ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЙоI, вилспет, Къуръан


Youtube тIерачу Ваджда кинон официала трейлерна тIера сурт
Youtube тIерачу Ваджда кинон официала трейлерна тIера сурт

ХIинцалца схьа цкъа а кинофильм яккхина яцара СаIудийна Iарбахь – цигахь и тайпа исбаьхьаллин кеп Iедалан низамшца йихкина ю. Яц цигахь иштта цхьа кинотеатр а. Ткъа даханчу шарахь эр-Риядан урамашкахь яьккхина йолу „Ваджда“ цIе йолу кино дуьххьарлераниг ю цу пачхьалкхехь яьккхинарг. ТIехула тIе зудчо-режиссеро яьккхина а ю иза.


39 шо долу кинорежиссер аль Мансур Хайфа ша СаIудера Iарбо ю. Цуо Австралехь а, Цхьанатоьхначу Штаташкахь а дешна, кинош яхаран корматалла Iамош. Амма шен Даймахкахь кинош яха даима а сатийсинера цуо, пачхьалкхан низамашца кинош яхар цу махкахь магийна дацахь а. 1975 шарахь саIудийн эла хилла волу Фейсал вийча дуьйна схьа массо а кинотеатр дIакъевлина ю цигахь, кинош яхар а – дихкина ду. Бакъду, магош ду телевизионан сериалш яхар а, гайтар а.





Цундела режиссеран аль Мансур Хайфин а, цуьнан продюсерш болчу немцойн киноговзанчийн Майкснер Герхардан а, Паул Романан а сел арахьарчу, къаьстина Малхбузерачу, дуьненна дIакъовлабеллачу махкахь кинофилм яккха кадалар массо а цецваьккхина хIума хилла дIахIоьттира. Кино йоккхуш ерг зуда хилар тидаме эцча-м муххале а.

Хайфас яьккхина йолу фильм, 10 долчу, Ваджда цIе йолчу, йоIах а, цуьнан гуонах а йолу, - вуно башха а, хьалхарчу мIаьргонна тIера дIа чакхенерчу кадрашка кхаччалца шена тIера тидам лах ца бохуьйтуш, хьовсархо йийсарехь латтон а исбаьхьаллин болх хилла.

Цуьнан коьрта турпалхо йолу Ваджда зудберийн ишколехь доьшуш ю. Кхин башха саьхьара дешархо ша яцахь а, хьекъале а, кхетам болуш а бер ду иза. Цхьа сатийсам цуьнан бацахьара- вилспет езаш ю иза, луларчу туьканахь юхкуш йолу баьццара вилспет. Амма вилспет цуьнан махкахь зудабершна хахка магийна яц. Я магийна хилча а, ахча а дац цуьнан иза эца- къеллин дозанехь бехаш бу ВадждагIар.

Цундела Ваджда ша ахча гулдан йолало, шен сатийсам шен чотах къочушбархьама. Цуо куьйга ян еш, пхьарсах йоьхкуш йолу бижутериш юхку къайлаха шайн ишколерачу мехкаршна. Амма и ахча ца тоьа, цундела цуо КъурIан дешархойн кховсадалерх дакъалоцу, цигахь ахчан совгIат лур дацара те шена, олий.

Венехь ехаш йолу 12 шо долчу Амина а яхнера Ваджда фильме хьажа меттигерачу кинотеатре. Шена цу лентичохь уггаре а башха хеттачу мIаьргонех лаьцна Маршо радионе дийцира цуо.

Амина: „Суна уггаре а хазахеташ дерг хIун дарий, цу Ваджда бохуш йолчу йоIа КъурIан доьшуш хьалхара меттиг а баьккхина, толам баьккхинера цуо. Амма цунна кхача дезаш хилла долу ахча, вилспетах дохка ца оьшу, цуллеъ Палестине дIадалахьийта деза, аьлла, схьа ца деллера.

ТIаккха халахеттера цунна. Кхин а ала дезаш Iхума ду, цуьнан ненан и цхьа йоI бен яц, кIант вац цуьнан, цундела цуьнана марнана Вадждин дена кхин шозлагIа зуда ялон гIерташ ю. ТIаккха Вадждина нанин хета, шена туькнахь гина йолу цхьа хаза коч ша эцча, шен цIийндена ша юха а езалур яра, цуо зуда ялор яцара, аьлла.

