ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францоша бина шайн харжам


Франци -- Харжамашна кечлуш, 13ГIура2015
Франци -- Харжамашна кечлуш, 13ГIура2015

Францерчу регионашкахь дIабаьхьанчу харжамийн шозлагIчу гуонехь дагахь а доцуш эшна толамца хьалхарчу гуонехь чекхйаьлла хилла Ле Пен Маринс куьйгалла до националистийн парти.

Бокхачу тидамца тергал беш бара йоллучу Европано а Францехь дIабаьхьна харжамаш. Парижехь террорхойн тIелатарш хиллачул тIаьхьа кхо кIира даьлла бен а доцуш цу харжамийн хьалхара гуо хIоьттича, харжамийн толамхо хилларг Ле Пен Маринс куьйгалло до Фронт Национал цIе йолу националистийн хьежамаш болчийн парти яра. ХIетахь, 28 процент кхаьжний даха каделира националистийн партин. И парти кхоьллича дуьйна схьа цкъа а ца хилла кхиам бара иза церан.

Тамашийна а дацара, йоллучу Европехь а нах Францехь Iедале аьтто-радикалан ницкъаш бахкарна саготта хилар а. Амма кIиранан буьйсанна цкъа хьалха экзит-поллийн, ткъа оршот Iуьйранна харжамийн хьалхарчу жамIаша ма-гайтара, Францехь и мохк республика дIакхайкхича дуьйна схьа юьхьара лаьцна йолу парол, нохчийн маттахь аьлча, „Маршо, Нийсо, Вежаралла“ бохуш йолу, хIинца а лоруш берш националистел алсамох хилар гайтира.

ХIинцале а, цкъачунна официала тIаьххьара лерина доцучу жамIашца, гучудаьлла ма-хиллара, харжамашка тоьлларг Францин экс-президент хиллачу Саркози Николяс куьйгалла до Республикахойн консервативан парти ю 40 процент аьзнашца, шозлагIчу меттехь 30 процентаца карарчу хенахь Iедалера Олланд Франсуас куьйгалло до социалисташ бу, ткъа кхозлагIчу меттехь 28 процентаца Ле Пен Маринс куьйгалла до Фронт Национал яьлла.

Стенца доьзна ду-теша хьалхарчу гуонехь сел кхиаме жамIаш гайтина йолу Ле Пенан парти сел зIевне шозлагIчу гуонехь эшар? ХIун синхIоттамаш лаьтта Францехь харжамийн жамIаш гучудевллачул тIаьхьа? Парижехь вехачу историн Iилманче Вачагаев Майрбеке делира Маршо радионо и хеттарш. Цуо дуьйцу.

Вачагаев Майрбек: „Доккхачу декъехь, цу партино даханчу кIиранахь хьалхарчу гуонехь харжамашкахь толам баккхар – иза адамаш харжамашка ара ца довларца доьзна дара, итт стагах виъ бен ца вахнера кхаж тасса, цу вианнах цхьаммо царна кхаж теснера. ХIетте а, Францехь массо а кхеташ вара церан Iедале бахка цхьа а аьтто хир боцийла. Оьрсийн хаамийн гIирсаша мел яздахь а, уьш Iедале кхаьчча бевлча санна. Кхузахь вехаш 5 миллион сов бусулба стаг ву, меттигера бахархой, луларчу Германехь я Италехь санна а доцуш, тIебаьхкинчу нахаца вуно кIеда а, ларамца а бу. Цундела националистийн парти иштта атта Iедале кхочур йоцийла кхеташ ду. Цул совнаха, шаьш хьалхарчу гуонехь харжамашка ца бахнарш а, Фронт Национал ца толийтархьама а, шозлагIчу гуонехь кхаж тасса бахара“.

Фронт Национал парти, шен кхечу къаьмнех а, динех а, кхин чкъор долчу а нахе болчу цабезамна тIехь политика дIахьош йолу, кхоьллинера I972-чу шарахь ультра-аьттон хьежамаш болчу политико Жан-Мари Ле Пена, хIинца куьйгаллехь йолчу Марин Ле Пенан дас. Бакъду, тIаьхьарчу шерашкахь ден, йоIан юкъаметтигаш талха а телхина, шен да цу партера аракхоьссира Марин Ле Пенс. Доккхачу декъехь цу шинан юкъаметтигаш талхар дас дукха эвхьаза а, ма-дарра а жуьгтешка шен болу цабезам а, Холокостах ша цатешар а дIакхайкхор дара, ткъа иштта тIаьхьарчу хенахь Ле Пен Марин а, цуьнан гуо а Оьрсийчоьнца дукха гергара хIоттар а дара. Амма Оьрсийчоьнца гергара уьйраш – уьш Фронт Националан куьйгалхочуо Ле Пен Марин къайлахьош а яц. Дукха хан йоцуш вуно йоккха IалагIож елира, цуьнан партина Хьалхара Оьрсийн-Чехийн банк цIе йолчу банко 9 миллион еврона кредит далар гучудаларца доьзна. Кхечу пачхьалкхера цхьана политикан партино ахча эцар Малхбузехь вуно бехке лоруш ду. Ткъа и хIума Францин Iедалхой ца толлуш Iийр бац аьлла тешна ву Вачагаев Майрбек, Фронт Националана дина а ца Iаш, карарчу оьрсийн Iедалша Европехь мел йолчу аьтто-радикалан партешна а гIо деш хилар а хьахийра цуо.

Вачагаев Майрбек: „Оьрсаша царна и кредит делчхьана дуьйна меттигерчу Iедало тидаме эцна бу уьш. Амма дIабоьлхуш харжамаш а болуш, царна дуьхьал талламаш бан аьтто бацара цуьнан, хIунда аьлча, вукхара цунах шайн харжамийн агитаци йийр яра, гой шуна, тхо хIинца тулуш ду, цундела тхо ца толийта тхуна дуьхьал дIахьош болх бу иза, аьлла. Амма кхечу пачхьалкхера меттигерчу партеша ахчанаш эцар – иза низамца магор долуш хIума дац, цунна таллам ца беш Iедал Iийр дац. Бакъду, Кремло таханлерчу дийнахь Францерчу националисташна дина ца Iаш ахчанца гIо йоллучу Европехь а фашистийн хьежамаш болчу ницкъашна деш ду. Хьалха коммунистийн партеш а кхуллуш доллучу дуьненчохь, уьш Iедалшна дуьхьал бохуш, царна ахчанаш латтадора Кремло, хIинца националистийн а, фашистийн а хьежамаш болчу партешна гIо до“.

Цу юкъана ша Ле Пен Марин шен парти харжамашкахь эшарна къера хилла. Цу хIуманна бехк цуо кхечу францхойн шина партина тIе биллира, республикахой, социалисташий шен парти Iедале ца кхачийта вовшашца берта бахнера аьлла. Бакъду, ша йинчу а, кхиинчу а меттехь, Францин Неврехь а ур-атталла харжамхоша Iедале ца кхачийтинчу Ле Пен Маринна цунах, хетарехь, кIезга синхьаам бу.

XS
SM
MD
LG