоба а профессионалан кинош яхар дешна Iамийна бац, амма масийта шо хьалха шаьш нохчех лаьцна кино йоккхур яра аьлла дуьйладелча кхийтира шаьш боху Мовсара, иза вуно доккха Iилма дуйла а, цуьнан баххаш ца Iамийча шаьш девр доцийла а. Цундела шерашкахь киноговзалла караерзон гIерташ къахьийгира шаьш.
Загаев Мовсар: „Со кхузахь доьшуш вара, соьца доьшачара даима а хоттур соьга, интернет чохь нохчех лаьцна тIамца доьзнарг бен кхин хIумма а дац, шайн кинош гайтахь тхуна, шу дикох довза лаьара тхуна олий. Амма хIетахь иштта филмаш яцара. Цундела тхаьш йоккхур ю-кх оха иштта цхьа кино аьлла Iалашо лецира оха.
Амма цул тIаьхьа кхийтира иза вуно боккха болх буйла, говзалла оьшуш. ХIетахь дуьйна и говзалла Iамош дукха болх бира оха, хIинца кийча ду-кх вай кино яккха дуьйдала аьлла тхайна хетча бен дIа а ца болийра оха и болх“.
„Герз даларан йилбазмохь“ цкъачунна я кинофестивалашкахь а, я интернетехь а гайта бакъо яц, киноиндустриян низамашца. Цундела цхьа-цхьаццачу Европерчу гIаланашкахь дIакъевдинчу гайтаршка баханчеран бен аьтто хир бац и филм кесталгIа ган.
Мовсарс а, цуьнца болчу накъосташа а сатуьйсу, Венехь Аполлон театрехь тIедогIучу шоьта дийнахь 16 сахьт даьлча гойтуш йолчу шайн филме хьовса алсам махкахой бахкаре.
„Герз даларан йилбазмохь“
Загаев Мовсар: „И филм шуьйрачу хьовсархошна ган йиш йоцуш масех шо долуш хуьлу, цкха фестивалашкахула чекх яла еза иза. Ткъа вайнехан иштта дукха сатоха собар а хир дац, аьлла, дIакъевлинчу гайтамашкахь лерина вайнахана иза гайта арадевлла ду тхо. Австрехь алсам хьовсархой богIур бу аьлла тешна а ду тхо“.