И коч эца лууш яра иза. Амма Вадждина къовсамехь толам баьккхича, ахча ца деллийла хиъча, цуо шена коч эца IаIийна хилла долчу ахчанах цу йоIана виспет ийцара. И чIогIа хазхеттера суна“.

Кхин цхьаъ башха меттиг а ю фильмех къоначу хьовсархочун Аминин тIе тидам бахнарг. Коьртачу турпалхочун нана цкъа хьалха вуно дуьхьал ю цу вилспет эцарна, шен йоIа и хьахийча а ца деза цунна, нахана хIу дагадогIур ду, хьо вислпет хахка араяьлча, бохуш. Цуьнгахь шегахь а бу, и боцурш а, кхин а баланаш. Масала, цуьнан хIусамда ву шена кхин шозлагIа зуда лаха араваьлла, Вадждин нанас шена кIант ца вина боху бахьана юьхьара а лаьцна. Аминас дуьйцу кхин дIа:

Амина: „Вадждин нана и коч эца гIертачу хенахь, сан дагахь дара, хIинца ма эцахьара ахь иза, бохург. Сан дагахь дара, и коч цуьнан майрчунна йогIуш коч яц бохург. ХIунда аьлча, цуо и коч эцале хьалха и шена зуда яло гIерташ вара, шен иштта дика зуда а йолшехь, иштта дика йоI а йолшехь, кIант вац, аьлла. Цундела цуо и коч цуьнан дуьхьа эцнехь, суна дика хетар дацара.

Изаъ ца оьцуш, цулллеъ шен йоIана цуо дика хIума дина хазахеттера суна. И бохург дара, цу зудчуо и стаг дIавахийтара, шена ма луъу, иштта волу и цунна боккъалийна а кхин оьшуш вац, бохург. Иштта хета-кх суна. Ткъа и коч цуо эцнехь, - дика ду, цхьана дийнахь Iийр вара иза зуда ца ялош, цхьана баттахь а Iен мегара. ТIаккха коч тишъелча хIун дийр дара цуо? Иза ишттаъ-вуьшттаъ и коч тиш ма еллий, дIа гIур ма вара...“

Амма беккъа цхьа зударий хилла ца Iа филман турпалой. Ваджда цу лентехь коьрта турпалхо санна билгалъяьккхина елахь а, амма цуьнца нийса хетало цуьнан доттагIа волу лулара Iабдулла цIе йолу жима кIант. Цуо лерина ларйо и йоI ишколе йоьдуш-йодуш, луларчу божаберашка хьийза ца йойтуш а, иза яха-ян езачохь, цунна улле волуш а, - хIунда аьлча уллехь боьрша стаг – я боьрша бер – ца хилча, зудаберан я зудчун шен араяла йиш йоцун дела.

Амина: “И чIогIа дика кIант вара. Вадждас иза кест-кеста хьийзаъ вора. Суна дика хIун хетарий цу кино чохь? Массо хенахь хIинца керланашкахь а, газеташкахь а, телевизионехь а бусулба кIентий цхьа зударберашца вуо болуш санна ма гойтий, царах башаъ ца бешаш. Ткъа Iабдулла боккъал дика кIант вара, Вадждах къаъ а хеташ, иза дукхаъ езаш“.

Вуно говза а, хаза а яьккхина кино ю и Ваджда цIе йолу фильм. Цуьнга хьоьжучу хенах цхьана мIаьргонна а бIаьрг экранна тIера дIабадон ца лаьа. Хьовсархо йолу хьо хьуо а экранан дехьа агIор, царна юккъехь, церан кхерчахь Iаш йолуш санна хетало.

И йоI а, и цуьнан нана а, и лулахойн жима кIант а, ур-атталла а ишколера сийдоцу а, луьра а куьйгалхо а, Важдин хIусамера тишуо пенош а – и дерриге а уллора а, гергара а хетало, куьг дIакховдийча тIекхочехь санна.

Бусулба нехан дахарех йолу филмаш дукхахьолехь цхьа таьIна а, ойла йожош а, цу нахах къахоьтуйтуш а ган Iеминчу хьовсархошкахь, мелхо а, сатийсамаш кхуллуш, мелхо а, церан са паргIат доккхуш, самукъадаьлла уьш кинокхерчера арабовлуьйтуш яьккхина ю фильм.

Кхин а цхьа хIума а хьахон догIу. Даханчу шарахь дуьйна Iелам наха лерина фатва а делла, СаIудийн Iарбахь зудберашна вилспет хахкар магийна ду.
XS
SM
MD
LG