ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сим-карта + ФСБ. "МостагIий вайн телефонаш чу ца бийлийта"


Пинчук Алина

Къайлахчу сервисо (ФСБ-но) шен шифр чухIоттийначу сим-картанаша дIалаца тарло кеста Оьрсийчуьрчу бахархойн мобилан телефонаш. Керла технологеш эца а, 260 миллион сим-карта кечдан а дезар ду зIенан операторийн и Iалашо кхочушъеш. Керла сим-картанаш юкъадаха дагадеанчара шаьш Оьрсийчоьнан бахархойн духьа хьийза боху – абонентийн телефонаш чуьра информаци "Малхбалерчу къуйшка" лечкъа ца яйтархьама. Амма эксперташ шек бу, мобилан телефонан системех шена йолу са совъяккха гIерта Iедал, цу тIе, керлачу хьоло дохор ду Оьрсийчоьнан телекоммуникацийн кхиар а, боху цара.

Шифр чу а хIоттош, зIе ФСБ-нехула чекхйоккху болх болийнарг ю Коммуникацин зIенан министралла (Минкомсвязи). Шен сайтехула яржайо цо хийцамах йолу проект. Ши кIира хьалха зIен урхалло иза кхачийра юстицин министралле, амма юхаехна деношкахь, ша юкъара кхачамбацарш дIа а даьхна, юхайоуьйтур ю, аьлла.

ХIун ду Коммуникацин зIенан министралло юьхьарлаьцнарг?

Сим-карта – абонент телекоммуникацин хьостанах дIатуху шатайпа электронан "догIа" ду. Хьан телефон авторизацех чекхйолу, ахь иза хьалатийча: операторо код йоуьйту, телефоно дуьхьал жоп ло ша кхоьллинчу терахь-кодца. Шина агIонан алгоритмаш цхьанайогIуш а хуьлий, операторо шен зIенах юзу хьан телефон. Кхин цхьа технологин Iаламат а ду оццу муьрехь операторо хьуна кхачош – хьан информацин къайле чIагIъеш, криптографин "догIанца" кхуллу код.

И ши алгоритм – авторизаци а, зIе шифре ерзор а – лелайо дуьнентIерачу массо GSM-машанаша. Цхьана агIор, дика ду и протокол массанхьа а цхьаъ йолуш – цо, масала, аьтто бо роумингца зIе латто. Ткъа, халахеташ делахь а, юкъахь лелачу зIенан архитектурах а боьлла, зуламхойн аьтто бу дуьненан муьлххачу а маьIIехь йолчу телефон чуьра къайле "яста", цуьнан да волу меттиг билгалъяккха а.

ЗIенан министраллерчу хьаькамийн паранойя ю керлачу шифршца зIе чIагIйойтург

Интернетан маршо Iалашъечу юкъараллин директорна Климарев Михаилна хетарехь, зIенан министралло юхьарлаьцнарг юьстахарчу нахе Оьрсийчуьра телефонаш "цаястийтар" ду – пачхьалкхо шен алгоритм юкъаяьккхича, арахьара "еллалуш" хир яц цуьнан зIенан система. " ЗIенан министраллерчу хьаькамийн паранойя ю керлачу шифршца зIе чIагIъян гIертар", - боху Климаревс.

Иза шек ву Оьрсийчоьнна шенна шифран алгоритм кхолла гIерташ хьийзарг ФСБ ю бохучух, "ФСБ-н ишта а бу телефонаш чуьра луург деша а, ган а хьашт мел болу гIирс. Технологийн профессионалаша зIенан хатI хийца гIертачийн хадош болу мах цхьаъ бу – Iовдал лелар. Ца гIерта уьш нахана зулам дан, амма оьшуш яц-кх и тайпа инициатива".

Алгоритм кхуллу система йозаелла ю тахана лелачу сим-картанех. Иза хийца Оьрсийчоь лууш елахь, юхакхолла дезар ду цуьнан сим-картанаш, керла гIирс оьшур бу керлачу технологина, шайнна кхолла дезар ду программа.

Карарчу хенахь Оьрсийчуьрчу операторша цIахь а, Европехь а (нидерландхойн Gemalto фирмано) дина сим-картанаш ду оьцуш а, бахархошна духкуш а. И бизнес-схема хийцар, Маршо Радиоца къамел динчу эксперташна гарехь, пайде ду Оьрсийчохь сим-картанаш дечу а, духкучу а хьукматашна, масала, Зеленоградерчу "Макрон" фирмина. 260 миллион стаг ву Оьрсийчохь мобилан зIенах возавелла, оццул арахеца дезар ду керла сим-каратанаш а. Ткъа, "Коммерсант" газето баржочу хаамца, абоненташ декхаре бийр бу 15 бутт моссаза болу "симканаш" хийца.

"Уггаре а хан йогIуш йоцчу муьрехь"

Операторша кеста ишта а токхур бу финансашца боккха бала. "Яровойн пакето" уьш декхаребо тIедогIучу пхеа шера чохь 30-45 миллиард сом дайа – телефонийн дайша ден къамелаш, йозанаш дIаяздеш. ХIинца керла шифраш юкъаяхарца йоьзна харжаш а царна тIекхеташ хилча, ца ладаллал доккха зен хуьлу операторшна. Оцу ойланца бу тхан къамел хилла "Мегафонан" векалш.

MForum Analytics агенталлан белхахочунна Бойко Алексейна ши некъ го юкъайоккху кеп лелийта оьшуш, амма оцу шиннах хIораммо а вочу доккхур ду хьал. Хьалхара некъ – зIенан операторийн ахчанца 5G формат кхиор. ШолгIа некъ – абонентийн киса.

"Тахана хIора операторо шен система дикачу хьолехь латтош дойу ахка соьмашкахь кхочу иттаннаш миллиордашка. И инвестицеш керла кепаш кхаба хьажаяхь, технологеш а, белхан гIирс а эца таро хир яц операторийн – тIаккха духу церан дерриг", - дуьйцу Бойкос.

Бойкос дийцарехь, телефонаш лелочийн тIерахь иттаннаш проценташкахь кхуьу хIора шарахь, шира гIирс белхан хьолехь латто а, керла технологеш эца а оьшу вуно дукха ахча.

"5G яьржаш лаьттачу дуьненахь беркъа юьсур ю Оьрсийчоь"

"Операторийн Iалашо ю тахана яьржаш лаьттачу 5G технологин гIирсан дай хила. Иза ца дахь, уьш тIаьхьаюьсур ю дуьненал. Иштта гIеллур ю операторийн экономика а. 5G технологин гIирсийн мах бу миллиардашкахь. Хууш ду вайна, Цхьанатоьхна Штаташ дагахь ю и технологи кхушара юкъаяккха, ткъа цул тIахьаюьсур яц Азера пачхьалкхаш: Китай, Къилба Корея, Япони. Вайн операторшна ишта а оьшу вуно даккхий ахчанаш. Ткъа ахча операторна абоненташкара бен хуьлийла а дац. Оцу, операторна хала беанчу муьрехь ду хIинца кхерамзалла чIагIъярхьама аьлла юкъадоккхуш дерг, цо дакъазйоккхур ю Оьрсийчуьрчу бахархошна а, экономикана а, массарна а оьшуш йолу мобилан зIе", - аьлла хета MForum Analytics векална Бойко Алексейна.

Дуьнено зIенан технологеш кхиош лаьтта, кеста юкъарадевр ду сим-картанаш, уьш а доцуш болх бийр бу телефонаша яьржаш лаьттачу eSIMа, iSIM а системашкахь. Ткъа Оьрсийчоьнна дуьнено дIатесча а оьшуш лаьттар ю чу сим-карта тардеш йолу телефонаш, боху зIенан технологеш евзачара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG