ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Забаре йоцу «Зударийн логика»


Гуьржийчоь -- "Зударийн логика" цIе йолу программа, 2012
Гуьржийчоь -- "Зударийн логика" цIе йолу программа, 2012

Керлачу телевизионан ловзаро къийсарш долийна Гуьржийчохь, зударийн аматаш вочу агIора гайтарехь зорбанан гIирсаша деш дерг бахьана долуш. Царна юкъахь бу Имеди телеканалан «Зударийн логика» цIе йолу гайтам.


Цу программехь, лортIехь тIе хIума йоьхна боцу, зударий хуьлу дIоггара къорге доцучу историн а, математикан а, Iилманан а хаттаршна жоьпаш дала гIерташ. Цу гайтамна критика ечу нахана хетарехь, цо доккха зулам дохьу юкъаланна, зударийн харц васт кхуллуш. Цундела «Зударийн логика» программа дIачIагIа еза, аьлла, хета цу нахана.

Програма дIахьуш ерг: Шайца ловзур болу зударий бовзийта пурба лой аша суна?

Хьалхара стаг: ХIаъ, ло дера!

Хьалхара зуда: Маршалла ду массерга а! Со балерина ю. Сан цIе Мачарашвили Мака ю. Эшарш лоькхуш чIогIа хазахета суна, амма, хала хеташ далахь а, похьма долуш яц цо. Цундела йиш ца лакхало соьга.

ШолгIа зуда: Маршалла ду шоьга! Со Алина ю, со экономист ю. Суна суьрташ дохкуш хаза хета. Хими ца еза суна.

[Аудитори тIараш детташ ю]

Програма дIахьуш ерг: Шуна хIу, аьлла, хета, цу шина зудчунна хуур ду, аьлла, хетий шуна, маса кила ю шина тоннана чохь.

[Публика йоьлуш ю]

Хьалхара стаг: Церах цхьамма хIу элира? Хими ца еза элирий цо?

Програма дIахьуш ерг: Элира. Со гал ца яьллехь, церах цхьаъ экономист яра.

ШолгIа стаг: Тоннаш а, киланаш а хала тема ю, аьлла, хета суна балеринина.

ХIара шуна хезнарг «Зударийн логика» олучу Имеди телеканалехь ара йолчу самукъане программан цхьа кийсак ю. Цуьнан чулацам иштта бу. Телестуди чохь хуьлу къовсалуш шишша стагах лаьтташ йолу масийтта тоба.

Программа дIахьуш волчу хотту, масала, хьалхарчу шина стаге хIокху хаттарна жоп нийса далур ду, аьлла, хетий шуьшинна шайна къатийна йолчу шина зудчуьнга, олий. Хаттарш дIоггара хала дац.

Уьш а ду самукъадаккха Iалашо йолуш хIиттийна. Шина стагах лаьттачу тобано харжам бо нийса жоп лур ду зударша, я лур дац олий. ТIаккха схьагойту хIоттийна долчу хаттарна жоп луш, цу хаттарна тIехь ойла йеш вовше дагайолуш йолу ши зуда.

Цаьршима дуьйцург а ду вела вала дог доуьйтуш. Студи чохь белчерна жоп хууш ду.

Амма баханчу баттахь Гуьржийчохь гайта йолийна «Зударийн логика» олу программа цхьа ша-кепара нисйелла. Цуьнга хьажначаьрна хетарехь, иза зударшна тIехь делар Iалашо йолуш ю. Иза гуш ду зударшка луш долчу хаттаршка ладоьгIча а.

Къаьсттина гуьржашна ца тайнарг ду зударий, къайчу диванна тIе а хоьвшина, кара шампански олу чагIар чохь долу бокалаш а эцна Iаш хилар. Цхьаболчу телехьовсархошна хетарехь, цу гайтамо йоха йо телевизионехула суьрташ гайтаран кодекс, зударшна эшам а беш.

Сабедашвили Тамара Цхьанакхетначу къаьмнийн вовшахтохараллан цIарах «Зударий» олучу тобан Гуьржийчурча векалаллин стен-боьршаллехула долчу хаттаршкахула йолу хьехамча ю. Цу телегайтамо онда тохар дина гуьржийн зударшна, уьш дIоггара хьекъал доцуш болуш санна гойтуш, аьлла, хета цунна.

Сабедашвили Тамара: Цу гайтаман проблема ю иза цхьана зударшна эшам беш хIоттийна хилар. Ловзуш болчу божаршка хаттарш луш дац. Зударий бен бац цу тайпачу хьоле хIиттийнарш.

Нагахь санна хаарш, я хьекъал хилар къасто шу лууш далах, муьлхха а тобанаш хир ю, уьш божарех, я бееккъа зударех лаьтташ ялахь а, цхьадолу хIуманаш хууш, ткъа цхьадолу хIуманаш ца хууш. ТIаккха иза проблема хир яц. Амма кхузахь дерг кхин ду.

Гуьржийчурча зударша латкъамаш бо шайн бакъонаш мелла а къезиг ю юкъараллехь, бохуш. Хаза хилар а, оьзда хилар а, бераш дар а лакхара лоруш ду, бах цара, кхечу зударийн дикачу хIуманелла а.

Гуьржийчоь къаьсташ ю божарийн а, зударий а бакъонаш мелла а цхьатера хиларца луларчу Азербайджанах а, Эрмалойчоьнах а, Туркойн пачхьалкхах а. Амма доьзалехь хьийзор а, белхат1ехь харцонаш лар а долуш ду Гуьржийчохь а.

Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил ша зударшкахьара хилар гайта гIерташ хуьлу. Цо дуккха а зударий хIиттийна шен Iедалехь лаккхарчу даржашка.

Амма Гуьржийчохь розийн революци яьлла 10 шо кхочуш далахь а, зударийн хьал тодан къезиг хIума дина, аьлла, хета «Зударийн логика» программана критика йинчерах цхьаъ йолчу кинон а, театран а эксперт йолчу Хатиашвили Теона.

Хатиашвили Тео: Дукхахболчу гуьржийн божарша зуда тIеоьцуш ю хьежа хаза а йолуш, хIусамехь аьхналла хIоттош йолу тайнаг санна. Цул совдаьлларг, коьртаца болх бар а, хаарш хилар а, говзалла хилар а, иштта дIа кхин а, хьалха санна дукха
мехала доцу хIума хета царна.

«Зударийн логика» олуш долу телеловзар ХIолландехь юкъадаьккхина ду. Цуьнан аналогаш гойтуш ю дуккха а пачхьалкхашкахь, шайна юкъахь Оьрсийчоь а йолуш.

Гуьржийчохь и программа гойтуш йолчу Имеди телеканало тIе ца дитина шена дохкуш долу бехкаш, цу гайтамехь забаре хичаш ловш зударий хилла ца Iаш божарий а бу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG